150-гIа дакъа
Леш волучунна «Кхин дела вац, АллахI воцург» («Ла илахIа иллаллахI») ала дезар дагадаийтар
917. МуIаза (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шен тIаьххьара дешнаш «Кхин дела вац, АллахI воцург» («Ла илахIа иллаллахI») хилла (волу стаг) ялсамане гIур ву» (Абу Дауд: 3116, Хьаким: 1/351, цо аьлла «сахьихь» иснад йолуш хьадис ду хIара).
918. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шайн леш болучарна дагадаийта «Кхин дела вац, АллахI воцург» («Ла илахIа иллаллахI») (дешнаш) алар» (Муслим: 916).