149-гIа дакъа
Цомгашчунна ала мегаш хилар: «Со лазаво!», я «Со чIогIа лазаво!», я «Сан дегI дика дац!», я «АхI, сан корта!», иштта царех тера долу (дешнаш) а. Цуьнан кхетам иштта луш бу: цуьнгахь (иштта аларехь) цхьа а ца магош хIума дац - нагахь и дешнаш эргIадвахана олуш а, собарх воьхна олуш а ца хилчахьана
914. (IабдуллахI) ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу чуваханера со, (чIогIа хорша еана) бала хьоьгуш иза а волуш. Цуьнах сайн куьг а тоьхна, аса элира: «ХIай, АллахIан элча! Ма чIогIа дегI дика доцуш (хорша йолуш) ву-кха хьо!». Цо элира: «ХIаъ, боккъалаъ, (цхьана хеннахь) шух шиъ санна цомгаш хуьлу со» (Бухари: 5647, Муслим: 2751).
915. СаIд бин Абу Ваккъаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Со цамгар чIогIа чIагIъелла, вочу хьолехь волуш, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) веара со волучу хьажа-хIотта. Аса элира: «Боккъалаъ, хьуна ма-гарра, цамгар генаяьлла сан! Ткъа со хьал долуш (стаг) ву, цхьа йоI йоцург кхин цхьа а верас а вац сан…». КхиндIа (СаIда (АллахI реза хуьлда цунна)) чекхдаллалц дийцира хIара хьадис (Бухари: 5668, Муслим: 1628).
916. Ал-Къасим бин Мухьаммада дийцина: «(Цкъа корта лозуш хиллачу) Iайшате (АллахI реза хуьлда цунна) мохь белира: «АхI, сан корта!». Ткъа пайхамарах (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дерг аьлча, цо элира: «ХIан-хIа, аса эра ду иза: «АхI, сан корта!»». Цул тIаьхьа (ал-Къасима) чекхдаллалц дийцира хIара хьадис (Бухари: 5666).

