161-гIа дакъа
Велларг дIавоьллиначул тIаьхьа цунна АллахIе доIа дар а, цунна доIа дан а, гечдар деха а, КъурIан деша а цхьана ханна цуьнан кошана уллохь хиъна Iар а
946. Абу Iамра (цуьнан кунья – Абу IабдуллахI ю аьлла а дуьйцу, иштта цуьнан кунья – Абу Лайла ю аьлла а дуьйцу) Iусман бин Iаффана (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), велларг дIавоьллиначул тIаьхьа, гуттар а (цхьана ханна) цуьнан (кошана) уллохь лаьттара. (Цигахь) элира цо: «Шайн вешина гечдар деха (АллахIе), чIагIвар а деха иза (Цуьнга), хIунда аьлча, боккъалаъ, хIинца хаттарш ду цуьнга луш (хIинца барт хоттуш бу цуьнга)» (Абу Дауд: 3221).
947. Iамр бин ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «…Шаьш со коша виллича, эмкална урс а хьаькхна, цуьнан жижиг дIасадекъа оьшшучу хенан барамехь сан кошана гонаха латта - шух сайн дог эца а, сан Делан геланчашна айса хIун жоп ло хьажа а» (Муслим: 711. ХIара хьадис хьалхо дуьззина далийна 711 лоьмар йолучу хьадисехь).
ШафиIис (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла: «Иштта бакъахьара хир ду - (веллачуьнан кошана тIехь) КъурIанера цхьаъ дешча, нагахь (кошана) тIехь дерриге КъурIан дешахь – тIехдика а хир ду».

