132-гIа дакъа
Салам муха дала деза
Салам хьалха дIалуш волучо хIара алар суннат ду: «Ассаламу Iалайкум варохьматуллахIи вабарокатухI!» - хоьттина лелош йолу «Iалайкум» боху дукхаллин терахьехь цIерметдош лелош, шега салам луш верг цхьаъ бен вацахь а. Салам схьаоьцучо ала деза: «ВаIалайкум ассалам варохьматуллахIи вабарокатухI!» - «ваIалайкум» дашехь йолучу «ва» бохучу дозаран хуттургах пайда а оьцуш.
851. Хьусайнан кIанта Iимрана (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Цхьана стага, пайхмар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, элира: «Ассаламу Iалайкум!». (Оцу стага делла салам) схьаийцира цо, цул тIаьхьа иза (тIевеана стаг) охьахиира, ткъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), элира: «Итт». Цул тIаьхьа кхиниг веара, цо элира: «Ассаламу Iалайкум варохьматуллахI!». (Оцу стага делла салам) схьаийцира цо, тIаккха иза а охьахиира, ткъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), элира: «Ткъа». Цул тIаьхьа кхин цхьаъ веара, цо элира: «Ассаламу Iалайкум варохьматуллахIи вабарокатухI!». (Оцу стага делла салам) схьаийцира цо, цул тIаьхьа иза а охьахиира, ткъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), элира: «Ткъе итт»» (Абу Дауд: 5195; Тирмизи: 2690, цо аьлла «хьасан» даржехь хьадис ду хIара).
852. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) соьга элира: «ХIай, Iайшат! ХIан, хIара Жабраил ду, хьоьга маршалла хоьтту кхо!». Аса элира: «Ва IалайхIиссалам ва рохьматуллахIи ва барокатухI!»» (Бухари: 3768, Муслим: 2447).
Оцу хьадисан шина а «Сахьихь» жайнахь далош долучу цхьадолучу ривайаташкахь «вабарокатухI» бохург юкъахдитина ду.
853. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) нахе) цхьа хIума олучу хенахь, гуттара а ша аьлларг кхузза юх-юха олура - цуьнах (нийса) кхетийта. Ша муьлхха а цхьаъ волучу веача (хIусаман дайшка а) кхузза лора цо салам» (Бухари: 94).
854. Ал-Микъдада (АллахI реза хуьлда цунна) дийциначу деххачу хьадисехь аьлла: «Гуттар а пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) догIу шурин дакъа (иза цIаваллалц юьстаха а доккхий) Iадда дуьтура оха. Буса цIавеара иза, салам а делира цо - вижинарг самавоккхур а воцуш, амма семачунна хаза а хезар долуш. (Цкъа) веаначу пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша гуттара ма-даллара салам делира» (Муслим: 2055).
855. Асмаъ бинт Йазида (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа цхьана дийнахь пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), маьждигехь хевшина Iачу зударийн тобанна[1] ша тIехволуш, куьйган эшарца хаам бира, (цаьрга) салам дала (дагахь волуш)» (Тирмизи: 2698, цо аьлла «хьасан» даржехь хьадис ду хIара).
Цуьнан маьIна: пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) барта (салам далар) ишарца цхьаьна далийра. Иштта и тIечIагIдо Абу Даудан ривайатехь аьллачо: «…салам а делира цо тхоьга».
856. Абу Журайй ал-ХIужаймис (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу веара со. Аса элира (цуьнга): «(Iалайкассалам), хIай, АллахIан элча!». (Оцу хьокъехь) цо элира (соьга): «(Iалайкассалам) ма ала, хIунда аьлча беллачаьрга ло (Iалайкассалам) (бохучу дешнашца салам)»[2] (Абу Дауд; 4084, Тирмизи: 2722, цо аьлла «хьасан, сахьихь» даржехь хьадис ду хIара. ХIара хьадис хьалхо дуьззина далийна[3]).