156-гIа дакъа
Докъан ламазехь алссам наха дакъалацар суннат хилар, уьш кхаа могIаре а, кхин сов а дIахIиттор
932. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Муьлхха а - бусалба нехан шайн дукхаллехь бIенна тIе кхочуш йолучу тобано шена (докъан) ламаз дина верг, цара массара а цунна тIе а хIиттина (шапаIат) доьхуш верг – билггал, кхочушдийр ду церан цунна тIе а хIиттина доьху дехар (шапаIат)» (Муслим: 947).
933. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Нагахь муьлхха а бусалба стаг веллачул тIаьхьа цуьнан докъан барамна тIе шовзткъа стаг хIоттахь[1] - АллахIаца цхьа а хIума ширк ца деш болу (АллахI воцучунна цхьанненна а Iибадат ца деш болу) - цара цунна тIе а хIиттина дехна долу дехар (шапаIат), билггал, къобалдийр ду» (Муслим: 948).
934. Марсад бин IабдуллахI ал-Йазаннис дийцина: «Малик бин ХIубайрас (АллахI реза хуьлда цунна) ша докъан ламаз дечу хенахь, ламазе (хIиттон) нах кIезиг хилча, даима а уьш кхаа декъе боькъура. Цул тIаьхьа олура цо: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Кхаа могIано шена докъан ламаз дина волу (стаг), билггал, (ялсамане кхочур ву)» (хIара хьадис даладо Абу Дауда: 3166, иштта Тирмизис а: 1028, ша аьлла волучу хIара «хьасан» даржехь хьадис ду).

