[1] «Нисвалар» бохург – хаддаза АллахIан массо омранаша де бохург кхочушдар а, Цо хьарам мел диначу дериггенах ларвалар а ду, кхечу дешнашца аьлча: динан нийсачу некъана тIаьхьавазар ду, дIа-схьа а ца теIаш.
[2] Кхечу дешнашца аьлча: «Хьайн Делан дино бохург дерриге кхочушде».
[3] Вуьшта аьлча: «Дела цхьаъ варан декъах долучу цхьана а хIуманнна тIера ца бовлучарна».
[4] Оцу кеппара, Суфъянна (АллахI реза хуьлда цунна) хаза лиъна – хIормехь доца а долуш, оццу хенахь Ислам-динан уггаре коьрта бух гойтуш а долу хIума.
[5] Вуьшта аьлча: «Шайна муьлхха а цхьа уггаре гIолехь дерг каро гIорта, хIора денна шайга далур долу…».
[6] Вуьшта аьлча: «…шайн гуттара дан ницкъ ца кхочу дерг дан ма гIерта, юккъера барам лаца…».
[7] Вуьшта аьлча: и дош – «истикъама» бохург ду.