39-гIа дакъа
Лулахочуьнан бакъонаш а, оцу хьокъехь дина весет а
«Iибадат де АллахIана, Цуьнца накъостий а ма нисбе. (Дика а де) дена-нанна, гергарачарна, боберашна, къехошна, шайн гергарачу а, иштта гергара боцучу а лулахошна, некъахочунна уллохь волучу накъостана, некъахочунна, йийсархошна (гIарбашна а, лайшна а)» (ан-Нисаъ: 36).
303. Ибн Iумара а, Iайшата а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Жабраил (малек) суна хьехар дечуьра ца сецира - лулахочуьцна дика юкъаметтиг лелон езаран хьокъехь, сел цо иза сайн верасашна юкъавалор ву а мотталуш!» (Бухари: 60I4-60I5, Муслим: 2624-2625).
304. Абу Зарра (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира (соьга): «ХIай, Абу Зарр! Айхьа жижиг кхехкочу хенахь - алсамо хи тоха цунна тIе, хьайн лулахойн гIайгIа бе (дакъа де)» (Муслим: 4/2025).
Муслима далийна долучу оццу хьадисан кхечу ривайатехь дийцина, Абу Заррас элира аьлла: «Суна дукхавезначу сан доттагIчо (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) весет дира соьга: «Айхьа жижиг кхехкочу хенахь - тIе алсамо хи тоха, тIаккха, хьайн лулахошкахь (хIун хьал ду а) хьажий, дан ма-деззара дакъа де царна»».
305. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) мохь туххуш элира: «Аса дуй буу АллахIах: иман диллина ма вац! Аса дуй буу АллахIах: иман диллина ма вац! Аса дуй буу АллахIах: иман диллина ма вац!». Цхьамма хаьттира (цуьнга): «Мила, хIай, АллахIан элча?». Цо жоп делира: «Шегарачу зенах шен лулахо кхерамазаллехь (тешамехь) воцург!»» (Бухари: 6016, Муслим: 46).
Муслиман ривайатехь ду: «Ялсамане гIур вац - цуьнан лулахо цуьнгарачу зенах кхерамазаллехь (тешамехь) воцу (стаг)».
306. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIай, бусалба зударий! Цхьана а лулахочунна шен лулахочунна (дика дарехь цхьа а хIума) кIеззиг (тIаламаза) ма хоьтуьйла - (яла леринарг) уьстагIан берг бен яцахь а» (Бухари: 2566, Муслим: 1030).
308. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIах а, къематдийнах а тешачо - шен лулахочунна зен ма дойла. АллахIах а, къематдийнах а тешачо - шен хьаша ларамца, дика тIеоьцийла. АллахIах а, къематдийнах а тешачо - дика хIума олийла я вист ма хуьлийла иза» (Бухари: 6018, Муслим: 48).
309. Абу Шурайхь ал-ХузаIис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIах а, эхартан дийнах а тешаш волучо - шен лулахочунна дика дойла. АллахIах а, эхартан дийнах а тешаш волучо - шен хьаша ларамца тIеоьцийла. АллахIах а, эхартан дийнах а тешаш волучо - муьлхха а цхьа дика хIума олийла я вист ма хуьлийла иза» (оцу кепара и хьадис дийцинарг Муслим ву: 48, ткъа Бураис дуьззина а доцуш даладо и: 6019).
310. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) аса хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Сан ши лулахо ву, ткъа совгIат хьанна ло аса цаьршиннах?». Цо жоп делира: «Шен неI хьайна герга йолучунна ло»» (Бухари: 6020).
311. IабдуллахI бин Iамра (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хулда цунна) элира аьлла: «Сийлахь-Везачу АллахIана гергахь дикаха накъост - массарел а шен накъостана дикаха верг ву, ткъа Сийлахь-Везачу АллахIана гергахь дикаха лулахо - шен лулахочунна дикаха верг ву» (Тирмизи: 1945, цо аьлла хIара «хьасан» даржехь хьадис ду).