«Я АллахI! Къинхетаман догIа делха де Ахь тхуна! Iазап дохьу догlа ма делхаде Ахь тхуна, хIаллакден, бала бохьу, (хlусамаш) йохош долу, (тхо) буха хьон долу догIа ма делхаде Ахь тхуна! Я АллахI! Лаьмнийн баххьашка а, баьрзнашка а, диттийн кхуьийлашка а, тогlенашка а даийта Ахь. Я АллахI! Тхуна гонаха даийта Ахьа, тхуна тlе а ца делхош. Я АллахI! ДогIа ло Ахь тхуна, хьалха дохуш, тамехь, аьхна, ялта хьекъош, лаьттах дулуш, массанхьа кхочуш, шортта, кхачанза меттиг ца буьсуш, (дерриг латта) дlалоцуш, (эшначу хенахь) къематде кхаччалца хедан доцу. Я АллахI! Догlа ло Ахь тхуна, хьайн къинхетамах дог дуьллучарех а ма де Ахь тхо. Я АллахI! Лайшкахь а, шахьаршкахь а хало а, мацалла а, гlийла хьал а дукха, Хьоьга ца далхийча тхан и далхо кхин агlо а боцуш. Я АллахI! Ялта далийта Ахь тхуна, тхан даьхнийн шаннаш а дуза Ахь шуьрех, стиглара беркаташ диссаде Ахь тхуна, лаьттара беркаташ даха Ахь тхуна хьала, баланаш а айде Ахь тхуна тIера дlа, уьш дlаайдан Хьо воцург кхин цхьа а воцуш долу! Я АллахI! Хьоьга тхайна гечдар доьху оха, хьунда аьлча, Хьо ма вай дериггена а гечдийриг, токхе догIа даийта Ахь тхуна».
Доьлхучу (догIанан
хи гулделлачу) чlажахь лийчар (суннат ду). Ткъа стигал
къевкъича а, ткъес тоьхча а тасбаьхьа даккхар (суннат) ду.