• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш

122-гIа дакъа

Опубликовано: 01 мая 2010

122-гIа дакъа


Стегаршна дарин бедарш лелор, (дарин хIуманна) тIе охьаховшар, цунна тIетовжар хьарам хилар а, зударша (дарин духарш) лелон мегаш хилар а


804. ХаттIабан кIанта Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ТIехь дари ма леладойла аша. Боккъалаъ, хIокху дуьненахь и лелийначо эхартахь тIедухур долуш дац и» (Бухари: 5830, Муслим: 2069).

805. ХаттIабан кIанта Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Дари леладо - шена (эхартахь диканан) дакъа доцучо» (Бухари: 5835, Муслим: 2068).

Бухарис далийначу цхьана кхечу хьадисехь а ду, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «…эхартахь шена дакъа доцучо».

806. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дуьненахь дари доьхначо - эхартахь духур дац» (Бухари: 5832, Муслим: 2073).

807. Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гира суна, дарин (кийсак) схьа а эцна - иза шен аьтту куьйга а лаьцна, дешин (бIелиг) схьа а эцна - иза шен аьрру куьйга а лаьцна. ТIаккха элира цо: «Боккъалаъ, хIара шиъ хьарам ду сан умматан божаршна»» (дика иснад а йолуш, Абу Дауда далийна хьадис ду).

808. АшIарерчу Абу Мусас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дарин бедарш а, деши а (лелор) хьарам дина сан умматерачу божаршна, ткъа зударшна - хьанал дина» (Тирмизи: 1720, цо аьлла хIара хьадис «сахьихь, хьасан» даржехь ду).

809. Хьузайфа (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тхуна дихкира дешин а, детин а пхьегIин чуьра малар, дарийлахь а, (дарин буха тIехь диначу) кIадийлахь а лелар, (оцу тайпаначу кIадешна тIе) охьаховшар а» (Бухари: 5632).

123-гIа дакъа

Опубликовано: 01 мая 2010

123-гIа дакъа

Гирзашна бала хьоьгучо дари лелон мегаш хилар

810. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Зубайрина а, Iабдуррохьман бин Iовфна а дарин духар лелон бакъо елира - и шиъ гирзех (бала хьоьгуш) хилла дела» (Бухари: 5839, Муслим: 2076).

124-гIа дакъа

Опубликовано: 01 мая 2010

124-гIа дакъа

ЦIоькъалоьман цIоканаш меттанашна тIетасар а, (уьш тIетесна нуьйра йолучу муьлххачу а) тIехуучу дийнатана тIехаар а дихкина хилар

811. МуIавийата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(ТIетийсина) дареш я цIоькъалоьмийн (цIоканаш йолучу нуьйрашна) тIе ма ховша» (хIара хьадис «хьасан» даржехь йолучу иснадаца далийна Абу Дауда: 4129, Тирмизис, Насаис).

812. Абу ал-Малихьа дийцина, шен дас (АллахI реза хуьлда цунна) дийциначунна тIе а тевжина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) доьхкура акхаройн (акхачу дийнатийн) цIоканех (пайдаэцар)» (хIара хьадис «сахьихь» йолучу иснадаца далийна Абу Дауда: 4132, Тирмизис: 1771, Насаис: 7-176).

132-гIа дакъа

Опубликовано: 09 июня 2010

132-гIа дакъа

Салам муха дала деза

Салам хьалха дIалуш волучо хIара алар суннат ду: «Ассаламу Iалайкум варохьматуллахIи вабарокатухI!» - хоьттина лелош йолу «Iалайкум» боху дукхаллин терахьехь цIерметдош лелош, шега салам луш верг цхьаъ бен вацахь а. Салам схьаоьцучо ала деза: «ВаIалайкум ассалам варохьматуллахIи вабарокатухI!» - «ваIалайкум» дашехь йолучу «ва» бохучу дозаран хуттургах пайда а оьцуш. 

851. Хьусайнан кIанта Iимрана (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Цхьана стага, пайхмар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, элира: «Ассаламу Iалайкум!». (Оцу стага делла салам) схьаийцира цо, цул тIаьхьа иза (тIевеана стаг) охьахиира, ткъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), элира: «Итт». Цул тIаьхьа кхиниг веара, цо элира: «Ассаламу Iалайкум варохьматуллахI!». (Оцу стага делла салам) схьаийцира цо, тIаккха иза а охьахиира, ткъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), элира: «Ткъа». Цул тIаьхьа кхин цхьаъ веара, цо элира: «Ассаламу Iалайкум варохьматуллахIи вабарокатухI!». (Оцу стага делла салам) схьаийцира цо, цул тIаьхьа иза а охьахиира, ткъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), элира: «Ткъе итт»» (Абу Дауд: 5195; Тирмизи: 2690, цо аьлла «хьасан» даржехь хьадис ду хIара).

852. Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) соьга элира: «ХIай, Iайшат! ХIан, хIара Жабраил ду, хьоьга маршалла хоьтту кхо!». Аса элира: «Ва IалайхIиссалам ва рохьматуллахIи ва барокатухI!»» (Бухари: 3768, Муслим: 2447).

Оцу хьадисан шина а «Сахьихь» жайнахь далош долучу цхьадолучу ривайаташкахь «вабарокатухI» бохург юкъахдитина ду.

853. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) нахе) цхьа хIума олучу хенахь, гуттара а ша аьлларг кхузза юх-юха олура - цуьнах (нийса) кхетийта. Ша муьлхха а цхьаъ волучу веача (хIусаман дайшка а) кхузза лора цо салам» (Бухари: 94).

854. Ал-Микъдада (АллахI реза хуьлда цунна) дийциначу деххачу хьадисехь аьлла: «Гуттар а пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) догIу шурин дакъа (иза цIаваллалц юьстаха а доккхий) Iадда дуьтура оха. Буса цIавеара иза, салам а делира цо - вижинарг самавоккхур а воцуш, амма семачунна хаза а хезар долуш. (Цкъа) веаначу пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша гуттара ма-даллара салам делира» (Муслим: 2055).

855. Асмаъ бинт Йазида (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа цхьана дийнахь пайхамара  (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), маьждигехь хевшина Iачу зударийн тобанна[1] ша тIехволуш, куьйган эшарца хаам бира, (цаьрга) салам дала (дагахь волуш)» (Тирмизи: 2698, цо аьлла «хьасан» даржехь хьадис ду хIара).

Цуьнан маьIна: пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) барта (салам далар) ишарца цхьаьна далийра. Иштта и тIечIагIдо Абу Даудан ривайатехь аьллачо: «…салам а делира цо тхоьга». 

856. Абу Журайй ал-ХIужаймис (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу веара со. Аса элира (цуьнга): «(Iалайкассалам), хIай, АллахIан элча!». (Оцу хьокъехь) цо элира (соьга): «(Iалайкассалам) ма ала, хIунда аьлча беллачаьрга ло (Iалайкассалам) (бохучу дешнашца салам)»[2] (Абу Дауд; 4084, Тирмизи: 2722, цо аьлла «хьасан, сахьихь» даржехь хьадис ду хIара. ХIара хьадис хьалхо дуьззина далийна[3]).



[1] Иттангара шовзткъанга кхаччалц долу масал ду цигахь дуьйцург.

[2] ЖехIаллин заманашкахь беллачаьрга луш хилла оцу кепара салам бохург бу цуьнан чулацам.

[3] 796 лоьмар йолучу хьадисе хьажа.

133-гIа дакъа

Опубликовано: 09 июня 2010

133-гIа дакъа

Салам даларан гIиллакхаш (бакъонаш)

857. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Дошлочо гIашлочуьнга (хьалха дала деза) салам, воьдучо - хиънаIаьчуьнга, къеззигчу (нахах тобано) - дукхахчаьрга» (Бухари: 6231, Муслим: 2160).

(Оцу хьадисан веккъа цхьана) Бухарехь (долучу) кхечу ривайатехь (дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьда цунна) иштта элира аьлла): «…Жимаха волучо воккхаха волучуьнга (хьалха дIадала деза) салам».

858. Абу Умамат Судайй бин Iажлан ал-БахIилийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, уггаре а АллахIана герга болу нах - (кхечаьрга) салам хьалха дIалуш берш бу» (хIара хьадис, дика иснад а йолуш, Абу Дауда далийна: 5197).

ХIара хьадис Тирмизис а (2695) даладо. Цуьнгахь, Абу Умамата элира аьлла, дийцина ду: «Цхьамма хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Ши стаг вовшахкхетча, оцу шиннах салам хьалха дIадала дезаш верг муьлханиг ву?». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делира: «Сийлахь-Везачу АллахIана герга верг ву»» (Тирмизис аьлла «хьасан» даржехь хьадис ду хIара).

134-гIа дакъа

Опубликовано: 26 июля 2010

134-гIа дакъа

Стагана ша масийттазза вовшахкхеттачаьрга (вовшах мосазза кхета) юха а салам далар суннат хилар: царна уллохь волуш, ша (цхьанхьа) чувеъча, ара а ваьлла юха чувеъча, я шинна юккъехула дитт даьлча, я муьлхха а цхьа кхин дуьхьало яьлча

859. Вон ламаз диначу стеган хьокъехь дуьйцучу хьадисехь Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «(Мухха а цкъа) цхьана стага (маьждиге а) веана ламаз дира. Цул тIаьхьа пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIе а веана, цуьнга салам делира цо. Цуьнгара салам схьа а эцна, (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «Юха а гIой, хьайн ламаз (юха) де, хIунда аьлча, боккъалаъ, ахьа ламаз ца дина!». (Шен метте) юха а вахана, (юха) ламаз а дина, юха а пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIе а веана, салам дела цо цуьнга. Иза, юх-юха а деш, кхузза дира цо» (Бухари: 757, Муслим: 398). 

860. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух муьлхха а цхьаъ шен вешина дуьхьал кхетча - цуьнга салам лойла цо. Нагахь (оцу хенахь) и шиъ вовшах къастош цаьршинна юккъе дитт, пен я тIулг болахь - ша цуьнца дуьхь-дуьхьал ма кхитти салам лойла цо цуьнга» (Абу Дауд: 5200).

135–гIа дакъа

Опубликовано: 01 мая 2010

135–гIа дакъа

Шен цIа чу ваьлча салам далар суннат хилар[1]

АллахIа (Лекха ву И) аьлла:

«Шаьш хIусамашна чу девллачу хенахь - шаьшка салам ло, АллахIера беркатечу а, дикачу а маршонца» («ан-Нур»: 6).

861. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) соьга элира: «ХIай, кIант! Хьо (хьайн хIусамна чу воьдучу хенахь) хьайн доьзале салам ло - беркат хир ду хьуна цуьнах хьуна а, хьан доьзална а»» («Тирмизи»: 2699, цо аьлла хIара хьадис «хьасан, сахьихь» даржехь ду).



[1] Шен цIа чу ваьлча салам далар суннат хилар, оцу чохь цхьа вацахь а.

136-гIа дакъа

Опубликовано: 01 мая 2010

136-гIа дакъа

 

Берашка салам далар

 

862. (Цкъа) Анас бин Малика (АллахI реза хуьлда цунна) ша (урамехь гулделлачу) берашна юххехула тIехволучу хенахь, цаьрга салам а делла, тIаккха элира: «АллахIан элчано а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дора иштта даима а» (Бухари: 2647, Муслим: 2168).

   

137-гIа дакъа

Опубликовано: 26 июля 2010

137-гIа дакъа

Стага шен зудчуьнга салам муха дала деза а, шен юххера гергарачу (махьрам йолучу) зудчуьнга а, иштта питанах тешам белахь цхьана хийрачу зудчуьнга а, дуккха а болучу зударшка а (салам муха дала деза) а, оццу бехкамца зударша (стегаршка салам муха дала деза) а

863. СахIл бин СаIда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Тхуна юккъехь цхьа зуда яра (кхечу ривайатехь: «…цхьа йоккхастаг яра»). Буракъан орамаш схьаоьций, уьш яй чу а кхуьйсий, тIакха (кIеззиг) мекхан буьртигаш а охьий, (цул тIаьхьа оцуьнах кхача кхехкош). Рузбанан ламаз дина тхаьш дIасадоьлхучу хенахь оха цуьнга салам лора, ткъа цо тхуна (ша кечйинарг) кховдайора» (Бухари: 6248).

864. Умму ХIаниа Фахитат бинт Абу ТIалиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Макка яьккхиначу дийнахь пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу еара со. Иза луьйчуш вара, иза дIахьулвеш дуьхьал бедар лаьцна лаьтташ ПетIамат а йолуш. Ткъа аса салам делира цуьнга» (Бухари: 280, Муслим: 336).

865. Асмаъ бинта Язида (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) тхо (кхечу) зударшна юккъехь долуш, тхуна юххешхула чекхволуш волучу пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салам делира тхоьга» (Абу Дауд: 5204, Тирмизи: 2698, тIаьххьарчо аьлла хIара «хьасан» дарж долуш хьадис ду).

И далийнарг Абу Дауданиг ду, ткъа Тирмизичух дерг аьлча, цуьнгахь аьлла: «(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) маьждигехь хевшина Iачу зударийн тобанна ша тIехволуш, куьйган эшарца хаам бира, (цаьрга) салам дала (дагахь волуш)[1]».



[1] Лоьмар 855 йолучу хьадисе хьажа.

138-гIа дакъа

Опубликовано: 01 мая 2010

138-гIа дакъа

(Бусалба наха) гаурашка салам хьалха дIадалар хьарам хилар а, цара делла салам схьа муха эца дезаш ду хаар а, юккъехь бусалбанаш а, керстанаш а болучу гуламе салам далар суннат хилар а

866. Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Хьалха дIа ма лойла аша салам я жуьгташка а, я керстанашка а. Нагахь шаьш новкъахь царех цхьанна дуьхьал кхетахь – цуьнан (некъан) уггаре а гаттоне татта (таIаве) иза» (Муслим: 2167).

867. Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь Китабан охIлано[1] шайга салам лахь, аша ала: «Ва Iалайкум (шуна а)»» (Бухари: 6258, Муслим: 2163).

868. Усама (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Цкъа) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), юккъехь бусалбанаш а, мушрикаш а (цIунашна лолла деш берш, жуьгтий) гулбеллачу нахана уллох волучу хенахь, цаьрга салам делира» (Бухари: 6254, Муслим: 1798).



[1] Вуьшта аьлча: жуьгташа а, керстанаша а.

Еще статьи...

  • 139-гIа дакъа
  • 141-гIа дакъа
  • 142-гIа дакъа
  • 143-гIа дакъа
  • 146-гIа дакъа
  • 147-гIа дакъа
  • 148-гIа дакъа
  • 149-гIа дакъа
  • 150-гIа дакъа
  • 151-гIа дакъа
  • 154-гIа дакъа
  • 155-гIа дакъа
  • 156-гIа дакъа
  • 157-гIа дакъа
  • 158-гIа дакъа
  • 159-гIа дакъа
  • 160-гIа дакъа
  • 161-гIа дакъа
  • 162-гIа дакъа
  • 164-гIа дакъа
  • 1
  • 2
  • 3
  • 4
  • ...
  • 6
  • 7
  • 8
  • 9
  • ...

Страница 6 из 19

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft