162-гIа дакъа
Веллачунна тIера сагIадаккхар а, цунна доIа дар а
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Царна тIаьхьа богIу болучара эра ду: «Тхан дела! Гечдехьа тхуна а, иманехь хьалхабевлла болучу тхан вежаршна а…[1]») («ал-Хьашр»: 10).
948. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьана стага элира пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна): «Нана елла сан цIеххьана. Суна хетарехь, иза йист хилалуш хиллехь[2], сагIа доккхур дара цо. Ял хир юй-те цунна, цуьнан метта аса сагIа даьккхича?». (Цунна жоп луш) цо элира: «ХIаъ»» (Бухари: 1388, Муслим: 1004).
149. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Адам делча, цуьнан (ерриге) Iамалш совцуш ю[3], кхоъ йоцург: хаддаза лела сагIа а[4], (кхечу наха цуьнах) пайда эца йиш йолуш долу Iилма а[5], цунна доIа ден долу дика бераш а» (Муслим: 1631).
[1] Вуьшта аьлча: «Тхол а хьалха иман диллина хилла болучу тхан вежаршна а...».
[2] Кхечу агIор аьлча: «…иза дийна елахьара».
[3] Ша диначу гIуллакхашна а, Iамалшна а ял хуьлучуьра стаг соцу бохург ду и.
[4] Кхузахь дуьйцуш дерг - веллачо ша велча къечарна дIасадекъа аьлла весет динарг ду, гIоьналлин Iалашонашна цо вакхф бина бахам а бу.
[5] Цуьнан чулацам - веллачо яздина а, весет дина а жайнаш, хьехамхочун метта кхечарна цо дIахьехна долу Iилма а, и.дI.кх.

