Докъан ламаз
дечу хенахь доьазза «АллахIу акбар» ала
деза:
- Хьалхара акбар
аьлча, «фатихьа» доьшур ду.
- ШолагIа акбар
аьлча, Пайхамарна, АллахIера салват, салам хуьлда цунна, «салават» дуьллур ду.
- КхоалгIа акбар
аьлча, веллачунна хIара доIа дийр ду:
«Я, АллахI! Хьан лай а, Хьан шина лен воI а ву-кх хIара, дуьненан паргIатонах а, шена
дезачух а, ша везначарех а къаьстина, кошан бодане а, ша кечдиначуьнга а вирзина
хIара. Тоьшалла деш вара хIара Хьо бен кхин Дела цахиларца, цхьа а накъост воцуш, цхьаъ Хьо хиларца,
иштта (тоьшалла деш вара хIара) Мухьаммад Хьан лай а, Хьан элча а хиларнца а.
Ткъа Хьуна и тхуначулла а диках хаьа. Я, АллахI! Хьуна тIе хьаша воьссина и, хьаша тIе
вуссучарех уггаре а диканиг вар-кха Хьо. Хьан къинхетаме хьашт ву-кха иза, ткъа
Хьо цунна Iазаб ца дала йиш ерг а вар-кха. Хьоьга деха даьхкина тхо, цунна шапаIат хиларе сатуьйсуш. Я, АллахI! Нагахь и диканхо хиллехь
– диканашкахь сов ваккхахьа иза, нагахь иза вон хиллехь, гечдехьа кхунна. Хьайн
къинхетамца, Хьуо реза хилар лохьа цунна, кошан питнеха а, цуьнан Iазапаха а хьалхаваккхахьа и, каш шордехьа цунна, агIонашкара латта гена а даккхахьа цунна. Хьайн къинхетамца Хьайн
Iазабах кхерамзалла а лохьа цуунна, Айхьа цхьа а кхерам боцуш Хьайн Ялсамане кхачаваллалц,
ХIай массарал а Къинхетамениг».
ДоьалгIа акбар аьлча,
хIара доIа дийр ду: «Я, АллахI! Цуьнан йалах ма даха ахь
тхо, (иманах а) ма дохаде Ахь тхо цул тIаьхьа, цунна а, тхуна а гечде Ахь».
ТIаккха салам лур ду.
Цул тIаьхьа лахьтичу вуьллур ву велларг, къиблехьа а верзош. Корта
хьалха а болуш, меллаша а озош кошан чуозор ву и. Ткъа и лахьтичу вуьллучо эр
ду: «БисмиллахIи ва Iала миллати расулиллахIи!». Коша чохь охьа а вижош,
дIанисвийра ву и. Каш стеган локкхаллин барамехь лекхий, шораллин бараехь
шуьйрий кечдиначул тIаьхьа.
Кошан барз чIапа бийра бу, цунна тIехь цхьа а тайпа гIишло ян мегар дац, я хьаха а мегар дац и (я кир хьекха а мегар дац цунна тIе).
Веллачунна велхарх хIума дац, тийжа а ца тийжаш, кучамийн ходанаш (чет) ца этIош вилхичхьана.
И дIавоьллинча тIера дIа кхаа дийнахь кадамаш бийра бу цуьнан гергарачаьрга. Ши
адам цхьаьна коша а дуьллур дац, диллаз ца долуш хьашт хилахь бен.