- Нагахь (юкъахдиснарг вицваларна сужуд дан дезаш долу) суннат делахь, иза дан, аьлла, вухавоьрзур вац, нагахь цунна тIаьхьа йогIу парз-рукна ян волавеллехь, амма ша цунна вицваларна сужуд дийра ду.
- Ткъа, (нагахь юкъахдиснарг, юкъахдисарна сужуд дан дезаш доцу) суннат делахь, юкъахдисиначул тIаьхьа и дан, аьлла, вухаваха а ца веза, я цунна вицваларна сужуд дан а ца оьшу.
Маса ракаIат дина те, аььла, шеко кхоллаелча, билггал дагадохучу тIера дIа дийра ду (шен ламаз), иза – (шеко йолучу шиннах) лахарниг ду. Вицваларна сужуд дан а деза цо.
Вицваларна
сужуд дар суннат ду. Ткъа и дан дезаш йолу меттиг - салам далале хьалха ю.