37-ГlА ДАКЪА
[ЯЛТАШНА А, СТОЬМАШНА А ТIЕРА ЗАКАТ ДАККХАР]
Ялташна а,
стоьмашна а тIера закат даккха догIу барам пхеа
вускъан тIера дIаболало. Ткъа иза - Iиракъан эзарий ялх бIе геркане нисло. Цул сов даьллачунна тIера (лакхарчу барамца лерина) дала
кхачош доллу дакъа дала деза. Нагахь и (ялта) догIанан хишца, я татолан хишца кхиъна
далахь – цу тIера уьтталгIа дакъа даккха догIу. Нагахь (ялташна)
хиш хи тухучу чкъургаца а, тIекхехьарца а дехкина далахь – уьтталгIа декъан ах дакъа дала догIу. Нагахь цунах ах (догIанан, татолан) хишца, ткъа важа ах
(тIекхехьна долу) хиш дохкуш кхиъна далахь – уьтталгIа декъан деа декъах кхоъ дала догIу.