Хьалхараниг - «ар-Рохьм» («Гергарло») боху дош «ар-Рохьман» («Къинхетаменаг») бохучу АллахIан цIарах кхоьллина ду. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен хьадисехь тIечIагIдина иза.
Iабд ар-Рохьмана бин Iавфа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира, Сийлахь-Везчу АллахIа элира аьлла:
«Со - Къинхетаме ву, гергарлонаш кхоьллина Аса, Сайн цIарах цIе а кхуллуш. Аса ял лур ю – уьш лелийначарна, ткъа уьш хедийнарг - Аса генавоккхур ву*» (Бухари, Ахьмад, Абу Дауд, Тирмизи).
* Вуьшта аьлча: «Сайн къинхетамах генавоккхур ву Аса иза».
Цхьа а къайле яц «къинхетам» боху дош АллахIан «ар-Рохьман» («Къинхетаменаг») бохучу цIарах даккхаран маьIнин. Цо гойту хIора гергарчаьрца а, тайпанхошца а къинхетаме а, дог лозуш а, диканаг лууш а хила везаш хилар.
ШолгIаниг - гергарало - адамийн схьадаларан бух тIера охьайогIу уьйранаш ю. Иштта вайн пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен сийлахьчу хьехаршкахь тергаме дина, гергаралонаш лелор важиб хилар а, гергаралонаш хедор дихкана хилар а.
Ткъа цо, цхьа а шеко йоцуш, шайн кIорггенашкара гергарлонийн марзонаш а, безамаш а, доглазарш а меттах доху, деган къайленийн кIоргенашкара вежараллин уггаре хаза синхаамаш ийдо. Цундела, шайна хIара бакъ йолу мехалаллин хазнаш евзиначул тIаьхьа, кхетош-кхиорхой декхарийлахь бу берийн кхетам ойлане бала болалучу шерашкара дуьйна а, гIеметтахIоьттиначу хенера дуьйна а, къар а ца луш, шайн берашна гергарлонийн а, тайпанхойн а, герагарчийн а хьаккъаш дIакхеторехь а, довзийтарехь а, хьехарехь а къахьега.
Оцу дийциначух доьзна ду, беран дагчохь нахаца цхьанакхетаре ойла кхиар, адамашца вовшех кхетар дезар а. Цунах доьзна ду, берашкахь шайний царний юккъехь гергарлонийн уьйранаш ерш а, тайпанах берш а безар. Ткъа и доьзалхо гIеметтахIоьттича, цуьнан хьекъал кхиъча, дог лазаран декхаро тIехьогIург кхочушдан хIуттур ву иза, баланехь волчу гергарчух дог лазаш хир ву иза, царна дика дийр ду цо, царна юккъерачу баккхийчаьрца лараме хир ву иза, царна юккъерачу кегийрачаьрца а, берашца а къинхетаме хир ву иза, царех баланехь волчуьнан гIайгIанан бIаьрхиш дIахьокхур ду цо, царех сингаттамехь а, халонехь а волчунна гIоьнна куьг а кховдор ду цо…
Кхиъна адам иштта йолчу хазачу амалехь хила йиш яц - гергарлонаш лелоран хаза гIиллакхаш тIехь кхиийчи бен, хазачу дикаллашна тIехь кхиийчи бен, гергарлолнан исбаьхьачу комаьршаллашкахь а, марзонашкахь а кхиийчи бен.
ХIинца, лараме кхетош-кхиорхой, хьомсара дай-наной, вай шуна схьадаладо гергарлонаш лелон дезаш хиларан хьокъехь дуьйцу аяташ:
- «АллахIах кхера, Цуьнан цIарца аша вовшашка доьхуш волчу. Гергарлонаш хедорах а кхера. Боккъалаъ, АллахI шуьга хьоьжуш ву» («ан-Нисаъ»: 1).
- «Хьакъ дерг дIало гергарчунна а, къехочунна а, некъахочунна а, амма барамал тIех исрап ма де» («ал-Исраъ»: 26).
- «АллахIана Iибадат де, Цуьнца цхьа а хIума накъост а ма нисъе. Дений, нанний дика а де, (иштта) гергарчарна а, боберашна а, къехошна а, шайн гергара болчу лулахошна а…» («ан-Нисаъ»: 36).
Цунна дуьхьал Сийлахьчу КъурIано гегарлонаш хедорах лардаларе кхойкху, гергарлонаш хедор – йоккха харцо а, боккха бохам а, вон зулам а лору, шегара иштта дерг долуш верг АллахIан неIалт хила а, жоьжагIате ваха а хьакъ хуьлуш.
Сийлахь-Везчу АллахIа аьлла:
- «АллахIаца бина барт бохош болчарна а, и бинчул тIаьхьа АллахIа «ДIахIотта» аьлла омра дина (гергарлонаш) хедош болчарна а, лаьтта тIехь бохамаш баржош болчарна а кечдина неIалт ду, вон Iойла а ю» («ар-РаIду»: 35).
Шайн гергарчаьрца хIокху кепара зуламе, мостагIалле вон юкъаметтиг лелош болчеран чаккхе а, церан боьрзийла а иштта хилча, кхетош-кхиорхошна тIехь ду гергарлонаш хедоран хастаме йоцу тIаьхьенаш йовзийтар, гергарлонаш хедорах схьайолу сийсазлонаш а, вонаш а, бохаме тIаьхьенаш а кхетор.
Иштта кхетош-кхиорхошна тIехь ду шайн доьзалашна гергарлонаш лелорах схьадовлу стоьмаш а, гергарчийн хьаккъаш лардарах хуьлу пайданаш гайтар а, дIадовзийтар а.
ХIай, лараме кхетош-кхиорхой! Шуна довзаре дохкур ду вай хIинца гергарлонаш хIиттаран а, лелоран а стоьмаш а, пайданаш а. Уьш дийцина вайн массеран а хьомечу дуьххьарчу кхетош-кхиорхочо (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Уьш дийцина цо, аша шайн доьзална, берашна Iамор дацар-те аьлла, уьш кхетош-кхиор шайна тIехь долуш берш оцу бакъахьарачу новкъа хIиттор бацар-те аьлла.
1 - Гергарлонаш хIиттар а, лелор а АллахIах а, эхартан дийнах а тешаран билгало ю.
Абу-ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIах а, эхартан дийнах а тешаш волчо - шен хьаша хазачу ларамца тIеоьцийла. АллахIах а, эхартан дийнах а тешаш волучо - шен гергарлонаш леладойла. АллахIах а, эхартан дийнах а тешаш волчо - муьлхха а цхьа диканаг олийла, я вист ма хуьлийла иза» (Бухари: 6137, Муслим: 47).
2 - Гергарлонаш лелоро оьмар а яхйо, рицкъанехь шорто а йо.
Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шен рицкъа алсам доккхийла а, шен оьмар яхйойла а луучо - шен гергарчаьрца гергарлонаш леладойла» (Бухари: 5986, Муслим: 2557).
3 - Гергарлонаш лелоро дакъаза валар а, вон Iожалла а духатуху.
Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «Боккъалаъ, сагIа далар а, гергарлонаш лелор а бахьана долуш, АллахIа оьмарехь сов воккху, дакъаза валарах а, вон Iожаллех а хьалхавоккху» (Абу ЯIла).
4 - Гергарло хIотторо хIусамаш юзу, даьхний кхиадо.
Ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, АллахIа нахах хIусамаш юзу, церан хьал-бахам сов а боккху. Ша уьш кхоьлличхьана цаьрга оьгIазе хьаьжна а вац И». (Нахах) цхьамма хаьттина: «ХIай, АллахIан элча, бахьана хIун ду цуьнан?». Цо жоп делла: «Цара гергарлонаш лелор бахьана долуш»» (ТIабарани, Хьаким).
5 - Гергарлонаш лелоран бахьаница къиношна а гечдо, хатIех а цIанво.
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волчу а веана, цхьана стага хаьттира: «Боккъалаъ, доккха къа латийна-кх аса, ткъа тоба дан некъ буй сан?». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттина: «Нана юй хьан?». Цо жоп делла: «Яц». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттина: «Нена йиша юй хьан?». Цо жоп делла: «Ю». Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Ткъа цунна дика хила хьо» (ибн Хьиббан, Хьаким).
6 - Гергарлонаш лелоро барт-хаттар атта до, ялсамане а вохуьйту.
Абу-ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шегахь кхо хIума долчунна АллахIа хьесап атта дийр ду, Шен къинхетам бина ялсамане а вохуьйтур ву». (Наха) хаьттира: «ХIай, АллахIан элча, суна сайн дел-ненал а веза ву хьо, муьлхарш ду уьш, довзийтахь?». Цо жоп делира: «Хьайна ца луш сацийначунна – ло ахьа, хьайца гергарло хадийначуьнца - гергарло хотта ахьа, хьайна зулам дина волчунна - къинтIера вала хьо. Нагахь ахьа и (дийцинарг) дахь, АллахIа ялсамане вохуьйтур ву хьо» (Баззар, ТIабарани, Хьаким).
Абу Мухьаммад Жубайр бин МутIIимас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Гергарло дохош верг (юкъаметтиг йохош верг) ялсамане гIур вац» (Бухари, Муслим).
7 - Гергарлонаш лелош верг, и бахьана долуш къематдийнахь лаккхарчу даржашка хьалавоккхур ву.
Iубадат ибн Ас-Самита (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «АллахIа даржашкахь хьалавоккхуш дерг дийца аса шуна?». (Наха) аьлла: «Дийцахь, хIай, АллахIан элча». Цо дийцина: «Хьайца сонта хиллачуьнца - кIеда-мерза хила, хьайна зулам динчунна - гечде, хьайна ца луш сецначунна - ло, хьайца гергарло хадийначуьнца - гергарло дIахотта» (Баззар, ТIабарани).
Нагахь кхетош-кхиорхоша шайн доьзалашна хьалха хIокху куьцара хаза йолу сийлаллаш охьаяхкахь, церан гергарнаш царех гIадгIон йолу, церан самукъаден йолу, шеко а йоцуш, доьзалхо саьхьара кхуьур ву шен гергарнаш безарна тIехь, гергарлонаш дIахIиттарна тIехь, гергарчаьрца йолу уьйранаш чIагIъярна тIехь. Церан хьаккъаш а лардийр ду цо, церан сий деш а хира ву иза, церан самукъанашкахь а, лазамашкахь а декъашхо хир ву цунах, гергарчех балано лаьцначунна бала а байбийр бу цо, халонехь волчунна хало тIера дIа а аййийр ю цо, къечунна аьтто а бийр бу цо, оьшучунна гIоналлин куьг а кховдор ду цо.
Кхин хуьлийла йоцуш, дикаллин бохь бу иза, гергарлонаш лелоран уггаре лакхара барам бу иза.
Ма чIогIа оьшур-кх вайна, ма хьаште бар-кх вайна оцу кепара хаза бакъонаш шайн берашна Iамон йолу а, шайн доьзалаш оцу сийлахьаллашка нисден болу а кхетош-кхиорхой!!!
Турпалан кIант Фарукъ