124-гIа дакъа
ЦIоькъалоьман цIоканаш меттанашна тIетасар а, (уьш тIетесна нуьйра йолучу муьлххачу а) тIехуучу дийнатана тIехаар а дихкина хилар
811. МуIавийата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(ТIетийсина) дареш я цIоькъалоьмийн (цIоканаш йолучу нуьйрашна) тIе ма ховша» (хIара хьадис «хьасан» даржехь йолучу иснадаца далийна Абу Дауда: 4129, Тирмизис, Насаис).
812. Абу ал-Малихьа дийцина, шен дас (АллахI реза хуьлда цунна) дийциначунна тIе а тевжина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) доьхкура акхаройн (акхачу дийнатийн) цIоканех (пайдаэцар)» (хIара хьадис «сахьихь» йолучу иснадаца далийна Абу Дауда: 4132, Тирмизис: 1771, Насаис: 7-176).

