26-ГlА ДАКЪА
[МАЛХ А, БУТТ А ЛАЦАРАН ЛАМАЗ]
Малх а,
бутт а лацаран ламазаш дар - чIагIдина
суннат ду. Ткъа нагахь и (ши ламаз хенах) тиллехь, доькхуш дан дезаш а дац.
Малх лацарна а, бутт лацарна а шишша ракаIат дийра ду, хIора ракаIатехь шозза хьаланисвалар а долуш. Цу шина (а ракаIатехь доьшург) дехха доьшур ду. Шиъ рукуI дийра ду, оцу шина (а рукуIехь) дехха тасбихь дийра ду. Ткъа сужуд деха дахдийра дац. (Ламаз
диначул) тIаьхьа, шиъ хутIба дийра ду. Ткъа малх
лацаран (ламазехь) доьшург дагахь доьшур ду. Бутт лацаран (ламазехь) доьшург чIогIа доьшур ду.