141-гIа дакъа
ХIокху декъехь кхетадо: нагахь чуван бакъо йоьхуш волучуьнга хаттахь: «Мила ву хьо?» - суннатехь догIуш ма хиллара цо жоп дала дезаш хилар: «Хьенех ву» аьлла, яьккхича (нахана) ша вевзаш йолу шен цIе а йоккхуш, я кунья а олуш, иштта деккъа цхьа «Со ву» алар а, цуьнах тера дерг алар а дика цахилар
874. Исраъ буьйсанах[1] лаьцна долучу гIарадаьллачу хьадисехь Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ТIаккха цо со лахарачу (дуьненан) стигала кхаччалц хьалаваьккхира. Ткъа цо (цуьнан неIарш) схьаеллар дехча, (цуьнга) хаьттира: «Мила ву?». Цо жоп делира: «Жабраил». (Цуьнга) хаьттира: «Ткъа хьоьца верг мила ву?». Цо жоп делира: «Мухьаммад». Цул тIаьхьа цо со шолгIачу а, кхоалгIачу а, йоьалгIачу а, кхинйолучу а стигаланашка кхаччалц хьалаваьккхира. ХIора стигалан неIаршкахь (цуьнга) хоттура: «Мила ву?». Ткъа цо жоп лора: «Жабраил»» (Бухари: 3887, Муслим: 162).
875. Абу Заррас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа цхьана буса (цIера) араваьллера со. Лапъаьлла ша цхьаъ (цхьанхьа) воьдуш волу АллахIан элча а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гина, цунна тIаьхьаволавелира со, беттан (серлонах дIа а лечкъаш. (Лапъаьлла) вухахьаьжначу цунна, со ган а гина, цо хаьттира: «Мила ву иза?». Ткъа аса жоп делира: «Абу Зарр»»[2] (Бухари: 6443, Муслим: 94).
876. Умму ХIаниа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волуча еара со, иза луьйчуш волучу хенахь, (дуьхьал хIума а лаьцна) иза дIахьулвина лаьтташ ПетIамат а йолуш. Цо хаьттира: «Мила ю и (зуда)?». Аса жоп делира: «Со Умму ХIаниъ ю»» (Бухари: 280, Муслим: 336).
877. Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, неI туьйхира аса. Цо хаьттира: «Мила ву иза?». Аса жоп делира: «Со». Юх-юха а олуш, баха хIоьттира: «Со, со!» - (суна цунна сайн жоп) цадезаделча санна (а хеталуш). (Бухари: 6250, Муслим: 2155).
[1] Исраъ буьйса - Мухьаммад пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Маккара ал-Къудсе (Иерусалиме) вигиначу буьйсанах олуш ду.
[2] Абу Зарр (АллахI реза хуьлда цунна) пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIаьхьавахана - цунна цхьаъ хиларна кхоьруш. ДIаличкъина иза – пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша цхьаъ вуьссийла лаьий гуш хилар бахьана долуш.

