21-ГlА ДАКЪА
[ЛАМАЗАШ ДАН ХЬАРАМ ДОЛУ ХЕНАШ]
пхеа хенахь
ламаздар хьарам ду, муьлхха а бахьана хIоьттина ламаз доцург:
1. Iуьйран-ламаз
диначул тIаьхьа а, малх схьакхетталца.
2. Малх схьакхетачу
хенахь а, буьззина схьа а кхетта, гоьмукъан барамехь айабаллалца.
3. Малх гIушлакхе
баьлча а, бузехьа охьакарчаболлалца.
4. Малхбузан-ламаз
диначул тIаьхьа а, малх дIабуззалца.
5. Малх
чубузучу хенахь а, малх дIабуьзна баллалца.