186-гIа дакъа
Моллалла кхайкхаран дозалла
1033. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нахана хиъча моллалла кхайкхаран а, (жамаIат-ламазехь) хьалхарачу могIаре хIоттаран а (ял мел йоккха ю) - пхерчашкахула кхажтасар боцург кхин некъ ца карийча а (моллалла кхайкхарехь а, хьалхарачу могIарера меттиг дIалацарехь а хьалхе яккха), билггал, и дийр ма дара цара! Царна хиъча хьалххе ламазе вахарехь (йолу ял) - билггал, хьалхабовларах къуьйсуш, сихлур ма бара уьш цига! Царна хиъча суьйренан а, Iуьйренан а ламазашкахь (дакъалоцучунна хуьлуш йолу ял) - билггал, богIур ма бара уьш (и ламазаш маьждигехь дан), шаьш (цига) текхаш бахка безаш хилча а!» (Бухари: 615, Муслим: 437).
1034. МуIавийата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Къематдийнахь массо нехачул еха вортанаш хир ю муаззинийн» (Муслим: 387).
1035. IабдуллахI бин Iабдуррохьман бин Абу СаIсаIата дийцина, Абу СаIид ал-Худрис элира шега аьлла: «Боккъалаъ, жа а, гIум-аре а езаш гуш ву суна хьо. Хьо жехь (я гIум-аренгахь) волучу хенахь, хьо ламазна моллалла кхойкхуш - чIоггIа аз а айдеш, кхойкхуьйла хьо моллалла, хIунда аьлча, боккъалаъ, моллалла кхойкхучуьнан аз хезар долуш ма дац я жинна а, я адамна а, я муьлххачу кхечу (кхолламна) а - оцу хьокъехь цара къематдийнахь тоьшалла дийр долуш бен» (Бухари: 609).
1036. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ламазе кхайкхам болабелча - кхойкху (моллалла) цахазархьама шайтIа юхадолу, маьхьарца мехаш ара а хоьцуш. Моллалла кхайкхина ваьлча - (юха а) тIегIоьрта иза. Ламазна къамат дечу хенахь - (юха а) юхадолу иза, къамат дина даьлча - (юха а) тIегIоьрта иза. Стагана а, цуьнан синна а юккъе а хIуттий - цунна тIе хIусдаран дуьхьа, цо олу: «Дагадаийта хьайна хIара-иза, дагадаийта хьайна хIара-иза» - вукхо (ламазе хIоттале хьалха) и дагадаийта (ойла йина а) йоцуш долу. (И хIума леладо шайтIано) - стаг, воха а вина, ша мел (ракаIат) ламаз дина а ца хууш, виссийтаран дуьхьа» (Бухари: 608, Муслим: 389).
1037. IабдуллахI Iамр бин ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Шайна моллалла кхойкхуш хезча - аша а ала моллалла кхойкхучо олуш дерриг. Цул тIаьхьа къинхетам беха суна АллахIе (я салават дилла суна). Боккъалаъ, суна цхьа салават диллина волучунна - АллахIа цунна дуьхьал иттазза салават дуьллур ду. Цул тIаьхьа АллахIе доIа де суна - со «василе» кхачавар (доьхуш), АллахIан лайх цхьана лайна а бен хила йиш йоцуш йолучу. Ткъа и лай со хиларе догдогIуш а ву со. Суна «василат» дехначунна - билггал, сан шапаIат хир ду» (Муслим: 384).
1038. Абу СаIийд ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шайна ламазе беш кхайкхам хезча - муаззина олуш дерриг тIаьхьара ала» (Бухари: 611, Муслим: 383).
1040. СаIд бин Абу Ваккъаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Моллалла кхойкхуш хезча (хIара дешнаш) аьллачунна: «Аса тоьшалла до: цхьа АллахI воцург кхин дела цахиларца, Шеца накъост а воцуш, Мухьаммад Цуьнан лай а, Цуьнан элча а хиларца. Со резахили: АллахI сайн Дела хиларна, Мухьаммад сайн элча хиларна, Ислам сайн дин хиларна» («АшхIаду ан ла илахIа иллаллохIу вахьдахIу ла шарика лахI, ва анна Мухьаммадан IабдухIу ва расулухIу. Родийту биллахIи роббан, ва би Мухьаммадин расулан ва бил ислами динан») - цуьнан къиношна гечдийр ду» (Муслим: 386).
1041. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Моллалла кхайкхарний, къамат дарний юккъехь дина доIа - жоп даланза юхатухуш дац» (Абу Дауд: 521, Тирмизи: 212, цо аьлла хIара «хьасан» дарж долуш хьадис ду).