30-гIа дакъа
ГIо даккхаран хьокъехь
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Хаза гIо лаьцначунна[1] - цуьнах дакъа хир ду…[2]» («Ан-нисаъ», 85).
246. Абу Муса ал-АшIарис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIе дехарца (хьашт дохьуш) цхьаъ веъча, даима а ша волучохь цхьаьна болучарна тIе а воьрзий, олура цо: «Доьхучарна гIо лаца[3] - ял хир ю шуна. Ткъа АллахIа Шена лиъана болу сацам дIакхайкхор бу Шен пайхамарехула»» (Бухари: 1432, Муслим: 2627).
247. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) Бариран а[4], цуьнан майрачуьнан а[5] хьокъехь долу дийцар дуьйцуш, аьлла: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла (Барире): «Хьо цуьнга юхаяхача (хIун дара-те)?». Цо хаьттина: «ХIай, АллахIан элча! Омра ду ахьа соьга дийриг?». Цо жоп делла: «Юкъаралла деш бен вац со-м». (ТIаккха) цо аьлла: «Хьашт вац суна иза!»» (Бухари: 2583).
[1] Кхузахь дуьйцург - шарIан Iедалца цхьаьна догIуш долучу гIуллакхашкахь гIодаккхар а, юкъаралла дар а, хьашт кхочуш дар а ду.
[2] Юьйцуш ерг АллахIера ял ю - муьлхха а цхьа дика хIума кхочуш дарехь гIо диначунна а, хьашт долучунна аьтто биначунна а хир йолуш йолу.
[3] Кхузахь буьйцурш деккъа цхьа сагIа доьхуш берш хилла Iаш бац - муьлхха а лоруш болучу нахе шайн хьашташ далхош берш а бу, иштта царна гIо-накъаосталла дар доьхуш юкъаралла дан мегаш болу. Вукху агIор аьлча: пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) юкъаралла дар а, гIодаккхар а дихкина - цхьана стага шарIехь таIзар (хьад) кхачош долу муьлхха а цхьа зулам динехь. Иштта долучу таIзаре, дуьйцийла а йоцуш, озон безаш бу бехкенаш.
[4] Барир - Iайшата лай йолучуьра паргIат йитина хилларг ю (АллахI реза хуьлда цаьршинна).
[5] Бариран майра - МугIис цIе а йолуш, лай лаьттина ву. ЧIогIа иза дукхаезаш хилла цунна, ткъа цунна иза везаш ца хилла.

