143-гIа дакъа
Вовшахкхетча, вовшашка куьйгаш далар суннат хилар, иштта юьхь екхаелла хилар а, дикачу стеган куьйгах барт баккхар а, (дезарна а,) къахетарна а шен берана барт баккхар а, цIавоьрзуш волучу некъахочунна мараэккхар а, амма корта таIор дика цахилар
885. Абу ал-ХаттIаба КъатIадата дийцина: «(Цкъа) аса Анасе (АллахI реза хуьлда цунна) хаьттира: «АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабаша (салам лучу хенахь) вовшийн куьйгаш лоцурий?». Цо жоп делира: «ХIаъ»» (Бухари: 6263).
886. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Тхо долучу) йеменхой баьхкиначу хенахь АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Йеменхой баьхкина шуна, вовшашка дуьххьара куьйгаш делларш бу уьш»» (Абу Дауд: 5213, иснад «сахьихь» йолуш хьадис ду хIара).
887. Ал-Барра а (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АлахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шина бусалба стага, вовшах а кхетта, вовшийн куьйгаш лаьцча, - церан къиношна, билггал, гечдеш ду, уьш вовшах а къастале хьалха» (Абу Дауд: 5212).
888. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана стага хаьттира: «ХIай, АллахIан элча, тхоьх цхьа а охьатеIа везаш вуй шен вешина я доттагIчунна дуьхьал кхетча?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «ХIан-хIа». (Оцу стага) хаьттира: «Цунна мараэккха а, цунна барт баккха а оьший?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «ХIан-хIа». Оцу стага юха а хаьттира: «Ткъа цуьнан куьг лацар?». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делира: «ХIаъ» (Тирмизи: 2729, цо аьлла хIара «хьасан» даржехь хьадис ду).
889. Сафван бин Iассала (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «(Мухха а цкъа) цхьана жуьгтичо аьлла шен накъосте: «И пайхамар волучу вахийтахь вайша». Цул тIаьхьа шеа АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, исс бIаьрла билгалонех лаьцна хаьттира цаьршимма».
890. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) цхьа хьадис дуьйцучу юккъехь аьлла: «Тхо пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIедахара, цуьнан куьйгана барт а баьккхира оха» (Абу Дауд: 5223).
891. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) Зайд бин Хьарис Мединате вухавирзира. АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сан хIусамехь а волуш, цо неI туьйхира. Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (неIарехьа сихвелира), шена тIехьа шен бедар а текхош, цунна мара а кхийтира иза, цунна барт а баьккхира цо» (Тирмизи: 2733, цо аьлла хIара «хьасан» даржехь хьадис ду).
892. Абу Заррас (АллахI реза хуьлда цуна) дийцина, (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега элира аьлла: «ХIуъа хилча а (ШарIо) магош долу цхьа а (дика) хIума тидамаза ма дуьтийла ахьа - хьайн вешина тIекеречу (елакъежначу) юьхьаца дуьхьалкхетар и делахь а» (Муслим: 2626).
893. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Хьасибан кIант АкъраI волучохь Iелин кIантана Хьасанна (АллахI реза хуьлда цаьршинна) барт баьккхича, АкъраIа аьлла: «Боккъалаъ, итт кIант ву сан, амма аса (цкъа а) царех цхьанненна а барт баьккхина бац!». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Ша (кхечаьрца) къинхетаме воцучух къинхетам бийр болуш бац»» (Бухари: 5997, Муслим: 2319).

