Лахахь вай дагардина пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дена а, нанна а дика хиларан хьокъехь дина хилла долу хаза, оьзда весеташ. Ткъа дайшна а, наношна а, бераш гIиллакхехь оьзда кхетош-кхиорхошна а тIехь важиб ду - кегийра доллучуьра шайн берашна и весеташ Iамор а, царна уьш дIахьехар а. ХIунда аьлча цаьрга уьш схьаэцийта а, цаьрга шайн дахарехь оцу весеташа луш болучу хьехамашца Iамал яйта а.
А) АллахI резахилар да-нана резахиларца доьзна ду
Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цхьа а бусалба ма вац, шен бусалба долучу дена а, нанна а Iуналла деш волу, - АллахIа цунна ялсаманин ши неI схьайоьллуш бен, (нагахь цо Iуналла дийриг оцу шиннах) цхьаъ делахь - цхьа (неI схьайоьллур ю цунна). Нагахь цаьршиннах цхьаъ оьгIаздаханехь - АллахI реза хир вац цунна, и шиъ (да-нана) цунна реза хиллалц». (ЛадугIуш волучарех) цхьамма хаьттира: «Цаьршимма цунна деш зулам делахь?». Цо жоп делира: «Цаьршимма цунна деш зулам делахь а»» (Бухарис дийцина «Адаб ал-Муфрад» жайнахь).
IабдуллахI бин Iамр бин ал-Iасас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахI резахилар - да-нана резахиларца доьзна ду. АллахI оьгIазвахар - да-нана оьгIаздахарца доьзна ду» (Субулус-салам).
Б) Дена а, нанна а дика хилар АллахIан новкъахь деш долучу ЖихIадал а хьалхара ду, нагахь ЖихIад парз Iайн дацахь
Iумаран кIанта IабдуллахIа (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, (цкъа) цхьана стага пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIан новкъахь ЖихIад дан Iалашо ю сан». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) цуьнга хаьттина: «Да а, нана а дуй хьан?». Цо жоп делла: «ХIаъ». (ТIаккха пайхамара (АллахIера къинхетам, маршо хуьлда цунна)) аьлла: «Цаьршиннан хьокъехь де ЖихIад»» (Бухарис дийцина).
МуIавийат бин ЖахIимата дийцина, (цкъа) ЖахIимата (АллахI реза хуьлда цунна), пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, элира аьлла: «ХIай АллахIан элча, гIазот дан Iалашо яра сан, хьоьх дагавала веанера со». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) хаьттина цуьнга: «Нана юй хьан?». Цо жоп делла: «ХIаъ». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) аьлла: «Цуьнца цхьаьна саца хьо, боккъалаъ, ялсамани цуьнан когашна гергахь ю» (Ахьмад, Насаи).
IабдуллахI бин Iамр бин ал-Iасас (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «(Цкъа) цхьа стаг веара АллахIан пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIе, цо алира (цуьнга): «Аса дуй буу хьуна, хIижрат дан а, ЖихIад дан а сайна Сийлахь-Везачу АллахIера ял езан дела. (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) хаьттира: «Дех-ненах цхьа а дийна дуй хьан?». Цо жоп делира: «ХIаъ, ший а ду (дийна)». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) хаьттира: «Сийлахь-Везачу АллахIера ял езаш а ву-кх хьо, вуй?». Цо жоп делира: «ХIаъ». ТIаккха (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «ХIета, хьайн да-нана долучу юха а верзий, дика хила хьо цаьршинна» (Бухари: 3004, Муслим: 2549).
В) Дена а, нанна а дика хиларх ду - и шиъ кхелхича цаьршинна доIа дар а, цаьршимма гергарало лелийначаьрца гергарало лелор а
Беркатечу а, Сийлахь-Везачу а АллахIан омрина муьтIахь хиларна юкъадогIу иза:
«Къинхетам беш, муьтIахьаллинн тIам охьатаIабе цаьршинна хьалхахь, ала а ала: «Сан Дела, къинхетам бехьа цаьршиннах, цара жима волуш со кхиа ма вина» («ал-Исраъ»: 24).
Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «Велларг даржехь айво, ткъа цо хотту: «Сан Дела, хIара хIун ду?». (АллахIа) олу цуьнга: «Хьуна гечдар дехна хьан кIанта»» (Бухарис дийцина «Адаб ал-Муфрад» жайнахь).
Абу Усайда Малик бин РабиI ас-СаIидийс (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «(Цкъа) тхо АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучохь долуш, иза волучу веара бану-салама (тайпанах) цхьа стаг, цо хаьттира (цуьнга): «ХIай, АллахIан элча, сайн да-нана деллачул тIаьхьа цхьана а кепара цаьршинна дика дан агIо буй сан?». Цо жоп делира: «ХIаъ, цаьршинна доIа дар, АллахIе цаьршинна гечдар дехар, и шиъ деллачул тIаьхьа цаьршиннан ваIданаш (весеташ) кхочушдар, цаьршимма гергарало тесначу нахаца долу гергаралонаш дIалелор, цаьршиннан хилла доттагIий ларар»» (Абу Дауд: 5142).
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Уггаре лакхара дика - стага шен дена безначаьрца гергаралонан уьйраш латтор ду».
IабдуллахI бин Динара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «(Мухха делахь а, цкъа) Макка боьдучу новкъахь Iумаран кIантана IабдуллахIана (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дуьхьалкхетта хилла цхьа акха Iаьрбо. IабдуллахI бин Iумара цуьнга салам делла, иза шен вирана тIехаийна, ша-шен коьртахь лелош йолу чалба цунна дIаелла. Ибн Динара дийцира: «Цул тIаьхьа оха элира цуьнга: «АллахIа хьекъале валаве хьо, кIеззиг (хIума) делча а реза хуьлуш акха Iаьрбой бай, ткъа, уьш-м!». (Оцу хьокъехь иштта) жоп делира IабдуллахI бин Iумара: «Боккъалаъ, (оцу) стеган да дукха везара Iумар бин Хаттабана (АллахI реза хуьлда цунна). Бакъдолуш, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна ву со: «Уггаре лакхара дика - стага шен дена безначаьрца гергарлон уьйраш латтор ду»» (Муслим: 2552).
Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(Дена) дика дар ду хьуна - ахьа хьайн ден доттагIашца гергарло лелор» («МуджмаI аз-Заваид» жайна).
Г) Дика дарехь дел а нана хьалхаяккхар
Абу-ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «(Цкъа) цхьана стага, АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIе а веана, хаьттира: «ХIай, АллахIан элча, нахах уггаре а со дика хила хьакъ верг мила ву?». Цо жоп делира: «Хьан нана». (Оцу стага) хаьттира: «Цул тIаьхьа мила ву?». Цо жоп делира: «Хьан нана». (Стага) хаьттира: «Цул тIаьхьа мила ву?». Цо жоп делира: «Хьан нана». (Оцу стага юха а) хаьттира: «Цул тIаьхьа мила ву?». Цо жоп делира: «Хьан да»» (Бухари: 5971, Муслим: 2547).
Ибн Касира шен тафсир жайнахь дийцина, Сулайман бин Бурайдатас дийцира, шен дас дийцира аьлла: «(Цкъа) цхьа стаг хилла шен нана а гехь тIаваф деш. Пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттина цо: «Цуьнан хьакъ кхочуш диний аса?» аьлла. (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) жоп делла: «ХIан-хIа, я цо цкъа диначу узаран (1) (хьакъ-м ца дина ахьа кхочуш)»».
(1) Узар - доьзалхо вечу хенахь нанна тоьхначу лазаро дайтина долу узар ду.
Бурайдата дийцина: «(Цкъа) цхьана стага пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, хаьттина: «ХIай, АллахIан элча, сайн нана сайн гихь а йолуш, шиъ фарсах некъ хадийна аса, жижиган юьхк охьатесча, иза а ятталун йолучу чIогIачу бурконехь. Айса цунна бан хьакъ болу бекхам биний аса?». Цо жоп делла: «Цунна цкъа тоьхначу лазарна дуьхьал нислуш хила мега-кха хьан и»» («МуджмаI аз-Заваид» жайна).
Ислам-дино дика дарехь дел а нана хьалхаяккхар ши бахьана долуш ду.
Хьалхараниг: доьзалхо бахьанехь нанас дуккха а дукха халонаш хьоьгу дасчул а, хIунда аьлча нанас доьзалхо кийрахь лелаво, иза дуьненчу воккху цо, иза вакхаво цо, дIахIоьттина цунна оьшучуьнга хьаьжна хуьлу иза, цуьнан хьашташ луьсту цо, кхиаво цо иза. Амма дена оцу халонех кIеззиг дакъа бен ца кхочу: цо кийрахь ца лелаво шен доьзалхо, ван ца деза цуьнан иза, вакхон а ца деза цуьнан иза, ненан санна, дийнахь а, буса а керахь лелон а ца деза цуьнан иза. И дерриге къеггина схьадуьйцу Сийлахь-Везачу а, Беркатечу а АллахIа Шен къамелехь:
«Адаме весет дина Оха: шен дена а, нанна а дика де (дика хила) аьлла. Цуьнан нанас лелийна иза, тIеттIа тIе гIелонаш а ловш, шина шарахь некхах а доккхуш. Баркалле хила Суна а, хьайн дена-нанна а, хIунда аьлча Соьга ю доьрзийла» (Лукъман: 14).
КIеззиг магIарш лакхахь вайна хезира элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттиначу стага аьлларг: «Сайн нана сайн гихь… лелийна аса. Айса цунна бан хьакъ болу бекхам биний аса?». АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цунна дуьхьал делла долу жоп а хезира вайна: «Цунна цкъа тоьхначу лазарна дуьхьал нислуш хила мега-кха хьан и».
ШозлагIниг: нана, Дала шен доьзалехьа шен дагчу биллиначу безамна а, синхаамна а, доглазарна а, къинхетаме хиларна а, доьзалхо дукха везарна а, дегахьчул а дуккха а доьзалехь къинхетам а, Iуналла а, тIалам а, терго а, сингаттам а, гIайгIа а алсам долуш ю.
Ткъа доьзалхочо цкъацкъа шена тIехь долу шен ненан хьакъ лардарехь ледарло йо, хIунда аьлча цунна го шен ненан шеца къинхетаме хилар а, цуьнан шех лозун дог а, цунна ша дукхавезар а. Ненан дог къинтIера даланза ца Iай а хаьа цунна, нанас шен деган кIедаллина шена гечдийр дуйла а хаьа цунна.
Цундела доьзалхочуьнга весет деш деана Iаламате ШарI: нанна гуттар дика хила, цунна хила ма-веззара муьтIахь хила аьлла, хIунда аьлча доьзалхочуьнга шен ненан хьокъехь кIадо ца яйтархьама а, нанна дика хилар, ненан сий дар, ненаца лараме юкъаметтиг лелор тергамза тесна ца дитийтархьама а, ненах букъ ца беттийтархьама а.
Ненан доьзалхочух доглазар а, иза цуьнца къинхетаме хилар а тIечIагIдо, доьзалхо шен нанна мел чIогIа вон велахь а, иза цуьнах мел кхаьрдаш велахь а, иза цуьнах мел букъбетташ велахь а… И дерриге дицдо нанас - цуьнга муьлхха а цхьа бохам беъча, цуьнга муьлхха а цхьа сингаттам беъча.
Самаркандерачу Абу ал-Лайсас дийцина, Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцира аьлла: «Iалкъамат цIе йолуш цхьа жима стаг вара элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) заманахь. Цкъа, цомгаш а хилла, цамгар чIагIъеллера цуьнан. Цхьамма аьлла цуьнга: ««Ла илахIа иллаллохI» алахь». Амма мотт цакерчар бахьаница схьацаалалуш кIелвиссина хилла иза. Цуьнгара хьал пайхамаре дIадийцича, цо аьлла: «Да-нана дуй цуьнан?». Хабар дохьуш веаначо жоп делла: «Да воцуш ву цуьнан, къена нана-м ю». ТIаккха цхьаъ иза схьакхайкха вахийтина цо, схьаеъча цуьнга хаьттина цо оцу (кIентан) хьолах лаьцна. (Нанас) аьлла: «ХIай, АллахIан элча, оццул-хIоккхул (дукха) ламазаш деш вара иза, оццул-хIоккхул (дукха) марханаш кхобуш вара иза, (дозаллин а, дукхаллин а) чот йоцуш, дукха дирхIамаш сагIийна хьажош вара иза. (АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) хаьттина: «Ткъа шуьшиннан юкъаметтиг муха яра?». (Нанас) жоп делла: «ХIай, АллахIан элча, оьгIазъяхана ю-кха со цунна». (АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) хаьттина цуьнга: «ХIун бахьана ду хьо цунна оьгIазъхаран?». Цо жоп делла: «Соьгачул а шен зудчуьнгахьа узуш вара иза, массо хIуманехь цунна муьтIахь хуьлуш вара иза». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Цуьнан нана цунна оьгIазъяхар бахьана долуш, мотт сацийна бу цуьнан, цундела «Ла илахIа иллаллохI» тоьшалла ца даладало цуьнга». Цул тIаьхьа (АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) аьлла: «ХIай, Билал, гIой дуккха а дечиг гулдел, цIарна юккъехь вагор ву аса иза». (Нанас) аьлла: «ХIай, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), сан кIант, сан деган стом, суна хьалххахь цIергахь вагон воллу хьо иза?! Ткъа сан даге муха лалур ду иза?». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Нагахь АллахIа цунна гечдича хьо йоккхайийр йолуш елахь, резахила еза хьо цунна? Ткъа аса сайн са (дегI) Шен керахь долучух дуй буу: цунна цхьа а пайда бийр ма бац цуьнан ламазаша а я цуьнан сагIанаша а хьо цунна оьгIазъяхана мел ю». Шен куьг хьала а айдина аьлла цо (нанас): «Боккъалаъ, со цунна резахиларна теш ма хIоттаво аса Шен стиглахь волу Сийлахь-Веза АллахI а, хIай, АллахIан элча, хьо а, кхузахь мел верг а». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Билал, гIой лалогIал: Iалкъамате алалой-те «Ла илахIа иллаллохI». Хьанна хаьа, даггара а долуш, АллахIан элчанах эхь а хетта, аьлла хила мега цуьнан нанас ша аьлларг». ДIаваханачу Билалана, вахана ша цуьнан (Iалкъаматан) неIаре ма кхаьчна, бохуш хезна цо: «Ла илахIа иллаллохI». И (кIант) оцу дийнахь велла, иза лийча а вина, марчо а хьарчийна, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цунна докъа ламаз а дина, цул тIаьхьа кошан йисте дIа а хIоьттина, аьлла цо: «ХIай, мухIажарийн а, ансарийн а тоба, шен зудчуьнгахьа ненечул а озабезам сов хиллачунна хуьлда АллахIан неIалт, (АллахIа) къобалдийр долуш ма дац цуьнан тоба а я мах а»».
ХIара хьадис кхечу дешнашца ТIабаранис а, Ахьмада а дийцина.
Нана дика дарехь дел а хьалхайоккхуш ю оцу дийциначу шина бахьанина.
Лакхахь дийцинарг кхетош-кхиорхошна хаа деза - шайн доьзална а, берашна а, деган стоьмашна а дика хилар а, муьтIахь хилар а, шен ненаца кIеда-мерза хилар а, церан гIайгIаяр а, церан хьаккъаш дан ма-деззара лардар а Iаморан дуьхьа.
Д) Дена а, нанна а дика хиларан гIиллакхаш
Шайн дайшца а, наношца а лелон дезаш дахаран кеп хазъеш долу, лелар исбаьхьа деш долу хIара гIиллакхаш шайн берашна а, доьзалашна а Iамор тIехь ду хIора кхетош-кхиорхочунна а, дена-нанна а. Уьш дIанисдина тIаьхьайогIучу къепехь: боьлхуш-богIуш царна хьалха цалелар, цаьрга кхойкхучу хенахь церан бакъ йолучу цIерашца цакхайкхар, охьаховша лериначохь царел хьалха охьацаховшар, цара муьлхха а цхьа хьехар дича оьгIазцаэхар, церан бIаьрг тIехь сецна юург схьацаэцар, уьш бухахь нислучу меттехь царна тIехула нислуш йолучу лакхенга хьала цавалар, цара де бохучунна дуьхьал цавалар...
Лакхахь дагардина гIиллакхаш лардан дезар тIедожош болу бух - Сийлахь-Везачу а, Беркатечу а АллахIан дош ду:
«Хьан Дала тIедиллина хьуна: Ша воцучунна цхьанна а лолла цадар а, дена-нанна чIогIа дика хилар а. Нагахь дех-ненах цхьаъ я ший а къанлахь, ткъа ма олийла ахьа цаьрга «тпуй», тIе а ма чийха царна, дош а лараме ала цаьрга. Къахеташ, муьтIахьаллин тIам охьа а таIабай царна хьалхахь, ала а ала: «Сан Дела! Къинхетам бе Ахьа царех - жима волуш цара со кхиочу хенахь соьх къинхетам ма-барра»» («ал-Исраъ»: 23-24).
Иштта АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дош а ду:
«Шен дена дика хилла ма вац - оьгIазлонца шен бIаьрг цунна тIехьаьжийнарг» (МуджмаI аз-Заваид: 8).
Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу, шеца цхьаьна вокха стаг а валош, цхьа стаг веара. (АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) хаьттира цуьнга: «ХIай, мила ву хIара хьоьца верг?». Цо жоп делира: «Сан да ву». ТIаккха (АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «Ткъа цунна хьалха валий ма лела, цул хьалха охьа ма хаа, цуьнан (бакъ йолучу) цIарца кхайкха ма кхайкха цуьнга, дов ма де цунна»» (МуджмаI аз-Заваид: 8).
Кхин дIа салафаша шайн дайшца а, наношца а хIара хаза гIиллакхаш мел лерина лелийна хилла гойтуш долу цхьадолу дийцарш дуьйцур ду.
- «Iуюн ал-Ахбар» жайнахь, и жайна яздиначо дийцина тIаьхьара дийцар: «Цкъа цхьамма Iумар бин Зайде хаьттира: «Дийцахь, хьан кIант мел дика ву хьуна?». Цо жоп делира: «Цкъа а дийнахь вола ца велла со - иза суна тIехьа соьцуш бен, я буьйсанна (некъахь зене хIума ду я дац хьожуш) - иза суна хьалха воьдуш бен, тхевна тIе хьала а ца ваьлла иза - со шена бухахь нислучохь».
- «МужмаI аз-Заваид» жайнахь, и жайна яздиначо дийцина тIаьхьара дийцар: «Абу ГIассана ад-Диббийс аьлла: «Сайн деца цхьаьна араваьллера со, де къевкъина хан яра иза. Дуьхьалкхеттачу Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) соьга хаьттира: «ХIара мила ву?». Аса жоп делира: «Сан да ву». Цо элира: «Воьдучу хенахь цунна хьалха ма гIо, цунна тIехьа я цунна агIор хила. Хьайний, цунний юкъадIашхула цхьа а ма валийта. Хьайн ден тхевна тIехула ма лела. Хьайн да цуьнга хьаьжна йолу Iаркъ (2) яа схьа ма эца, хIунда аьлча цунна езаелла хила мега и»».
(2) Iаркъ - тIера дукхах долу жижиг дIаэцна йолу даьIахк.
- «Iуюн ал-Ахбар» жайнахь, и жайна яздиначо дийцина тIаьхьара дийцар: «Маъмунас (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла: «Фодл бин Яхьйа санна шен дена дика хилла кIант вайна ма вац суна. Иза мел дика вара хьуна аьлча: Яхьйа цкъа а дохдиначу хица бен ламаз оьцуш вацара, ткъа и шиъ цхьаьний цкъа набахтичу воллиначу хенахь, цхьа шийла еаначу буса набахтхочо (хи дохдан) дечиг чу ца даийтинера. Ткъа Фодлас (шен да Яхьйа дIа а вижийтина), хьала а гIаьттина, вахана чохь хи дохдеш долу шиша схьа а эцна, (хих) и дуза а дуьзна, чиркхан цIарна улло а лаьцна, дIахIоьттинера, Iуьйре хиллалц и шен керахь а долуш, лаьттинера иза. ХIара дерриге дина цо - шен дена дика хиларан, довхачу хица цуьнга ламаз эцийтаран дуьхьа»».
- Цкъа Салахь веана хилла Мансуран кхеташоне. Ша цуьнца къамел дечу юккъехь кест-кеста олуш хилла иза: «(Сан дас (АллахIа къинхетам бойла цуьнах)» олий). (Мансуран) кехочо РабийIас аьлла цуьнга: «Хьайн дена къинхетам кеста-кеста беха оьшуш дац хьуна муъма-нехан амир волучохь». (ТIаккха Салахьа) аьлла: «Аса бехк ца буьллу хьуна, хIунда аьлча ден марзонан чам бевзачух тера дац хьуна». Вела а къежна, Мансура аьлла: «И бу хьуна Бану ХIашимхошна новкъа гIоьрттиначунна бекхам»».
- Ибн Хьиббана шен «Сахьихь» жайнахь дийцина: «(Цкъа) Абу-Дардаъ волучу веаначу цхьана стага хаьттина: «Боккъалаъ, сан дас зуда ца ялийча вита а ца вити со, ткъа хIинца соьга, иза йита бохуш, омра а до цо?». (Абу Дардаа) жоп делла: «Хьоьга хьайн дена а, нанна а вон хила аьлла омра дийр долуш вац со, я хьоьга хьайн зуда йита аьлла омра дийр долуш а вац со. Делахь а, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезнарг-м дуьйцур ду аса хьуна. (АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) элира: «Да - ялсаманин неIарех юккъера неI ю». Ткъа хIинца, хьайна лаахь - и неI ларъе, хьайна лаахь - лар а ца еш, йита а йита». Цо элира: Суна хетарехь, IатIаас аьлларг: цо и зуда йитира дара».
Абу Дардаа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) цхьана стага, ша волучу а веана, элира аьлла: «Сан зуда ю, ткъа сан нанас соьга иза йита боху!». (Оцу хьокъехь) Абу Дардаа аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна суна: «Да а, нана а - ялсаманин юккъера наьIарш ю». Хьайна лаахь - оцу неIарех вала а, ца лаахь - ца вала а (йиш йулуш) ву-кха хьо»» (Тирмизи: 1901, цо аьлла хIара «хьасан, сахьихь» даржехь хьадис ду).
Iумаран кIанта (АллахI реза хуьлда цаьршинна), аьлла: «(Шен хенахь) суна дукхаезаш зуда яра сан, амма Iумарна (АллахI реза хуьлда цунна) ца езара иза. (ТIаьххьара а) цо элира соьга: «Йита иза!». Ткъа аса ца йитира. ТIаккха Iумара (АллахI реза хуьлда цунна), пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда) волучу а веана, оцу дерригенах лаьцна дIадийцира: ТIаккха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира: «Йита иза!»» (Абу Дауд: 5138, Тирмизи: 1189, цо аьлла хIара «хьасан, сахьихь» даржехь хьадис ду).
Е) Дайшка а, наношка а лараме цахиларан волла дIахьеяр
Дена а, нанна а вон хилар бохург, кхечу дешнашца аьлча: дена а, нанна а Iеса хилар ду, цаьрга лацадогIар ду, цара аьлларг цадар ду, церан хьаккъаш ларцадар ду…
Дена а, нанна а вон хиларна юкъадогIу: кIант ша оьгIазваханачу хенахь шен дега кIелдIашхула хьежар а, кIантана ша шен ден могIарехь хетар а, иштта ша шен деца нисвелла хетар а.
Вон хиларна юкъадогIу: доьзалхочо шен дена а, нанна а куьйгех барт баккха цатигар, доггах цаьршиннан ларам а, сий а дан цагIертар а.
Вон хиларна юкъадогIу: доьзалхо кураллин керавахча – сел шен ден цIарца ша дIавовзийта эхь хетачу тIевалар, нагахь къаьсттина иза нах хьоьгучу а, гоьяьллачу а юкъараллехь велахь.
Вон хиларна юкъадогIу: доьзалхочо мискачу шен дена а, нанна а рицкъа цалаттор, даарехь-маларехь кхачо цаяр, сел цаьршимма шайн доьзалхо ШарIан кхиэле лучу тIе а доккхуш, шайна хьакъдолу рицкъа латтор къедане шайн доьзалхочунна тIедожадайтаран дуьхьа.
Уггаре а чIогIа вон хилар ду: доьзалхочо шен дена а, нанна а «тпуй» бахар, цаьршинца карзахе а, оьгIазе а юкъаметтиг лелор, шен аз церан озал хьалаийдар, царна тIечийхар, лазочу дешнашча цаьршинна чевнаш яр, и шиъ сийсаздаккхар, и шиъ юьхьIаьржа хIиттор, оцу шиннах цавашар, цаьршиннан амалш аьшнаш яр.
Цундела вай цецдовла а, тамаша бан а хIума дац: АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дена а, нанна а вон хиларх лардала дезаш хилар схьахьедина хилар, вон цахилар цо тIедиллина хилар, дена а, нанна а вон хуьлучунна и бахьанехь хуьлуш долу къа а, къинан мохь а, Iамалш йохар а довзийтина хилар, иштта хIокху дуьненахь а, догIун долучу эхартахь а цуьнгара оьцун йолу чIир йовзийтар а.
Абу Бакрата НуфайI бин ал-Хьариса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Даккхийра къинош довзийта аса шуна?». (Юха-юха а деш, кхузза дира цо шен и хаттар). Оха элира: «Дера дийца, хIай, АллахIан элча!». (ТIаккха) цо элира: «АллахIаца накъост лацар (ширк дар), да-нана цаларар». (И олучу хенахь, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) куьйгана тIе дIатевжина вара, тIаккха, охьа а хиъна, цо элира: «Боккъалаъ, харцдерг дийцар - харцтоьшалла дар ду!». Юх-юха а бохуш, и (дешнаш) бехира цо, оха аллалц: «ЭхI», иза дIатийча» (Бухари: 2654, Муслим: 78).
IабдуллахI бин Iамр бин ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, стага шен дена а, нанна а неIалт алар - уггаре даккхийрачу къинойх ду!». (Наха) хаьттира: «ХIай, АллахIан элча, ва муха эра ду стага шен дена а, нанна а неIалт?». Цо жоп делира: «(Иштта нислур ду и, нагахь) иза (кхечу) стеган дена сийдоцурш дийца волалахь - тIаккха важа а волалур ву цуьнан дена сийдоцург дийца. Иштта иза (кхечу) стеган нанна сийдоцурш дийца волалахь – тIаккха важа а волалур ву цуьнан нанна сийдоцург дийца!»» (Бухари, Муслим).
IабдуллахI бин Iамр бин ал-Iаса (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Стага шен да-нана сийсаздаккхар даккхийрачу къинойх ду!». Наха хаьттира: «ХIай, АллахIан элча, ва муха доккхур ду шен да-нана стага сийсаза?!» Цо жоп делира: «Дера доккхур ду: иза (кхечу) стеган дена сийдоцурш дийца хIуттур ву - тIаккха важа а волалур ву цуьнан дена сийдоцург дийца. Иштта иза (кхечу) стеган нанна сийдоцурш дийца хIуттур ву - тIаккха важа а волалур ву цуьнан нанна сийдоцург дийца!» (Бухари: 5973, Муслим: 90).
- МуIаз бин Жабала (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) весет дина шега, итт хIума ларде аьлла: «Хьо вехь а, хьо вагавахь а - цхьана а тайпа ширк ма де. Хьайн дена а, нанна а вон ма хила - цара хьайга хьайн зудчух а, хьолах а вала бохуш омра дахь а… ».
- Абу Бакрата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Массо къинош а Шена ма лаъара АллахIа тIаьхьатотту къематдийне - дена а, нанна а вон хилар доцург. Боккъалаъ, цунна (дуьхьал бекхам, Iазап) бар АллахIа сихдо, иза валале хьалха, иза дуьненахь а волуш» (Хьаким, АсбахIани).
Иштта вай лакхахь дийцира, Iалкамата дийцина долу хьадис (дика дарехь дел а нана хьалхаяккхар дийциначу декъехь). Юха а леррина и дакъа деша - хаа таро хир ю хьан: шен да а, нана а цалараран тIаьхье мел вон ю.
- Абу Ал-Iаббас Ал-Асаммас дийцина, Iаввам бин Хьушиба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцира аьлла: «Цкъа цхьана юьрта воьссинера со. Оцу юьртан йистехь кешнаш дара. Малх дIабуьзначул тIаьхьа, оцу кешнийн кертарачу кешнех цхьа каш схьа а делладелла, оцу чуьра цхьа стаг аравелира - корта виран корта а болуш, дегI адаман дегI а долуш. (Вир санна) кхузза Iаьхира иза, тIаккха каш дIакъовладелира. Цхьана йоккхачу стагана тIенисвелира со, я месех, я тIергIах хIума тоьгуш Iаш йолучу. Цхьана зудчо хаьттира: «ДIора йоккхастаг гой хьуна?». Аса жоп делира: «Гуш ю, ткъа хIун ду хилларг?». Цо жоп делира: «(Оцу кошара ара Iаьхначу кIентан) нана ю хьуна иза». Аса хаьттира: «ХIун ду цаьршинна юккъехь лелларг?». Цо жоп делира: «Виллина дIа къаьркъа муьйлуш вара иза. Сарахь ша цIавирзича, шен нанас шега аьлча: «ХIай, сан кIант! АллахIах кхерахь! Маццалц мийла дагахь ву хьо и къаьркъа?», цо олуш хилла цуьнга: «Ма Iехахь суна, вир санна!». Цо элира: «Малх дIабуьзначул тIаьхьа велира иза. (Веллачахьана дуьйна) хIора дийнахь малх дIабуьзначул тIаьхьа, каш схьа а деллалолой, оца чуьра ара кхузза Iаха а Iаьхий, юха кошо тIекъовлалой шен кийра хьуш ву иза» (АсахIанис а, кхечара а дийцина).
* * * * *
Вай дагардинарш коьрт-коьрта баххаш дара - хIора кетош-кхиорхочунна шен доьзалхо оцу баххашна тIехь кхиор а, уьш царна Iамор а, цунна уьш довзийтар а важиб долу. Доьзалхо жималлехь дуьйна жим-жимма кхуьуш, дена а, нанна а дика доьзалхо кхиийта а, хуьл-хуьлуш, дена а, нанна а муьтIахь доьзалхо хилийта а, жима воллучуьра дайн а, нанойн а хьаккъех кхеташ а, уьш девзаш а, уьш лардеш кхиийта а, хIунда аьлча сара саранара балале саттийча саттало, амма цуьнах дитт хилча - сатталац и.
Бер жималлехь дуьйна, Ислам-дино шегара ма-леххара, цунна шегара ма-деззара, хIара хьаккъаш нийса лардеш, кхочушдеш хилахь, ткъа оцо кхиболучу гергарачийн а, лулахойн а, хьехархойн а хьаккъаш дикахо лардийр ду, хIунда аьлча дена а, нанна а дика хиларан а, уьш лараран а дикалла – шех беркат долуш ерриге юкъараллин дикаллин хьост ду. Дена а, нанна а дика хиларна тIехь кхиийначу а, и шиъ лоруш кхиийначу а, и шиъ дукхадезаш кхиийначу а, цаьршинна муьтIахь долуш кхиийначу а берашна а, доьзалшна а аттах хир ду - лулахо а, воккханиг а, хьехархо а, берриге нах а ларарна тIехь оьзда кхиа.
Дийциначу дерригенах жамI а дина, кхетош-кхиорхочунна а, доьзалан дена-нанна а хьалха охьадохку вай - доьзалхочунна Iамо дезаш а, берашна хьеха дезаш а, бераш царна тIехьажо дезаш а, бераш оцу новкъа даха дезаш а долу коьрт-коьрта хьехарш:
1. Нанас а, дас а мел диначу омрина муьтIахь хилар - АллахIана Iеса хилар доьхуш деш омра и дацахь.
2. Цаьршинца къамел дечу хенахь - къамел оьзда а, кIеда-мерза а, эсала а дар.
3. Ша волучу и шиъ я оцу шиннах цхьаъ чудаьлча - цаьршиннан ларамна хьалагIаттар.
4. Iуьйранна а, суьйранна а, царна хазахетар хиндолучу хенашкахь, оцу шиннан куьйгех барт баккхар.
5. Цаьршиннан цIе а, сий а, ларам а, даьхний а лардар.
6. Цаьршиннан ларам бар а, сий дар, цаьршимма мел доьхург дIадалар а.
7. Ша лелон лериначу дерриге белхашкахь а, гIуллакхашкахь а, дечуьнгахь а цаьршиннах дагавалар.
8. Кест-кестта цаьршинна доIа дар, цаьршинна гечдар дехар.
9. Цаьршинна тIебиссина, и шиъ долучу баьхкина хьеший белахь, неIарна улло охьахаар, цаьршиннан хьажаран а, бIаьраэшаран а леррина терго а еш, хIунда аьлча хьешашна хьалха хозуьйтуш ала а ца тарлуш, цхьаъ де бохуш хила мега цаьршимма.
10. Цаьршимма де аьлла дацахь а, цаьршинна самукъа дера долу а, царна цуьнах там хин болу а хIума дар.
11. И шиъ долучохь аз цаийдар.
12. Цаьршимма къамел деш юкъа цалелхар, цаьршиннан къамел цахедор.
13. Нагахь цаьршимма пурба луш дацахь, хIусамера ара цавалар.
14. Нагахь и шиъ дижина делахь, цаьршинна новкъарло цахилийтар.
15. Елахь шен зудчуьнгахьа а, белахь шен доьзалехьа а цаьршинна хьалхахь озабезамаш цабар.
16. Цаьршимма хьайна ца товш долу цхьаъ динехь - цаьршингара бехк цабаккхар.
17. И шиъ долучохь, нагахь вела бахьана дацахь, вела цавалар.
18. Цаьршинна хьалха йолу юург схьацаэцар.
19. Цаьршиннал а хьалха юучунна тIе куьг цадахьар.
20. И шиъ хиъна Iаш а долуш, дIацавижар, нагахь цаьршимма пурба ца лахь.
21. Цаьршинна хьалхашхула ши ког дIацахецар.
22. Цаьршиннал хьалха хIусамна чу цавалар, новкъа боьлхучу хенахь цаьршинна хьалха цавахар.
23. Цаьршимма кхайкхича, сихха, хьемза цара хIун боху хьажар.
24. Цаьршиннан доттагIийн сий-ларам бар - и шиъ дийна долучу хенахь а, и шиъ деллачул тIаьхьа а.
25. Шен дена а, нанна а дика доцучу адамца доттагIалла а, гергарало а цалелор.
26. Цаьршинна доIа дар, къаьсттина и шиъ деллачул тIаьхьа, цаьршинна оцу доIанах хуьлуш пайда болун дела. Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Сан Дела! Къинхетам бе Ахьа царех - жима волуш цара со кхиочу хенахь соьх къинхетам ма-барра»» («ал-Исраъ»: 24).
Турпалан кIант Фарукъ