42-гIа дакъа
Ден а, ненан а, гергарачеран а, зудчун а, доттагIийн а, иштта массо а лара магош волучуьнан а сий-ларам бар
341. Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Уггаре лакхара дика - стага шен дена безначаьрца гергаралонан уьйраш латтор ду».
342. IабдуллахI бин Динара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Мухха делахь а, цкъа) Макка боьдучу новкъахь Iумаран кIантана IабдуллахIана (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дуьхьалкхетта хилла цхьа акха Iаьрбо. IабдуллахI бин Iумара, цуьнга салам а делла, иза шен вирана тIе а хаийна, ша шен коьртахь лелош йолу чалба цунна дIаелла». Ибн Динара дийцина: «Цул тIаьхьа оха элира цуьнга: «АллахIа хьекъале валаве хьо, кIеззиг (хIума) делча а реза хуьлуш болу акха Iаьрбой бай, ткъа, уьш-м!». (Оцу хьокъехь иштта) жоп делира IабдуллахI бин Iумара: «Боккъалаъ, (оцу) стеган да дукха везара Iумар бин Хаттабана (АллахI реза хуьлда цунна). Бакъдолуш, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна ву со: «Уггаре лакхара дика - стага шен дена безначаьрца гергаралонан уьйраш латтор ду»»
(Иштта ибн Динара дийцира аьлла, Муслима далош долучу оцу хьадисан) кхечу ривайатехь дийцина: «IабдуллахI бин Iумар (АллахI реза хуьлда цаьршинна) Макка ваха новкъа ваьллачу хенахь, шеца цхьаьна вир а йигинера цо, эмкална тIехь хиъна Iан (некъ бан) шена кIордийча, садаIаран дуьхьа цунна тIехууш хилла йолу, (иштта) шен корта къовлуш йолу чалба а. Цкъа цхьана дийнахь иза оцу вирахь воьдуш волуш цунна уллохула тIехвелира цхьа акха Iаьрбо. (IабдуллахI бин Iумара) хаьттира цуьнга: «Хьо вуй, ткъа, и хьенехан кIант минех?». Вукхо жоп делира: «Дера ву-кха». ТIаккха шен вир дIаелира цо цунна, (хIара дешнаш а) олуш: «ХIокхунна тIехаа». Шен чалба а дIаелира цо цунна, (хIара дешнаш а) олуш: «ХIара хьайн коьртах хьарчае». Цуьнца цхьаьна болучу некъахойх цхьаболучара элира цуьнга: «АллахIа гечде хьуна, данехь! Оцу акха Iаьрбочунна дIа ма ели ахьа айхьа садаIа лелош йолу вир а, айхьа корта къовлуш хилла йолу чалба а!». (Дуьхьал) элира цо: «Боккъалаъ, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна суна: «Боккъалаъ, уггаре лакхара дика - стага шен дена безначаьрца гергаралонаш лелор ду, иза веллачул тIаьхьа а. Ткъа оцу стеган да Iумаран (АллахI реза хуьлда цунна) доттагI вара»» (и дерриге ривайаташ Муслима дийцина: 2552).
343. Абу Усайда Малик бин РабиI ас-СаIидийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) тхо АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучохь долуш, иза волучу веара бану-саламан (тайпанах) цхьа стаг. Цо хаьттира (цуьнга): «ХIай, АллахIан элча! Сайн да-нана деллачул тIаьхьа цхьана а кепара цаьршинна дика дан агIо буй сан?». Цо жоп делира: «ХIаъ. Цаьршинна доIа дар, АллахIе цаьршинна гечдар дехар, и шиъ деллачул тIаьхьа цаьршиннан ваIданаш (весеташ) кхочушдар, цаьршимма гергарало тесначу нахаца долу гергаралонаш дIалелор, цаьршиннан хилла доттагIий ларар»» (Абу Дауд: 5142).
344. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамаран зударех цхьанненна а Хадиштана (АллахI реза хуьлда цунна) санна сел чIогIа эмгаралла лелийна дацара аса, сайн дахарехь сайна иза цкъа а гина а йоццушехь! Делахь а, кест-кеста хьахайора цо иза. Кест-кеста уьстагIна урс хьокхура цо. Иза дакъошка бекъа а боькъий, тIаккха (и жижиг) Хадиштан доттагIашна дIадохьуьйтура цо. Аса элира цуьнга: «Дуьненчохь Хадишт йоцург кхин зуда йоцуш санна!». (И аьллачу хенахь) цо жоп делира суна: «Боккъалаъ, иштта а, вуьштта а яра иза[1]. Цуьнах бераш дара сан»» (Бухари: 3816, Муслим: 2435).
(Оцу хьадисан) кхечу ривайатехь (дийцина, Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна)) элира аьлла: «Ша уьстагIна урс хьаькхча, кхачам боллучул (жижиг) совгIатана цуьнан (Хадиштан) доттагIашна дохьуьйтура цо».
(Оцу хьадисан Муслима далош долучу) кхечу ривайатехь (дийцина, Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна)) элира аьлла: «Ша уьстагIна урс хьаькхча, цо олура: «Хадиштан доттагIашна (жижиг) дахьийта цуьнах».
Оцу хьадисан шина а «Сахьихь» жайнахь долучу ривайатехь (дийцина, Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна)) элира аьлла: «(Цкъа) Хадиштан йишас Хувайлдан йоIа Халас бакъо йийхира АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу чуян. (Цо бакъо ехча) Хадишта бакъо ехар дага а деана, цунна и хазахетта, цо элира: «Я, АллахI! Хувайлидан йоI Хала ма яй иза!».
Цо «и хазахетта» («фартахьа») боху дош чаккхенехь «хьа» элп долуш далийна. Оцу дешан метта шина а «Сахьихь» жайнара хьадисаш юкъадалош гулдина долучу ал-Хьумайдин гуламехь «вартаIа» аьлла ду, «хьа» элпан метта «Iайн» элп а долуш. Цуьнан маьIна – «Синтем байра цуьнан» ду.
345. Анас бин Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) Жарир бин IабдуллахI ал-Бажалица (АллахI реза хуьлда цунна) новкъа ваьллера со. (Оцу новкъахь йоккухчу) ерриге хенахь суна жималла лелош хуьлура иза. Аса элира цуьнга: «Ма леладехьа иза!». (Дуьхьал) элира цо: «Боккъалаъ, суна гина ду ансараша АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьа (доккха, хаза) хIума лелош. ХIетахь ас дуй биира: нагахь со царех муьлххачуьнца а цхьаьнца некъахо нислахь, билггал, цунна жималла лелор ма ду аса (аьлла)!»» (Бухари: 2888, Муслим: 2513).
[1] «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хестош хилла Хадишт (АллахI реза хуьлда цунна)» боху чулацам бу цуьнан.