122-гIа дакъа
Стегаршна дарин бедарш лелор, (дарин хIуманна) тIе охьаховшар, цунна тIетовжар хьарам хилар а, зударша (дарин духарш) лелон мегаш хилар а
804. ХаттIабан кIанта Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ТIехь дари ма леладойла аша. Боккъалаъ, хIокху дуьненахь и лелийначо эхартахь тIедухур долуш дац и» (Бухари: 5830, Муслим: 2069).
805. ХаттIабан кIанта Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Дари леладо - шена (эхартахь диканан) дакъа доцучо» (Бухари: 5835, Муслим: 2068).
Бухарис далийначу цхьана кхечу хьадисехь а ду, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «…эхартахь шена дакъа доцучо».
806. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дуьненахь дари доьхначо - эхартахь духур дац» (Бухари: 5832, Муслим: 2073).
807. Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гира суна, дарин (кийсак) схьа а эцна - иза шен аьтту куьйга а лаьцна, дешин (бIелиг) схьа а эцна - иза шен аьрру куьйга а лаьцна. ТIаккха элира цо: «Боккъалаъ, хIара шиъ хьарам ду сан умматан божаршна»» (дика иснад а йолуш, Абу Дауда далийна хьадис ду).
808. АшIарерчу Абу Мусас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дарин бедарш а, деши а (лелор) хьарам дина сан умматерачу божаршна, ткъа зударшна - хьанал дина» (Тирмизи: 1720, цо аьлла хIара хьадис «сахьихь, хьасан» даржехь ду).
809. Хьузайфа (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тхуна дихкира дешин а, детин а пхьегIин чуьра малар, дарийлахь а, (дарин буха тIехь диначу) кIадийлахь а лелар, (оцу тайпаначу кIадешна тIе) охьаховшар а» (Бухари: 5632).