148-гIа дакъа
Цомгашчуьнан доьзале а, цуьнан гIуллакхе а хьожуш волучуьнга - цуьнца дика а хила, цуьнгара хуьлуш йолу халонаш собарца лан а ла аьлла, весет дар суннат хиларан хьокъехь, иштта диначу зуламна вен кхиэл кхайкхийначуьнан а, чIирана вен кхачийначуьнан а, муьлхха а кхечу бахьанина бала герга болучу (нехан гергарачаьрга) весет даран хьокъехь а
913. Iимран бин ал-Хьусайна (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Мухха а цкъа жухIайна (тайпанах) цхьа зуда еара АллахIан элчанна тIе (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), нахаца лелла берах а йолуш. Цо элира (цуьнга): «ХIай, АллахIан элча, таIзар дан догIуш дерг дина аса[1], ткъа (и таIзар) дехьа суна!»[2] ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цуьнан верас ша волучу схьа а кхайкхина, (цуьнга) элира: «Дика хила цуьнца[3], ткъа бер дина яьлча, суна тIе схьаялае иза». (Оцу стага, шега ма-аллара) кхочушдира шена тIедилинарг. (Бер диначул тIаьхьа иза а ялош пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу схьавеъча), пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дан догIу буьйр дира[4]. Цуьнан духар цунна тIехь чIоггIа тIе а къевлина[5], тIаккха (элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) омрица тIулгаш туьйхира цунна. Цул тIаьхьа докъан ламаз дира цо цунна»[6] (Муслим: 1696).
[1] Сийлахьчу КъурIанехь омрица билгалдаьккхина таIзар догIуш долу зулам дина ша бохург ду оцу зудчо аьлларг.
[2] Иштта долу дехар хIокху кепара кхетош ду: шен къинойх цIанъяла а, таIзар такха а сацам бина цо хIокху дуьненахь, чаккхе йоцуш долучу эхарта а ца тоьттуш.
[3] Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) иштта омра дина: оцу зудчуьнан шегара даьллачу къинна дохкояларан сий деш, дика мах хадош. Iалаш а йина цо иза цуьнан гергарачийн оьгIазлонах а, цара цуьнца лелон тарлучу дерачу юкъаметтигах а.
[4] «ТIулгаш тоьхна ен йина йолу кхиэл кхочушъян кечъе иза» аьлла, буьйр дира цо бохург ду и.
[5] Вуьшта аьлча: цуьнан духаран юьхьигаш чIоггIа дIайихкира, юьйчу хенахь схьа ца еллаялийта уьш.
[6] ХIара хьадис 22 лоьмар йолучу хьадисан цхьа дакъа ду.

