• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

4-гIа дакъа

Опубликовано: 14 октября 2010

57. Бадр тIамехь дакъалаьцначу Абу Сабита (цуьнан кунйа[2] Абу СаIид яра аьлла а дийцина, иштта Абу ал-Валид яра аьлла а дийцина) СахIл бин Хьунайфа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Сийлахь-Везачу АллахIе доIанехь даггара шена динна тIехула кхалха (аьтто бар) дехна волучунна - кхалхар шен (дIавуьжучу) меттахь хилахь а, динна тIехула кхелхиначу шахIидийн даржашка хьалавоккхур ву иза» (Муслим: 1909).

 

58. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ГIазоте воьдучу хенахь цхьана пайхамара[3] (АллахIан къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен къоме аьлла: «Суна тIаьхьа ма хIуьттийла: зуда ялийнарг а - иза йолучу чуваха лууш а волуш, амма хIинца а ваханза верг, цIа динарг а - амма (хIинца а) цунна тхов тиллина воцург, жий я эмкал эцнарг а - цаьргарачу дохкане хьоьжуш Iаш верг». Цул тIаьхьа гIазоте дIановкъа ваьлла иза. Малхбузан ламазан я герггарачу хьесапехь оцу хенахь, ша оцу шахьарна[4] герга гIоьртича, цо аьлла малхе: «(АллахIан) омрина кIел хьо а бу, со а ву Цуьнан омрина кIел. Я, АллахI! Сацабе Ахьа и тхуна!». ТIаккха (малх) чу ца бузуьйтуш сацийра, АллахIа цунна толам баллалц йолучу юкъанна. Цул тIаьхьа, цо тIеман хIонсаш схьагулйича, (стигалара) охьа цIе йоьссира уьш хIаллакъян (я дIахуда)[5], ва амма (оцу цIаро) меттах а ца хьайира (гулйина хилла хIонсаш). ТIаккха (оцу пайхамара) аьлла (шен тIемалошка): «Бакъдолуш, шуна юккъерачу цхьамма ямартло йина. ХIора тайпанах цхьацца стага дуй баал суна!»[6] (Цара иштта и дича) царех цхьаьннан куьг цуьнан куьйгана тIелетта. ТIаккха цо аьлла: «Боккъалаъ, ямартло йинарг шуна юккъехь ву-кха. Хьан тайпанхоша массара а дуйнаш доийла суна!». Ткъа (хIинца) цуьнан куьйгах царех волучу шиннан я кхааннан куьг тIелетта. ТIаккха цо аьлла: «Шу ду-кха ямарта хилларш!». Цул тIаьхьа дешех бина аьттачух тера корта схьабеана цара, ткъа цо и охьабиллина (хIонсашна юккъе). ТIаккха (стигалара) охьаеаначу цIаро хIаллакйина (и ерриге хIонс), хIунда аьлча тIеман хIонс вайл хьалха бехаш хиллачарех[7] цхьанненна а хьанал йина (магийна) хилла яц, тIаккха АллахIа вайна хьанал йина (магийна) и. Цо вайна магийна и (схьаэцар) - вайн гIийлалла а, гIорасизалла а гича[8]» (Бухари: 3124, Муслим: 1747).

 

59. Абу Халид Хьаким Хьизама (АллахI реза хуьлда цунна), толам баькхиначу шарахь[9], жехIалачу а, дин тIеэцначу а заманакахь къурайшийн тхьамданех цхьаьннан кIант хилла волучу, дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Эцархо а, йохкархо а вовшахкъаьстина мел воцу шайн харжамехь паргIат ву[10]. Нагахь и шиъ ший а (вовшашка) бакъ лийнехь, дерг-доцург (ма-дарра) довза а довзийтинехь[11] - цаьршиннан йохка-эцаран барт беркате хир бу. Ткъа нагахь цаьршимма (цхьаъ) къайла а даккхахь, вовшашна харцдерг а дийцахь - цаьршиннан йохка-эцаран бартан беркат хIаллакъдийр ду» (Бухари: 2079, Муслим: 1532).


[1] Кхузахь вуьйцург - Гераклий я Ираклий Хьалхаранигш ву, 610-чу шарера 641-чу шаре кхаччалц йолучу юккъехь Византи пачхьалкхан коьртехь урхалла деш, паччахь (император) лаьттина волу. Хьадисехь а дуьйцуш ду - Абу Суфъян, махлелоран гIуллакхаш а эцна, Византи ваханачу хенахь цуьнца цхьаьнакхетарах лаьцна.

 

[2] Кунйа – тиллина сийлахь цIе ю (масала, Абу Сабит бохург - вайнехан матте гочдича, «Сабитан да» бохучу маьIнехь хуьлу).

 

[3] Кхузахь вуьйцург - ЙушаI бин Нун ву.

 

[4] Вуьшта аьлча: «…ша цига гIазот дан ваха цо юьхьара лаьцна хиллачу гIалина…».

 

[5] Пайхамарша тIеман хIонсаш дIагулъеш хилла. Цул тIаьхьа АллахIа стигалара цIе йоуьйтуш хилла. Ткъа нагахь и хIонсаш оцу цIарах ягахь - церан сагIа къобалдина хиларан маьIна гойтуш хилла, иштта тIамехь дакъалаьцначарех цхьаммо а хIонсех хIумма а шен дола ерзийна цахилар гойтуш а хилла.

 

[6] Дуй бууш волучу стага оцу пайхамаран куьг лаца дезаш хилла.

 

[7] Кхузахь буьйцуш берш - хьалха хилла болу пайхамарш а, церан лархой а бу.

 

[8] Вуьшта аьлча: «…дихкинарг доха ца деш, совца доьналла цахилар гича».

 

[9] Вуьшта аьлча: 630-чу шарахь, бусалба наха Макка яьккхиначу.

 

[10] Кхечу дешнашца аьлча, цуьнан маьIна – «Церан, шаьш эцна йолу а, йоьхкина йолу а хIуманаш юханехьа йолучу дега юхаерзон а, юхацаерзош йита а бакъо ю» бохург ду.

 

[11] Кхечу дешнашца аьлча: «Нагахь йохкархочо ша юхкучу хIуманехь долуш долу айп эцархочунна ма-дарра дIа а довзийтинехь, ткъа эцархочо – хIиттийна бехкамаш а, тоьхна хан а кхоччуш лар а динехь».

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2021, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft