27-гIа дакъа
Бусалба нехан бехкаллаш ларъяр а, церан бакъонаш кхетор а, царех доглазар а, цаьрца къихетаме хилар а
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«…АллахIан бехкамаш лийринарг[1] - шен Далла хьалха шена дикаха дерг деш ву» («ал-Хьаж», 30).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«АллахIан Iадатан билгалонаш лийрина верг - дегнаш Делах кхерарна ду и» («ал-Хьаж», 32).
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Муъма нахана хьалха охьадахийта хьайн тIемаш» («ал-Хьижр», 88).
Сийлахь-Везчу АллахIа аьлла:
«… Нагахь муьлхха а цхьамма, стаг верна а я лаьтта тIехь хьарамлонаш[2] яржорна а доцуш, стаг вийнехь - берриге нах байъича санна ду. Стеган дахар дендиначунна[3] - берриге нехан дахар дендича санна ду» («ал-Маида», 32).
222. Абу Мусас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, вовшашца йолучу (юкъаметтигехь) муъма нах (цхьана) гIишлох тера бу, къаьст-къаьстина долучу дакъоша вовшийн чIагIдеш йолучу». (Иза а аьлла, шен шина куьйган) пIелгаш (дуьхь-дуьхьала) чучча доьхкира цо» (Бухари: 2026, Муслим: 2585).
223. Абу Мусас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шегахь пхерчий а долуш тхан маьждигашна я базаршна тIех (юккъехула) волуш волучо - церан ира боьхьигаш кара лоцийла я буйна духкийла - цаьрца бусалба нахах цхьанненна а чов ца ян» (Бухари: 452, Муслим: 2615).
224. НуIман бин Башира (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Вовшашка болучу безамехь а, къинхетамехь а, вовшех доглазарехь а муъма нах (цхьана) дегIах тера бу: цуьнан (цхьа) меже цомгаш хилча, (и бахьанехь) наб ца кхеташ а, хорша оьхуш а, дерриге дегIо бала хьоьгуш а долучу» (Бухари: 2011, Муслим: 2586).
225. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iелин кIантана Хьасанна[4] (АллахI реза хуьлда цаьршинна) барт баьккхира, иза волучохь АкъраI бин Хьабис а волуш. Ал-АкъраIа элира: «Боккъалаъ, итт кIант ву сан, амма цкъа а царех цхьанненна а барт баьккхина-м бац аса». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цуьнга а хьаьжна, элира: «Къинхетам бийр болуш бац - ша (кхечаьрца) къинхетаме воцучух!» (Бухари: 5997, Муслим: 2319).
226. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу баьхкиначу акхачу Iаьрбойх цхьана наха хаьттира: «Шайн берашна барташ доху аша?»[5]. (Царна) жоп делира: «ХIаъ». Цара элира: «АллахIах чIагIо ма йо оха, оха-м ца доху (царна) барташ». (И цара аьлларг хезначу) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «АллахIа шун дегнаш къинхетамах даьхна хилча - ткъа соьга муха (берзалур бу и шуна юха)?!» (Бухари: 5998, Муслим: 2317).
227. Жарир бин IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа къинхетам бийр болуш бац - нахаца къинхетаме воцучух» (Бухари: 7376, Муслим: 2319).
228. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух муьлхха а цхьамма нахаца ламаз дечу хенахь[6] - дайдойла цо иза царна[7], хIунда аьлча, боккъалаъ, царна юккъехь (хила тарлуш) бу гIийланаш а, цомгашберш а, къенанаш а. Ткъа шух муьлхха а цхьамма ша (цхьаъ хIоьттина) ламаз дечу хенахь - шена мел луъу деха дойла цо (шен ламаз)» (Бухари: 703, Муслим: 467).
(Оцу хьадисан) кхечу ривайатехь (дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) иштта элира аьлла): «…гIуллакхаш долуш берш а…».
229. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), (цхьацца йолу) дика Iамал[8] яр кест-кеста дуьтура, шена и (Iамал) яр деззашехь а - изза кхечу наха а ян а йолийна, цул тIаьхьа и царна парз а дина тIедилларах ларлуш[9]» (Бухари: 1128, Муслим: 718).
230. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), нахах къахетарна, царна хаддаза марханаш кхабар дихкиначу (хенахь), цара элира: «Ткъа, хьо ма ву (и деш)!». Оцу хьокъехь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Боккъалаъ, шу санна вац со, хIунда аьлча сан Дала хIума яош а, малош а ву со» * (Бухари: 1964, Муслим: 1105).
* И бохург: «Йиъначуьнгахь а, меллачуьнгахь а хуьлуш болу ницкъ бу суна луш».
231. Абу Къатадата ал-Хьарис бин РибIис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, ламазе ма хIутту со - дехха иза дан а лууш. Амма беран делхар хезча - дац до аса сайн ламаз, цуьнан нанна хало ян ца лууш» (Бухари: 707).
232. Жундуб бин IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Iуьйра-ламаз динарг[10] - АллахIан гIоьнна кIеллаьцна ву. Ткъа АллахIа Шен гIоьнна кIеллацарах хIумма а яц шуьга йоьхур йолуш, хIунда аьлча, боккъалаъ, Цо шен гIоьнна кIеллацарах муьлхха а цхьа хIума дехнарг - Цо лоцур а ву, тIаккха юьхьа тIе жоьжагIатина чу а вуллур ву иза» (Муслим: 657).
233. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бусалба - бусалбан ваша ву. Ткъа цунна гIело ян (ца мега) цо, я цунна ямартвала а ца мега иза. Шен вешина хьаштехь (гIодина волучунна) - цуьнан хьаштехь АллахIа цунна а дийр ду (гIо). Бусалба (цхьана) гIайгIанех хьалхаваьккхинарг - и бахьанехь АллахIа къематдийнан цхьана гIайгIанах хьалхавоккхур ву. Бусалба хьулвинарг - къематдийнахь АллахIа хьулвийр ву» (Бухари: 2442, Муслим: 2580).
234. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Бусалба - бусалбан ваша ву. Я цунна ямартвала (йиш а яц) цуьнан, я цунна аьшпаш ботта а, я гIо ца деш (иза тесна) вита а. ХIора бусалбанна (бехке хила дезаш ду) кхечу бусалбан сий а, бахам а, дахар (цIий) а. Ткъа Делах кхерар кхузахь[11] хьулдина ду. Стага зен-зулам дина хила тоьуш ду - иза шен бусалба вешех цавашар»[12] (Тирмизи: 1928. Цо аьлла хIара «хьасан» даржехь хьадис ду).
235. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Вовшашца хьаьгIнаш ма леца. Мах барехь вовшийн ле ма де (мехаш хьала ма даха *). Вовшашна оьгIазъэхар дита. Вовшашна баккъаш ма дета **. Вовшийн мах ма бохабе (юкъа а эккхий, хIума ма эца)[13]. Вежарий хила шу, хIай, АллахIан лайш! Бусалба стаг - бусалба стеган ваша ву. (Бусалба нахах цхьаммо) вукху (бусалба стагана) гIело ян йиш яц, цуьнах ца ваша йиш яц, иза гIо доцуш вита йиш яц цо. Ткъа Делах кхерар кхузахь ду» – пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхузза (шен куьйга) шен накха гайтира. (Цул тIаьхьа элира цо): «Стаг вон хила (кхин хIумма а ца оьшуш) тоаме ду-кха – иза шен бусалба вешех цавашар. ХIора бусалба стагана бехке (хьарам хила дезаш ду) кхинволучу бусалба стеган дахар а, бахам а, сий а» (Муслим: 2564).
* «Мехаш хьаладахар» («ан-нажш») бохург – юхкучу хIуманан мехаш хьаладахар ду базарахь а, иштта йолучу кхечу меттигашкахь а, мохь а бетташ, ма-дарра аьлча, и стаг ша а и хIума эца гIерташ а воцуш. Цуьнан Iалашо - кхиниг Iехон гIертар ю, ткъа иза - хьарам дина ду.
** «Вовшашна баккъаш деттар» («ат-тадабур») бохург – стаг, букъ а тоьхна, дIатесна витар ду, букъа тIехьа йиссина йолу хIума санна.
236. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьа а Делах тешна (иман диллина) хир вац - шена дезарг шен (бусалба) вешийна а деззалц» (Бухари: 13, Муслим: 45).
237. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Хьайн вешина гIо де - гIело йийриг (зулам дийриг) иза ша велахь а, (цунна еш) гIело елахь а (зулам делахь а)». (И хезначу цхьана стага) хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Нагахь цунна еш гIело елахь-м гIо дийр дара аса цунна. Нагахь гIело йийриг иза ша велахь - гIо муха дан деза аса цунна?!». (Оцу хьокъехь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «ГIело ярах сацаве иза (я вухаваккха иза) - боккъалаъ, цунна гIолацар (хир) ду и» (Бухари: 2443).
238. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(ХIора) бусалба стагана тIехь долу бусалба стеган хьаккъаш пхиъ ду: салам схьаэцар, лазархочунна тIехIотта вахар, барам новкъа баккхар, кхайкхиначу вахар[14], хьоршам тоьхначунна диканиг лаар[15]» (Бухари: 1240, Муслим: 2162).
Оцу хьадисан Муслимехь долучу ривайатехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(ХIора) бусалба стагана тIехь долу бусалба стеган хьаккъаш ялх ду: хьо (бусалбанна) дуьхьал кхетча - салам ло цунга, цо хьо кхайкхинехь – цо (кхайкхиначу а) гIо, нагахь цо хьехар дар дехнехь - хьехар а де цунна, нагахь цо, хьоршам а тоьхна, АллахIана хастам бинехь - диканиг лаа цуна («АллахIа къинхетам бойла хьоьх!» ала), нагахь и цомгаш хилахь – тIе-хIотта а гIо иза волучу, нагахь иза лахь - (тIаьххьарачу новкъа а) ваккха иза».
239. Абу Iумарата ал-Бара ибн Iазиба (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ворхI хIума де (аьлла) омра дина тхоьга, (кхин) ворхI хIума дехка а дихкина. Цо омра дина тхоьга: цомгашниг волучу гучадовлар, (велларг тIехь волу) барам новкъа баккхар, хьоршам тоьхначунна диканиг лаар, чIагIо йина волучуьнан чIагIо кхочушъяр, гIелонехь (зуламехь) валлочунна гIодар, кхайкхиначо кхайкхиначу дахар, (нахе) маршалла хаттар (салам далар). Ткъа цо тхуна дихкира: дашон чIагарш лелор, детин пхьегIашна чуьра малар, цIен гIайбеш * а, ал-къасийй ** а лелор, иштта дари а, истабракъ а, дибаж а[16]» (Бухари: 1239, Муслим: 2166).
(Оцу хьадисан) кхечу ривайатехь дийцина, (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла)): «… яйнарг лехар а…» ***. (ХIара хьадис) далийначо дуьххьара (ягарйиначу) ворхI хIуманна тIе элира хIара дешнаш.[17]
* «ГIайбеш» («майасир») - бамбех я муьлхха а кхечу хIуманех дуьзина дарин гIайбеш ду уьш. Иштта болу гIайба говран я эмкалан нуьйрана тIебуьллуш бу, цул тIаьхьа оцунна тIе охьахуу бере.
** «Ал-къасийй» - вета (лён) а, дари а вовшах эдина кIади ду иза.
*** «Яйнарг лехар» бохург[18] – «йовзийтар» ду.
[1] Кхузахь дуьйцуш дерш - АллахIа хIиттийна хьаьждаран хьукманаш а, иштта Цуьнан дерриге бехкамаш а ду.
[2] Кхузахь дуьйцуш дерш - - ширк даржориг а, талораш дийриг а, ницкъ бийриг а, иштта дIа кхиндолу а зуламаш ду.
[3] Вуьшта аьлча: «Стеган дахар кIелхьарадаьккхиначунна».
[4] Хьасан – пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) йоьIан ПетIаматан а, Iелин а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) шина кIантах цхьаъ ву.
[5] Бусалба наха шайн берашна барташ дохуш гича, делла цара (акхачу Iаьрбоша) и хаттар цаьрга.
[6] Имаман метта.
[7] Вуьшта аьлча: «доца дойла цо иза царна», КъурIанера доц-доцийра сураташ а доьшуш.
[8] Кхузахь юьйцуш йолу дика Iамалш - масала, мархин баттахь буса тIедеш долу ламазаш а, кхиндолу навафил-ламазаш а ду.
[9] Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шега и дан а луш, нахана парз а дина тIедиллахь, дан гIора а доцуш уьш биссарах ларлуш.
[10] Кхузахь дуьйцург - жамаIатехь дина долу парз Iуьйра-ламаз ду. Оцу хьокъехь хилар хьахийна ду хIокху хьадисан Муслимехь долучу кхечу ривайатехь.
[11] Вуьшта аьлча: «дагна чохь».
[12] Вуьшта аьлча: бусалба стагах цавешаш волучо ша-шена деш ду зулам, доккха къа ду цо хьарчош дерг, хIунда аьлча КъурIано билгалдаьккхина ма ду - АллахIа а цхьана Адаман сий дина хилар.
[13] И бохург - эцархо а, йохкархо а шайна юккъехь мах буьйцуш а волуш, цаьршинна юккъе а гIортий, хIума ма эца бохург ду, цуьначул а борахчу мехах и санна йолу хIума ю сан, я оцу мехах цул а тоьлларг ю сан бохуш.
[14] Кхузахь дуьйцург - зуда ялийна той а, цуьнах тера долу тойнаш а ду.
[15] Вуьшта аьлча: «АллахIа къинхетам бойла хьоьх!» («ЙархьамукаллахI»!) алар ду и -нагахь хьоршам тоьхначо алахь: «Хастам бу АллахIана!» («Алхьамду лиллахI!»).
[16] «Истабракъ а, дибаж а» – дарин кIадин тайпанаш ду уьш.
[17] Вуьшта аьлча: бусалба нахе, де аьлла, омра дина долучу ворхI хIуманна тIе.
[18] Масала: байна уьстагI.

