18-гIа дакъа
Керла юкъадаьхнарш (бидаIаташ) а, керла хIуманаш (кхоллар) а дихкина хилар
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Бакъонал тIаьхьа хIун хила тарло - тилар доцург?» («Юнус», 32).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Жайнахь цхьа а хIума юкъах дитина дац Оха» («ал-АнIам», 38).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Шайн муьлхха а цхьана хIумангахь къовсам хилахь - АллахIе а, элчане а даккха и» * («ан-Нисаъ», 59).
* Вуьшта аьлча: «КъурIане а, Суннате а даккха и».
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Боккъалаъ, хIара - Сан нийса некъ бу. Оцунна тIаьхьадаза шу, и боцучу кхечу некъашна тIахьамадаза шу, хIунда аьлча (оцу некъаша) Цуьнан новкъах тилор ду шу» («ал-АнIам», 153).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Нагахь шайна АллахI везахь - суна тIаьхьадаза. ТIаккха АллахIана шу а дезар ду, шун къиношна геч а дийр ду Цо» («али-Iимран», 31).
Иштта кхин дуккха а ду хIокху декъана догIу аяташ. Хьадисех дерг аьлча, ткъа уьш дукхе дукха ду. Дика гIарадевлла а ду уьш. Царех цхьадолучарех тоам бийр бу вай.
169. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «ХIокху тхан гIуллакхехь (бусалба динехь) цуьнах доцург юкъадаьккхиначуьнгара - иза (юкъадаьккхинарг) тIеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)» (Бухари: 697, Муслим: 1718).
Оцу хьадисан Муслиман риваятехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Цхьамма тхан гIуллакхаца (бусалба динаца) цхьаьна ца догIуш долу муьлхха а цхьа хIума дахь - иза тIеоьцур долуш дац (къобалдийр дац)».
170. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (нахана) хьехам бечу хенахь - бIаьргаш цIийлора цуьнан, аз а айлора чIогIа, оьгIазалло а чIагIлора. (МостагIийн) эскар гергагIортар дIахьедеш волуш санна, цо олура: «МостагI Iуьйранна вогIур ву шуна!» (я «МостагI суьйранна вогIур ву шуна!»). (Пайхамара (АллахIера къинхеьам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «(Нахе пайхамар а вина) ваийтина со - со а, къематде а хIара шиъ санна гергадеача!» - шен хьажон пIелг а, юккъера пIелг а вовшах а тухуш. Цо элира: «Цул тIаьхьа, боккъалаъ, уггаре а дика къамел - АллахIан Жайнахь (дерг ду), уггаре а дика куьйгалла – Мухьаммадан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) куьйгалла ду, уггаре а вон гIуллакхаш - керла юкъадаьхнарш ду. ХIора керла юкъадаьккхинарг – тилар ду!». ТIаккха элира цо: «Делах тешначу хIоранна а герга ву со - цуьнан шен сил [1]. Муьлхха а цхьамма шена тIаьхьа муьлхха а цхьа бахам битинехь - иза цуьнан доьзале (берза безаш) бу. Шена тIаьхьа декхар я таро йоцу гергаранаш битинарг – суна тIе ван веза иза, (церан гIайгIа бан безарг) со ву» (Муслим: 867).
ХIокху декъана догIуш ду Iирбад бин Сарийас (АллахI реза хуьлда цунна) «Хаддаза Суннатана тIегIерта везаран декъехь» дийцина хьадис.

