158-гIа дакъа
Велларг дIаволла вуьгуш болу барам чехкка дIабахьа безаш хилар
941. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Ницкъ ма-кхоччу сихха велларг дIахьо. Нагахь иза дика (адам) хиллехь - (чехкка) диканна тIевуьгу аша иза, нагахь иза иштта ца хиллехь - (чехкка) шайн вортанашна тIера вон охьадуьллу аша» (Бухари: 1315, Муслим: 944).
Оццу хьадисан Муслима далочу ривайатехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «...фа хайрун тукъаддимунахIа IалайхIи...»[1].
942. Абу СаIид ал-Худрис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) алара аьлла: «Барамна тIе а виллина, цул тIаьхьа стегарша шайн белшашна тIехь дIахьуш волу велларг, нагахь иза дика (стаг) хиллехь, цо олу: «ДIахьалха, (сихха дIакхачаве) со!». Нагахь (велларг) дика (адам) ца хиллехь, (шен барам хьуш болучаьрга) олу цо: «Сан докъазалла! Мича вуьгу аша со?!». Адам доцучу массарна а хезаш ду цуьнан и аз, ткъа цунна и хезча – инзар дера ма дара иза» (Бухари: 1314).

