23-ГlА ДАКЪА
[ЛАМАЗ ДАЦДАР А, ТIЕТТIАОЗОР А]
Некъахочунна, диъ ракаIат ламазаш, дацдан мегаш ду, пхи бехкам кхочуш хилчхьана:
1. Цо арабаьккхинарг
Iеса некъ ца хилар.
2. Цо
арабаьккхиначу некъан бохалла ялхитта фарсах1 хилар.
3. Дийриг хан тIехIоьттина долу диъ
ракIат ламаз хилар.
4. Ламаз доьхккушехь
дацдан нигат дина хилар.
5. ЦIахь волчунна тIаьхьа хIоьттина ца хилар.
Некъахочунна магош ду делкъан а, малхбузан а ши ламаз тIеттIаоьзна дан, цаьршиннан шена луъчуьнан хенахь. Иштта маьркIажниг а, пхьуйраниг а, цаьршиннах шена луъучуьнан хенахь.
ЦIахь волучунна а магош ду догIа догIучу хенахь и
шиъ тIеттIаоза, амма цаьршиннах хьалхарчуьнан хенахь.
___________________
1.
82.5 к.м.