Ислам-дино бусулба умматна кховдийна дикачуй, сийлахьчуй, ладамечуй гIуллакхех цхьаъ ду-кх, берашца хилаезачу ерриг юкъаметтигашна те йоккха терго яхийтарца кхетош-кхиоран ша-тайпа нийса бакъонаш кхетийна хилар а, бер кхетош-кхиорах мел доьзна долу ладаме баххаш довзийтина хилар а. ХIунда аьлча, цу кепара берашца хила еза юкъаметтигаш къастош кхеторой, кхиоран ладаме баххаш довзийтарой хIор кхетош-кхиорхочунна а, дайшна-наношна а таро лур ю, берийн хьокъехь шена техь мел долу кхетош-кхиоран декхарш дан ма-деззара кхочушдан… ткъа, шен белшашна тIехь кхетош-кхиоран декхар долчунна мел боккха аьтто бу-кх, шена техь долу кхетош-кхиоран декхар исбаьхьачу куьцара кхочуш дан а, доьзал кхиоран некъаш практике даха а Ислам-дино хьехначу баххашний, шен суьртан амалийн башхаллаш кхетош-кхиоран сирла некъ дуьххьара гайтинчу Делан элчаний, Аллахера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, баххашна техь!!.
ХIан, хIинца схьаягар ер вай шуна,
кхетош-кхиорхоша а, дайш-наноша а бер дуьненчу ма дели, лело езаш йолу цхьацца бакъонаш: