105-гIа дакъа
Тобанехь хIума юуш волучунна, шен накъостийн пурба а доцуш, ши хурма я муьлхха а кхечу хIуманах (ши юьхк) схьаэца мегаш цахилар
742. Жабалат бин Сухьайма (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Тхо ибн Зубайраца цхьаьна долуш, йокъа хIоьттина шо деанера тхуна. ТIаккха тхуна хурманаш елира. (ХIума) юуш дохкуш тхо а долуш, тхуна юххешхула тIехволучу IабдуллахI бин Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) элира: «Шишша ма эца схьа, хIунда аьлча, боккъалаъ, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дихкина ду шишша схьаэцар». Цул тIаьхьа ша аьллачкнна тIе туьйхира цо: «… нагахь стагана цуьнан накъосто и дан пурба ца лахь»» (Бухари: 2455, Муслим: 2045).

