• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Видео
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт

ХIума яаран а, хи маларан а гIиллакхаш

Опубликовано: 21 июля 2009

ХIума яаран гIиллакхаш

А) ХIума яа волалуш юьххьехь бисмилла даккхар, йиъна ваьлча - Далла хастам бар

Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIума юучу хенахь шух хIораммо а Сийлахь-Везачу АллахIан цIе йоккхийла. Нагахь (хIума юучу) юьххьехь Сийлахь-Везачу АллахIан цIе яккха вицлахь, цо олийла: «АллахIан цIарца» юьххьехь а, чаккхенехь а» (Абу Дауд: 3767, Тирмизи: 1859).

Имам Ахьмада а, кхечара а дийцина, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ша хIума йиъча я хи мелча олуш вара аьлла: «Хастам бу АллахIана - вай дузийначу а, вайна малийначу а, вай бусалбанех диначу а» (Имам Ахьмад).

Б) Юург емал цаяр

Абу-ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цкъа а цхьана а тайпа юург емал ца йора: шена и езахь - юура, ца езахь - Iадда юьтура» (Бухари: 5409, Муслим: 2064).

В) Аьтту куьйга хIума яар, шена хьалхха кховдар

Абу Саламатан кIанта Iумара дийцина: «Беран хенахь АллахIан элчано дола деш, цуьнан Iуьналлехь вара со. Гуттар а шун мел ду (массо а шуьнан кIажошкахула) сайн куьг кхерстош Iедал дара сан, амма (цкъа) АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) соьга элира: «ХIай, кIант! Ала: «АллахIан цIарца!» («БисмиллахIи»). Хьайн аьтту куьйга а яа, хьайна хьалхха а кховда» (Бухари: 5376, Муслим: 2022).

Г) ДIатевжина а волуш, хIума цаяар

ХIунда аьлча, дIа а тевжина, хIума яарехь - могашаллина зенаш ду, кураллин билгалонаш а ю.

Абу Жухьайфа ВахIба бин IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Айса хIума юучу хенахь (цхьана а хIуманна) тIетевижий ца юу аса» (Бухари: 5398).

Д) ХIума юучу хенахь къамел дар суннат лерина ду

Джабира (АллахI реза хуьлда цунна), дийцина: «(Цкъа) пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен цIерачаьрга (муьлхха а цхьа) чамбийриг ехча, цара элира: «Вайгахь, къонза доцург, кхин хIумма а ян-м яц». ТIаккха (къонза) схьа а дехна, хIара дешнаш а олуш, хIума яа вуьйлира иза: «Ма дика чамбийриг ду-кха къонза, ма дика чамбийриг ду-кха къонза!» (Муслим: 2052).

Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цIеначу хьадисашкара билгалдаьллачух ду - ша хIума юучу хенахь цо шен асхьабашца къамелаш дина хилар.

Е) Ша хIума йиъна ваьлча, шена хьошалла диначунна доIа дар суннат ду

Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхьмар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), (цкъа) Iубадатан кIант СаIда (АллахI реза хуьлда цунна) волучу веана хила. Цо цунна хьалха бепиг а, даьтта а диллина. Иза даа а диъна, цул тIаьхьа пайхьмара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Марханаш долучара марханаш достийла шуьгахь, шун кхача дикачу наха а боийла, малекаша гечдар а доьхийла шуна!» («АфтIара Iиндакумуссоимуна, ва акала тIоIамукумул аброру, ва соллат Iалайкумул малаикату»)» (Тирмизи: 785, хIара «хьасан» хьадис ду аьлла цо).

Ж) Шел а воккханиг волучохь цул а хьалха хIума яа цаволавалар

Хьузайфата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Тхайн АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цхьаьна хIума яар нисделча, оха цкъа а цхьана а хIуманна тIе тхешан куьг ца хьора - АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIума яа волаваллалц а, цо цхьа хIума схьаэццалц а. Цкъа тхо цуьнца хIума яа цхьаьнакхетта а долуш, тхан цхьа йоI тIееара. ТIелаьллича санна (сихъелла), (оцу сохьта шуьна чохь йолучу) юучунна тIе шен куьг даьхьира цо, амма АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) катоьхна цуьнан куьг схьалецира. ТIаккха цхьа акха Iаьрбо веара - иза а, (иштта) сиххвина, цхьамма тIелоьллуш санна. Иза а сацийра (элчано), катоьхна куьг а лаьцна. ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Боккъалаъ, Веза-Сийлахьчу АллахIан цIе яккханза йолу яахIума шайтIано шена магайо. Иза дара и йоI кхуза ялийнарг а - цуьнгахула шена кхача магоран дуьхьа, амма аса катоьхна схьалецира цуьнан куьг. Цул тIаьхьа хIара акха Iаьрбо валийра цо кхуза - цуьнгахула а шена кхача магоран дуьхьа, амма аса катоьхна схьалецира цуьнан куьг а. Аса дуй ма буу сайн са Шен карахь долучух: боккъалаъ, (шайтIанан) куьг ма дара сан карахь - аса катоьхна цаьршиннан куьг схьалаьцначу хенахь»» (Муслим: 2017).      

З) НиIматан пусар дар, пусар доцуш цахилар

Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша хIума йиъна ваьлча, шен кхаа пIелгах мотт хьокхура. Цо элира: «Нагахь шух цхьаьннан (юучух) юьхк охьайожахь, (и юьхк) шайтIанна ца юьтуш, схьа а эций, оцу тIера совнаха йолучух и дIа а цIанъяй, яа и». Цо тхуна тIедиллина бошхап дIацIандар. Цо элира: «Боккъалаъ, шуна ца хаьа шайн кхачанехь муьлхачу юьхкехь ду беркат»» (Муслим: 2034).

Хи маларан гIиллакхаш

А) Хи мала волалуш юьхьехь бисмилла даккхар, мелла ваьлча - Далла хастам бар, кхоккха къурд беш малар – суннат ду

Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Эмкало санна цхьана метта (цкъа хьаладерзадай) дерриге хи дIа ма мала. (Юккъехь) шозза, кхузза (са а доккхуш мала), молучу хенахь - «АллахIан цIарца!» («БисмиллахIи») а ала, мелла девлча - АллахIана хастам а бе» (Тирмизи: 1886, «хьасан» даржехь хьадис ду и аьлла цо).

Б) Китан бертигера хи малар дихкина ду

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ца магийра жимачу (я йоккхачу) китан бертигера хи малар» (Бухари: 5627).

Цкъа-делахь, юкъараллин оьздангаллица ца догIу и. ШолгIа-делахь, оцу хи чу могашаллина зенехь йолу хIума йожа а тарло.

В) Молуш долучу хи чу мох бетта цамагар

Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цаьршина) аьлла: «Пайхмара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дихкина пхьегIина чу садеIар а, цунна чу хIуп бахар а» (Тирмизи: 1889).

Цхьа а къайле яц, пхьегIина чу садеIарехь а, хIуп бахарехь а могашаллина долу зенаш хилар а, юкъараллин гIиллаккхашна а, оьздангаллина а иза дуьхьала хилар а.

Г) Хи молуш а, хIума юуш а охьахаар хастаме лерина ду

Анаса (АллахI реза хулда цунна) аьлла: «Пайхмара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) стагана ирахь а волуш (хи) малар дихкина. Къатадата элира: «Оха Анасе хаьттира: «Ткъа (хIума) яар»? Цо элира: «Иза гуттар а вон ду (вуно ирча ду)» (Муслим: 2024).

Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхмара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шух цхьаммо а, хIуъа хилча а, ирахь (хи) ма молийла, ткъа вицвеллачо - (ша мелларг) охьаIеттаде» (Муслим: 2026).

Пайхмара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ирахь хи малар а ду бух цIена болучу хьадисашкахь дуьйцуш. Ткъа цо ирахь а волуш хи маларан бахьана - и мегаш хилар довзийтаран дуьхьа ду. Хи молучо охьа а хиъна молучул а, ирахь а волуш малар гIолехь долуш меттигаш а йогIу, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ирахь а волуш замзам-хи маларе терра. Ирахь хи мала магоран бахьанех кхин а цхьаъ ду - бусалба дино дайдаре а, атта даре а, хало ца яре а кхойкхуш болу КъурIанан бух: «Шуна - дайдан лаьа, АллахIана - хало ян ца лаьа».

Д) Дешин а, детин а пхьегIаш чуьра хи малар дихкина ду

Умму Саламатас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Детин пхьегIина чуьра молуш волучуьнан кийрахь жоьжагIатин цIеран гIовгIа хир ю» (Бухари: 5634, Муслим: 2065).

Муслиман кхечу ривайатехь аьлла: «Бокккъалаъ, дешин а, детин а пхьегIина чохь юуш я молуш волучунна…».

Цо кхечу ривайатехь аьлла: «Бокккъалаъ, дешин я детин пхьегIина чохь молуш волучуьнан кийрахь жоьжагIатин цIеран гIовгIа хир ю».

Е) Гай дуза цамагор:

Абу Кариматас ал-Микъдад бин МаIди Карбас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла: «Адамо, (цкъа а) шен гайнал вон пхьегIа ца юьзна! Адаман кIантана юучух (масех) юьхк кхачаме ю, цуьнан гIоьнца цуьнгахь гIора лаьттан йолу, нагахь иза (кхин а сов яанза) ца валахь; (гайн) кхоалгIа дакъа - яахIуманна, кхоалгIа дакъа - маларна, кхин а кхоалгIа дакъа – (атталлина) садеIарна» (Тирмизи: 2381, хIара «хьасан» даржехь хьадис ду).

Кхетош-кхиорхой декхарийлахь бу хIара гIиллакхаш  къовламе лелон а, иштта уьш шайн берашна а, доьзалашна а дIахьеха а… Шайн юкъараллин дахарехь уьш оцу гIиллакхашка марзбалийтаран дуьхьа а, цаьрга уьш болийтаран дуьхьа а, шаьш нахаца лелош йолу юкъаметтигаш цаьрга оцу гIиллакхашца нисйина лелаяйта а.

Турпалан кIант Фарукъ.

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2023, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft