28-ГlА ДАКЪА
[КХЕРАМАН ЛАМАЗАН КУЦ-КЕП]
Кхераман ламаз
(хьелашка хьаьжжина) кхаа кепара деш ду:
Хьалхарниг: Нагахь мостагI къилба долчу агIор вацахь: хIета имамо шина
тобане доькъур ду (эскар). Ткъа цхьа тоба мостагIчунна дуьхьала (гIаролехь) соцур ю, ткъа шолагIа тоба имаман тIаьхьа хIуттур ю. Ткъа оцу шена тIаьхьа хIоьттинчу тобанца цхьа ракаIат
ламаз дийра ду цо, цул тIаьхьа (дисина ламаз) ша-шаш тIе а дина, мостагIчунна дуьхьал (гIароле хIитта) дIагIур бу уьш.
ТIаккха (гIаролехь сецна хилла) тоба тIейогIур ю, ткъа (имамо) цаьрца а цхьа
ракаIат дича, цара шайн диснарг ша-шаш тIедийра ду, тIаккха (имамо) цаьрца цхьана салам луш, ламаз дерзор ду.
ШолгIаниг: Нагахь мостагI къилбехьа валахь: ткъа имамо шина могIаре
дIа а хIиттийна, царна хьалха ваьлла, ламаз доьхкур ду. Имам суждане охьавоьдучу
хенахь, шиннах цхьа могIа цуьнца цхьана суждане гIура бу. Ткъа важа могIа - ирахь, царна гIаролехь лаьттар бу. Имам сужданера хьала нисвелча, (гIаролехь лаьттинарш) сужда а дина, шайн имамана тIаьхьакхуьур бу.
КхоалгIаниг: Нагахь уьш чIогIачу кхерамехь балахь: боьдуш тIом болуш: хIоранно а шен тароне хьаьжжина дийра ду ламаз,
гIаш а, дойшкахь а, къилбехьа вирзина а, цига верзанза а.