61. Абу Зарр Джундуб бин Джунадас а, Абу Iабдур-Рахьман МуIаз бин Джабала а (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIах кхералахь - хьо миччахь велахь а. Вочунна тIаьххье диканиг а делахь, и вониг дIадойъун долу. Нахаца хаза (гIиллакхе) а хилалахь» (Тирмизи: 1988, цо дика (хьасан) хьадис ду аьлла хIара).
62. Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «(Цкъа) цхьана дийнахь пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) (дийнатахь) тIехьа тIехиъна вара со, цо элира соьга: «ХIай, кIант! Аса масех дош Iамор ду хьуна[5]. АллахI дагахь латтаве хьайна[6] - Цо Iалашвийр ву хьо. АллахI дагахь латтаве хьайна - И хьайна хьалххахь карор ву хьуна[7]. Нагахь хьайна (муьлхха а цхьа хIума) деха лаахь - АллахIе деха. Нагахь хьайна гIо (накъосталла) эшахь - АллахIера деха. Хаийла хьуна: нагахь берриге нах хьан дуьхьа цхьа пайда бан цхьанхьа дIагуллахь - цара хьайна АллахIа яздиначул сов баькккхина пайда бийриг цахилар, нагахь уьш дIагуллахь, хьуна цхьа зен дан, - цаьрга хьайна АллахIа яздиначул сов даьккхина зен далург цахилар а, хIунда аьлча къоламаш[8] хьалаайдина девлла, (тептаран) агIонаш якъаелла а евлла» (Тирмизи: 2518, дика (хьасан) хьадис ду аьлла цо хIара).
Оцу хьадисан Тирмизис далинарг а доцуш кхечу ривайатехь дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахI дагахь латтаве ахьа - И хьайна хьалххахь карор ву хьуна. АллахI вовзаре гIерта хьо, хьо паргIатонехь (ниIматехь) а волуш - Цунна хьо а вевзар ву хьуна бохамехь (халонашкахь) а волуш. Хаийла хьуна: хьайх (хьакхацалуш) тIехдаьлларг - хьайга дан йиш йолуш хилла цахилар, ткъа хьайга деанарг – хьайга (ца догIуш) тIехдала йиш йолуш хилла цахилар. Иштта хаийла хьуна, гIо – собаре хиллачул тIаьхьа (догIуш) хилар, хазахетар – бала лайначул тIаьхьа, ткъа атто (паргIато) – халонал тIаьхьа».
63. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Боккъалаъ, цхьацца (хIуманаш) ма довлу шуьгара, шун бIаьргашлахь чонал дуткъа а долуш. Ткъа оха-м уьш АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийна волучу хенахь Iожаллечу къинойх дагардора» (Бухари: 6402: цо аьлла: «Iожалле къинош» («ал-мубикъат)» бохучуьнан чулацам - хIаллакьхиларна тIе мел хIоттош долу къа ду»).
(1806) 64. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, Сийлахь-Веза АллахI эмгаралле ву. Ткъа Сийлахь-Везачу АллахIан эмгаралла меттахдолу - адамо АллахIа шена (дан) цамагийнарг дича» (Бухари: 5223, Муслим: 2761).
65. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Цкъа Израилан тIаьхьенах волу кхоъ зиэрна тIехIоттон лиъна хилла АллахIана: йолу цамгар (проказа) ерг а, кIунзал баьлларг а[9], бIаьрзениг а. АллахIа малек дахийтина уьш болучу.
Йолу цамгар ерг волучу а деана, (малеко) хаьттина: «Уггаре а хьуна дукха дезарг хIун ду?». Цо жоп делла: «Тайна бос а, хаза чкъор а[10], и бахьанехь соьх нах къаьхкаш долучух со дIацIанвалар а ду-кха». ТIаккха (малека) цунна гонаха шен (куьг) хьаькхна: нах цуьнах къаьхкаш хиллачух иза дIа а цIанвина, цуьнан тайна бос а, хаза чкъор а (юха а) юхаделла цунна. (Юха а) хаьттина (малека) цуьнга: «Ткъа хьуна уггаре а дукха деза даьхний муьлхарш ду?». Цо жоп делла: «Эмкалш (я бежанаш)». Цул тIаьхьа, цунна пхора эмкал а елла, (малека) аьлла: «АллахIа беркат дойла хьуна цуьнах!».
ТIаккха кIунзал баьлларг волучу а деана, цуьнга хаьттина (малеко): «Уггаре а хьуна дукха дезарг хIун ду?». Цо жоп делла: «Тайна месаш а, и бахьанехь соьх нах къаьхкаш долучух со дIацIанвалар а ду-кха». ТIакха малека цунна гонаха шен (куьг) хьаькхна: (нах къехкачух дIа а) цIанвира иза, тайна месаш юха а елира цунна. (Малека) хаьттина цуьнга: «Ткъа хьуна уггаре а дукха деза даьхний муьлхарш дара?». Цо жоп делира: «Хьелий». Цунна пхора етт а белла, (цул тIаьхьа) аьлла (малека): «АллахIа беркат дойла хьуна цуьнах!».
БIаьрзениг волучу а деана (малека) хаьттина: «Уггаре а хьуна дукха дезарг хIун ду?». (БIаьрзечо) жоп делла: «АллахIа сайн бIаьрса сайна юха а дерзийна, нах ган йиш хилар ду». ТIаккха (малека) гонаха шен (куьг) хьаькхна: АллахIа цуьнан бIаьрса духадерзийра. (Цул тIаьхьа малека) хаьттина: «Уггаре а хьуна дукха деза даьхний муьлхарш ду?». Цо жоп делла: «УьстагIий». Ткъа цунна оре лаьцна уьстагI белла.
Цул тIаьхьа (стен эмкал а, етт а) дехкина, (уьстагI а) бехкина. (Цхьа хан яьлча, царех) цхьанна цхьа боьра буьззина эмкалийн рема IаьIна, вукхуьнан – цхьа боьра буьззина бажа IаьIна, кхоалгIачуьнан – цхьа боьра буьззина жа IаьIна.
Цул тIаьхьа йолу цамгар йолуш хилларг волучу деана (малек). Хьалха цуьнгахь хиллачу сибате-суьрте а даьлла, цо аьлла цуьнга: «Миска стаг вара со. Новкъахь оьшуш мел долучу хIуманах а ваьлла, тахана дехаре вала цхьаьллиг цхьаъ вац сан, АллахI а, (Цул) тIаьхьа хьо а воцург. И хьан безаме куц а, исбаьхьа чкъор а, иштта хIара бахам а хьуна беллачуьнан цIарах дуй кхуллуш доьху аса хьоьга: цхьа эмкал лахьара ахьа суна, цуьнан гIоьнца хIара сайн некъ чекхбаккха!». (Оцу стага) аьлла: «Декхарш дукха ду суна тIехь[11]». (ТIаккха) аьлла (малека): «Схьахетарехь, суна вевза-кха хьо. Хьо вацара и йолу цамгар йолуш хилларг, хьайх нах а къехкаш? (Оцу тIе, хьо вацара и) къен вехаш хилларг, АллахIа (хьал-бахам) а луш хьуна?». (Оцу стага) аьлла: «ХIан-хIа, хIара бахам суна дIабаханачу сайн дайшкара диссина кхаьчна дакъа ду». (Малека) аьлла: «Нагахь хьо харц лехь - АллахIа хьайн хьалхалеррачу хьоле вухаверзавойла-кха хьо!».
ТIаккха кIунзал болуш хилларг волучу деана (малек), хьалха цуьнгахь хиллачух террачу сибате-суьрте а даьлла. Цуьнга а аьлла цо ша хьалха йолу цамгар йолуш хиллачуьнга аьлларг. Ткъа цо а шена вукхо делла доллу жоп делча, (малека) аьлла: «Нагахь хьо харц лехь - Сийлахь-Везачу АллахIа хьайн хьалхалеррачу хьоле вухаверзавойла-кха хьо!».
Цул тIаьхьа, цуьнгахь хьалха хиллачу сибате-суьрте а даьлла, (хьалха) бIаьрзе хилларг волучу а деана, малека аьлла: «Миска стаг вара со. Новкъахь мел долучу хIуманах а ваьлла, тахана дехаре вала цхьаьллиг цхьаъ вац сан, АллахI а, (Цул) тIаьхьа хьо а воцург. Хьуна и хьан бIаьрса юхаделлачуьнан цIарах дуй бууш доьху аса хьоьга: цхьа уьстагI лахьара ахьа суна, цуьнан гIоьнца хIара сайн некъ чекхбаккха!». (Хьалха бIаьрзе хиллачо) аьлла: «Боккъалаъ, бIаьрзе (стаг) вара со, амма АллахIа суна юхадерзийра сан бIаьрса. Хьайна деззарг дIаэца, хьайна луъург дита. АллахIах дуй ма буу аса: доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIан дуьхьа хIуъа а ахьа схьаэцарах, хьуна цхьана а хIуманехь новкъарло йийр йолуш ма вац хьуна со![12]». (ТIаккха) аьлла (малека): «Iадбита ахьа хьайн бахам хьайна, хIунда аьлча, боккъалаъ, зуьйш дара шу. Хьуна резахили АллахI, амма оцу хьан шина накъостана оьгIазваха И» (Бухари: 3464, Муслим: 2964).
66. Абу ЙаIла Шаддад бин Абса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Хьекъале (стаг) - шен синера хьесап а оьцуш[13], веллачул тIаьхьа хин долучунна (дика) гIуллакхаш деш верг ву. ГIийла ву[14] - шен са цунна дезачунна тIехьадозуьйтуш верг, АллахIе дог а дохуш[15]» (Тирмизи: 2461, цо аьлла «хьасан» даржехь хьадис ду хIара).
67. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стага Ислам (дин) хаза лелош хиларан (билгалонех цхьаъ) ю - цо (массо) а шех Iотталуш доцург дитар» (Тирмизи: 2318, дика (хьасан) хьадис ду; Тирмизис а, кхинболчу мухьаддисаша а далийна хIара).
68. Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стаге хетта оьшуш дац - цо шен зудчунна хIун бахьанехь йиттина[16]» (хIара хьадис Абу Дауда а: 2147, иштта кхинболучу мухьаддисаша а дийцина).
[1] Вуьшта аьлча: «…хьо ламазе хIуттучу хенахь…».
[2] Адамо, муьлхха а цхьана АллахIа цига хьежор дихкиначе, къайллах бIаьрг хьежор ду цигахь дуьйцург.
[3] Вуьшта аьлча: «Къематдийнах дерг довзийтахь суна».
[4] Кхо де ду цигахь дуьйцург.
[5] Вуьшта аьлча: «Аса масех хьехар лур ду хьуна, АллахIа хьуна пайдехь доккхун долу».
[6] «АллахI дагахь латтавар» бохург – «Даима а Цуьнах кхера веза» бохург а, «Хаддаза Цуьнан омранаша тIехьоьхург кхочушдан деза» бохург а, «Цо дихкинарг ца деш дита деза» бохург а ду.
[7] Вуьшта аьлча: «Цуьнгара гIо а, орца а хаалур ду хьуна».
[8] Кхузахь дуьйцуш долу къоламаш - азаллехь цуьнца Iаламан боллу кхолламаш дIаязбинарш ду.
[9] Оцу стагана кIунзал - я цамгар, я иккхина бохам бахьанехь баьлла хилла, ткъа оцо чIогIа эрчаваькккхина хилла иза.
[10] Вуьшта аьлча: «Чкъуран лартIехь болу бос юхаберзар а, иза эрчаваькхина хилла долу даьIнаш лар ца юьссуш дIадовлар а».
[11] Кхечу кепара аьлча: томехь бахьана далош, хIуммаъ ца елла цо цунна.
[12] Вуьшта аьлча: «Ахьа схьаэцнарг юханехьа схьадеха хIуттур ма вац со».
[13] Вуьшта аьлча: «…шен са лардеш, шена и тидамехь латтош, цуьнгара стеган динна бохаме хин долучух хIума ца далийта».
[14] Кхузахь вуьйцург - дика гIуллакхаш дар тIаьхьатоьттуш верг ву.
[15] Вуьшта аьлча: «…гуттар лаьтта долучу эхартахь ша декъала хиллачийн могIарехь хиларе догдохуш».
[16] Бакъ долу бахьана дийца эхь хета тардалар бахьана долуш, иштта долу хаттар далар ца ваьлла бен дала магош дац, масала: къеданаш юкъагIорта безаш долу гIуллакх нисделлачу хенахь.