155-гIа дакъа
Веллачуннна докъан ламаз дар, иза новкъа ваккхар, иза дIавуллучохь хилар, велларг тIаьххьарачу новкъа воккхуш зударий тIаьхьа база оьшуш цахилар
Велларг новкъа ваккхаран дозаллех лаьцна хIинцале а дийцина.
929. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Докъан ламаз даллалц тезетахь хиллачунна - цхъа къиратI ял хир ю, (велларг) дIаволлалц Iийначунна – ши къиратI». (Наха) хаьттира: «Ши къиратI хIун ю?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «ТIехбоккхачу шина ломах терра ю»» (Бухари: 1325, Муслим: 945).
930. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, АллахIах тешна а волуш, АллахIера йоле сатуьйсуш а волуш, бусалба стеган тезетахь, цунна докъан ламаз даллалц а, иза дIаволлалц а дакъа лаьцнарг – ши къиратI ял яьккхина вухавоьрзур ву, цаьршиннах хIора къиратI Ухьуд лам санна (йоккха) а йолуш. Ткъа цунна докъан ламаз а дина, иза дIаволлалц а ца соцуш юхавирзинарг - цхьа къиратI ял яьккхина вухавоьрзур ву» (Бухари: 47).
931. Умму IатIыййата (IатIыййатан нанас) (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Тхуна дихкина дара докъан барамаш новкъа дахар (я барамашна тIаьхьахIиттар), амма чIогIа чIагIдина дацара и» (Бухари: 1278, Муслим: 938).