ХIунда аьлча АллахIа, салам ло аьлла, омра дина Шен Сийлахьчу Жайнахь:
«ХIай, Делах тешнарш! Хийрачу (нехан) хIусамаш чу ма гIойла шу - (цаьрга) пурба деххалц а, оцу чохь болучу бахархошка салам даллалц а» («ан-Нур», 27).
АллахIа (Лекха ву И), аьлла:
«Шаьш хIусамаш чу доьлхучу хенахь - шаьшка (вовшашка) салам ло, АллахIера беркатечу а, дикачу а маршонца» («ан-Нур»: 6).
Пайхмара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен умматна гIиллакх а, оьздангалла а Iамош, салам далар, омра а дина, тIедиллина:
Iасан кIентан Iамран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цаьршинна) аьлла:
«Цхьана стага АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттира: «Исламехь муьлха Iамал ю уггаре а диках ерг?». Цо жоп делира: «Ахьа нахана хIума яор а, хьайна вевзачуьнга а, цавевзачуьнга а салам далар а (ю)»» (Бухари: 12, Муслим:39).
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Шу ялсамане гIур дац - Делах шу тешшалц, ткъа Делах тешна а хир дац шу - вовшийн деззалц. Делахь, аса дийца шуна - шу вовшашна доьзуьйтун дерг? Шайна юккъехь салам даржаде» (Муслим:54).
Б) Берана Iамаде: салам даларан куц-кеп муха хила езаш ю
Салам даларан куц-кеп иштта ю. Дуьххьара салам дIалуш волучо эра ду: «Ассаламу Iалайкум варохьматуллахIи вабарокатухI». Ткъа салам схьаоьцуш волучо, шега салам луш верг цхьаъ бен вацахь а, дукхаллин терахьехь эра ду: «ВаIалайкум ассалам варохьматуллахIи вабарокатухI».
ХIокху кепара салам даларан куц-кеп схьаэцна ю бух болучу цIеначу хьадисашкара:
Хьусайнан кIанта Iимрана (АллахI реза хуьлда цаьршина) аьлла:
«Цхьана стага, пайхмар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, элира: «Ассаламу Iалайкум!». (Оцу стага делла салам) схьаийцира цо, цул тIаьхьа иза (тIевеана стаг) охьахиира, ткъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), элира: «Итт». Цул тIаьхьа кхиниг веара, цо элира: «Ассаламу Iалайкум варохьматуллахI!». (Оцу стага делла салам) схьаийцира цо, тIаккха иза а охьахиира, ткъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), элира: «Ткъа». Цул тIаьхьа кхин цхьаъ веара, цо элира: «Ассаламу Iалайкум варохьматуллахIи вабарокатухI!». (Оцу стага делла салам) схьаийцира цо, цул тIаьхьа иза а охьахиира, ткъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), элира: «Ткъе итт»» (Абу Дауд: 5I95; Тирмизи: 2690, цо аьлла: «хьасан» хьадис ду и).
Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина:
«(Цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) соьга элира: «ХIай, Iайшат! ХIан, хIара Жабраил ду, хьоьга маршалла хоьтту цо!». Аса элира: «Ва IалайхIиссалам ва рохьматуллахIи ва барокатухI!» (Бухари: 3768, Муслим: 2447).
В) Берана салам даларан гIиллакх Iамор ду
Салам даларан гIиллакхашна юкъадогIу: беречо (дошлочо) гIашлочуьнга хьалха салам далар, гIашлочо хиънаIачуьнга хьалха салам далар, тоба кIеззиг йолучара тоба йоккха йолучаьрга хьалха салам далар, жимачо воккхачуьнга хьалха салам далар.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Дошлочо гIашлочуьнга (хьалха хатта деза) маршалла, воьдучо - хиънаIаьчуьнга, къеззигчу (нахах тобано) - дукхахчаьрга» (Бухари: 6231, Муслим: 2160).
Оцу хьадисан Бухарис ша дийциначу ривайатехь аьлла, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«…ткъа жимах волучо – воккхах волучуьнга (хьалха хатта деза) маршалла».
Г) Бусалба нехан доцу салам далар а, маршалла хаттар а доьхкур ду берана
Iамр ибн ШуIайба дийцина, шен дас дийцира, шен дендас дийцира, пайхмара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцира аьлла:
«Кхечарах тарбала лууш берш - тхоьх бац. Жуьгтех а, керстанех а тардала ма гIерта! Жуьгтийн маршалла хаттар – пIелгаш хьалалацар ду, ткъа керстанийн маршалла хаттар - куьйгаш хьалаайдар ду» (Тирмизи).
Оцу бехкамо билгаладоккху: кхидолчу къаьмнийн юкъараллин гIиллакхех а, церан амалийн а, оьздангаллин а башхалонех а къаьсстина йолу бусалба умматан башхалонаш.
Д) Кхетош-кхиорхочо ша хьалха хатта деза берашка салам-маршалла
Ша уьш Iаморхьама а, уьш марзбалийтархьама а, дуьххьарачу кхетош-кхиорхочунна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIаьхьа дазаран дуьхьа а, хIунда аьлча цо а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) луш хилла салам берашка хьалха дIа, ша царна тIехволучу хенахь.
(Цкъа) Анас бин Малика (АллахI реза хуьлда цунна) ша (урамехь гулделлачу) берашна юххехула тIехволучу хенахь, цаьрга салам а делла, тIаккха элира:
«(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) АллахIан элчано а дора иштта, даима а» (Бухари: 2647, Муслим: 2168).
Муслима дийциначу ривайатехь ду:
«(АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) АллахIан элчано ша кегийрахошна юххехула тIехволучу хенахь салам делира цаьрга, аьлла» (Муслим).
Абу Дауда дийциначу ривайатехь ду:
«Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ловзуш Iачу кегийрахошна юххехула тIехволучу хенахь салам делира цаьрга, аьлла» (Абу Дауд).
Ибн ас-Синнийс дийцина, цо (пайхамара) цаьрга элира аьлла:
«Ассаламу Iалайкум, хIай бераш!» (ибн ас-Синний).
Е) Берана Iамаде: керстано салам делча, духа дIалучу хенахь - «Ва Iалайкум» аьлла, дала дезаш хилар
Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Нагахь Китабан охIлано шайга салам лахь, аша ала: «Ва Iалайкум (шуна а)» (Бухари: 6258, Муслим: 2163).
Иштта, кхетош-кхиорхо декхарийлахь ву цунна (берана) Iамо - керстанахе хьалха дIа салам ца далар.
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Хьалха дIа ма лойла аша салам я жуьгташка а, я керстанашка а. Нагахь шаьш новкъахь царех цхьанна дуьхьал кхетахь – цуьнан (некъан) уггаре а гаттоне татта (таIаве) иза» (Муслим: 2167).
Ж) Берана Iамаде: салам хьалха дIадалар - суннат хилар а, схьаэцар - ваджиб хилар а
Ибн Синнийс дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Нагахь муьлхха а цхьамма салам схьаэцахь – цунна (йолехь) ду и, ткъа схьацаэцнарг – тхоьх вац».
Абу Умамат Судайй бин Iажлан ал-БахIилийс (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:
«Боккъалаъ, уггаре АллахIана герга болу нах - (кхечаьрга) салам хьалха дIалуш берш бу» (хIара хьадис, дика иснад а йолуш, Абу Дауда далийна: 5197).
ХIара хьадис Тирмизийс а (2695) даладо. Цуьнгахь, Абу Умамата элира аьлла, дийцина ду:
«Цхьамма хаьттира: «ХIай, АллахIан элча! Ши стаг вовшахкхетча, оцу шиннах салам хьалха дIадала дезаш верг муьлханиг ву?». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Сийлахь-Везачу АллахIана герга верг ву» (Тирмизийс аьлла: «хьасан» хьадис ду хIара).
Кхетош-кхиорхо декхарийлахь ву: цхьацца долучу хьелашкахь салам далар дика ца хилар берашна Iамо а, довзийта а. Оцу хьелех ду кхидIа дагардийриш:
Ламаз оьцуш волучуьнга, бани чохь волучуьнга, хIума юуш волучуьнга, тIом беш волучуьнга, КъурIан доьшуш волучуьнга, АллахI хьехош волучуьнга, хьаьжцIахь «лаббайк» бохуш волучуьнга, рузбанахь а, кхечанхьа а хутIба доьшуш волучуьнга, маьждигехь а, кхечанхьа а хьехам беш волучуьнга, фикъхIан докладхочуьнга, дарс хьоьхуш мукъа воцучуьнга, Iилманехь кIорггачарех болу цхьа таллам беш воллучуьнга, ламазан моллалла кхойкхучуьнга, къамат дечуьнга, шен хьашт кхочуш деш волучуьнга, кхиэл еш волучуьнга, и. дI. кх. а.
Салам далар суннат доцучу хенашкахь шега салам деллачуна тIехь дац - шега делла салам схьаэцар.
Кхетош-кхиорхой декхарийлахь бу: салам даларан гIиллакхаш шаьш лелон а, уьш шайн берашна а, доьзалашна а Iамон а. Шайн юкъараллин дахарехь а, иштта нахаца лелочу шайн юкъаметтигашкахь а и гIиллакхаш лелон уьш марзбалийта а, цаьрга болийта а.
Турпалан кIант Фарукъ.

