146-гIа дакъа
Цомгашчуьнан доьзале цуьнгара хьал муха ду хаттар суннат хилар
910. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Шех велла йолучу цамгарехь волу АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучуьра Iела (АллахI реза хуьлда цунна) араваьллачу хенахь наха хаьттира: «ХIай, Абу Хьасан[1], АллахIан элчанехь (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) муха хьал ду хIокху Iуьйранна?». (Оцунна) жоп делира цо: «Хастам бу АллахIана, тахана Iуьйранна товелла вогIу иза»[2] (Бухари: 2266).
[1] Абу Хьасан (Хьасанан да) - Абу ТIалибан кIантана Iелина (АллахI реза хуьлда цунна) тиллина цIе ю и (кунйат).
[2] Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) оцу кепара жоп делла хилла тарло, пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) могашаллин хьал толуш хилар гойтуш йолучу цхьацца билгалонашца куьйгалла а дина.