133-гIа дакъа
Салам даларан гIиллакхаш (бакъонаш)
857. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дошлочо гIашлочуьнга (хьалха дала деза) салам, воьдучо - хиънаIаьчуьнга, къеззигчу (нахах тобано) - дукхахчаьрга» (Бухари: 6231, Муслим: 2160).
(Оцу хьадисан веккъа цхьана) Бухарехь (долучу) кхечу ривайатехь (дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьда цунна) иштта элира аьлла): «…Жимаха волучо воккхаха волучуьнга (хьалха дIадала деза) салам».
858. Абу Умамат Судайй бин Iажлан ал-БахIилийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, уггаре а АллахIана герга болу нах - (кхечаьрга) салам хьалха дIалуш берш бу» (хIара хьадис, дика иснад а йолуш, Абу Дауда далийна: 5197).
ХIара хьадис Тирмизис а (2695) даладо. Цуьнгахь, Абу Умамата элира аьлла, дийцина ду: «Цхьамма хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Ши стаг вовшахкхетча, оцу шиннах салам хьалха дIадала дезаш верг муьлханиг ву?». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «Сийлахь-Везачу АллахIана герга верг ву»» (Тирмизис аьлла «хьасан» даржехь хьадис ду хIара).

