Рузбан-ламаз даран
бехкамаш кхоъ бу:
1. (Рузбан-ламаз
доьхкуш йолу меттиг) я гIала, я юьрт
хилар.
2. (Рузбанехь) рузба
дан дезаш болучех шовзткъа стаг хилар.
3. Хан дIаяланза хилар.
Ткъа, нагахь
хан тиллехь, я лакхахь бийциначу бехкамех цхьа бехкам боцуш балахь, делкъан-ламаз
дийра ду.
Рузбан-ламазан парзаш
кхоъ ду:
1. Ирахь шиъ
хутIба дешар, цаьршиннан юкъахь охьа а хууш.
2. (Рузба) ши
ракаIат дар.
3. ЖамIатехь
дар.
Рузбан-ламазан
диъ суннат ду:
1. Лийчар.
2. ДегI дIацIандар.
3. ТIе кIайн духар дохар.
3. МIараш хедор.
4. Хаза хьожа
йохург тохар.
ХутIба дечу
хенахь, къамел а ца деш, сацар суннат ду. Ткъа, имам хIутIба деш а волуш, (маьждиг)
чу веанарг, дайн ши ракаIат суннат ламаз а дина, тIаккха охьахуур ву.