Имамо ламаз дечу маьждигчохь, (имаман) ламазах дерг гуш-хууш волучунна миччанхьа д1ахIоьттина, (цунна тIаьхьа) ламаз дан мегаш ду, цулла а и хьалхацаваьлчахьана. Нагахь (имам) маьждигчохь а волуш, тIаьхьахIоьттинарг маждигал арахьа, амма (маьждигна) уллохь велахь, иштта шен иманан ламазах дерг гуш-хуучу хьолехь а велахь, (оцу имамана а, цунна тIаьхьахIоьттиначунна а) юкъахь дуьхьало а яцахь, тIаккха а мегаш ду.
(Имам а,
тIаьхьахIоьттинарг а) вовшийн
гена-уллохь хиларан барам, герггарчу хьесапехь кхо бIе даларца къастош бу.