Аса юха а тоьшалла до Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а хиларца.
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «АллахIа Шена диканиг лиъначунна динах кхетам ло».
ХIора кхиазхочуьнан верас Далла хьалха декхарийлахь ву: ша цуьнан марахь дехаш йолучу хенан декхар цунна довзийта а, нагахь иза кхетор шен таронехь делахь, иза кхетон ша охIла велахь - динах иза кхетон а. Нагахь шен таронехь иза кхетор дацахь, (я Iилма цахиларна, я дешна цахиларна) - цунна Iамон долучунна а, хьоьху долучунна а иза тIехьажон декхайрилахь ву иза, хIунда аьлча АллахIана хьалха хIора а жоьпаллехь ву ша верасалла дечух.
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Шух хIора а Iу ву, шух хIора а шен Iуналлех жоп дала дезаш а ву: урхалча - Iу ву, шен Iуналлех жоьпаллехь а ву, стаг - шен доьзалехь Iу ву, шен Iуналлех жоьпаллехь а ву, зуда - шен майрачуьнан хIусамехь Iу ю, шен Iуналлех жоьпаллехь а ю, лай - шен элан бахаман Iу ву, шен Iуналлех жоьпаллехь а ву. (Иштта) шух хIора а Iу ву, (шух хIора а) шен Iуналлех жоьпаллехь а ву».
ЧIогIа коьрта ду - тIекхуьу кхиазхойн чкъор кхетош-кхиор, нагахь тахана кхетош-кхиоран оцу белхан леррина гIайгIа ца бахь - кхана юкъаралла дIахIуттур ю, акхаройн а, дийнатийн а амале а йирзина.
Iамр бин ШуIайба дийцина, шен дас элира, шен дедас элира аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Вайн баккхийнаш лоруш воцург а, вайн берашца кIеда-мерза воцург а - вайх вац» («сахьихь» хьадис ду. ХIара хьадис Абу Дауда а: 4943, Тирмизис а: 1921 а дийцина. Тирмизис аьлла хIара «Хьасан, сахьихь» даржехь хьадис ду).
Вуьшта аьлча: берашца къинхетаме воцург - бусалба нехан оьздангалла йолуш стаг хила йиш йолуш вац.
Бер кхетош-кхиор бохург - хуьл-хуьлуш хуьлуш стом бу, йокх-йоккхуш беран ирсехьа гIулчаш яхар ду, мел-меллаша беран кхетош-кхиорехьа кхиамашка кхачаран новкъахь да-нана кхоацадалар ду.
Бераш синкхетам оьзда болуш кхиоран а, гIиллакхе кхиоран а, АллахI резаваран новкъахь оьшуш дерг хьоьхуш кхиоран а хьокъехь долу дуккха а аяташ а, хьадисаш а тидаме а эцна, имам ГIазалис аьлла:
«Хьуна хаийла, бераш кхетош-кхиор – кхин долчул а тIехладаме а, тIехкоьрта а гIуллакх дуйла. Бераш, Сийлахь-Везачо, дайшка-наношка ханна тешна делла аманат ду, уьш цуьнах жоп даладезаш а бу Цунна хьалха хIиттанчу дийнахь».
Дуьненчу довлучу хенахь беран дог муьлхха а дахаран ларех цIена хуьлуш ду, цуьнан синкхетам массо бакъонийн а, дегатешамийн а кепех цIена хуьлу. Бер массо хIуманна экаме ду, дерриге чухуду цо. Нагахь иза Iамадахь дика мел долучунна, бакъахьа мел долучунна, оцу тIехь кхиа а дахь – тIаккха иза ирсе хир ду хIокху дуьненахь а, эхартахь а.
Дайшна-наношна а, берана йоза-дешар Iаморехь а, иза кхетош-кхиорехь а дакъа мел лаьцначунна а - цара оцу новкъахь диначу массо диканна, мел яьккхинчу гIулчанна дуьхьал йоккха ял а, боккха мел а хир болуш бу АллахIана гергахь. Нагахь иза вочуьнга марзлахь, дийнатех тера, тергамза тесна а дитахь – тIаккха иза ирс доцуш, декъаза хир ду, хIаллак а хир ду, кхетош-кхион дезаш хиллачеран белшашна тIе боьжна беза мохь хилла дIа а хIуттур ду, эхартахь цунна дуьхьал кечдина лалун доцу Iазап а хир ду.
Имам ибн ал-Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) аьлла:
«Шен берана пайдехь дерг Iамор тIаламбоцуш дитиначо а, иза тесна дитиначо а - кхин дойла йоцуш, доккха зулам дина. Дукхах долчу берийн талхар а, церан хьокъехь ледарло яр а, динан парзаш а, суннаташ а Iамонза дисар а - дайн бехкенна ду. Кегийра доллуш хIаллакдина цара уьш. Цундела жималлехь шайна а ца хилла уьш пайдехь я баккхийра хилча шайн дайшна а ца хилла уьш пайдехь».
Мацах цкъа цхьамма шен кIанте бехк баьккхина хилла: «Ванах, кIант, сел вон хIунда ву хьо суна?».
КIанта аьллера боху: «Сан да, со жима волчу хенахь хьо а ма хилла суна вон - хьо воккха хилча со а ву-кха хьуна вон. Бераллехь со тесна витина ахьа - къаналлехь аса хьо а витина-кх тесна…».
Оцу дийцинчу дерригенах вайна билгал долу: бераш бераллера довлале царна динах дерг Iамор коьрта хилар а, ладаме хилар а, хIунда аьлча уьш баккхийра хилча нийсонехь нах хилар, гIиллакхе, сина-оьзда кхиар цунах доьзна ду. Уьш сина-оьзда, гIиллакхе, эсала кхетош-кхиоран новкъахь АллахIа ваьшна тIедиллина декхар кхочуш диначеран могIарехь хилархьама а.
Тхан хьоме жима чкъор!
Хьалакхуьу кегийрахой!
Шуна лерина кечдо оха хIара шуна хьалха долу жима жайна. Цунна цIе лур ю вай «Бусалба беран гIиллакхаш» аьлла. Шун бераллин хене а, жималлин муьре а, къоналлин бараме а хьаьжжина, шуна дагахь латтон атта хилийта, чIоггIа дацдина хIоттон лерина ду вай хIара мехала жайна.
Чаккхенехь Сийлахь-Везачу АллахIе доьху аса: хIара жайна эхартана пайдехь даккхар, цIенна Шен сийлахь юьхь резаян хьегна къа дар а.
АллахIа къинхетам а, маршо а, беркат а лолда Тешамениг шен цIе йолучу Мухьаммад пайхамарна, цуьнан гергарачарна а, массо а асхьабашна а, къематде кхаччалц церан новкъа мел баханачарна а!
ДIавижаран а, самаваларан а гIиллакхаш
1. Пхьуьйра-ламаз диначул тIаьхьа дIадийша деза вай - нагахь дIадийша йиш йоцуш, юьстаха ца долуш, дан дезаш диссина хIума дацахь (Iамон дезаш Iилма хуьлда и я веаначу хьешана дан дезаш хьошалла хуьлда и).
2. ДIадуьйшучу хенахь ламаз а карахь дийша хьовса деза.
3. ДIадуьйшучу хенахь аьтту агIонна тIе дийша деза, гайна тIе дийшарах а ларлуш.
4. Ваьш дIадуьйшучу хенахь вай доьшур ду: «Аятул-курсий» а, «ал-Ихлас», «ал-Фалакъ», «ан-Нас» кхо сурат а.
Ваьш охьадуьйшуш эра ду вай:
«БисмикаллохIумма амуту ва ахьйа» («Я АллахI, Хьан цIарца вала а ле со, ден а ло со»).
ХIара а эра ду вай:
«АллохIумма къини Iазабака йавма табIасу Iибадак» («Я АллахI! Хьайн Iазапах ларве Ахьа Со Айхьа Хьайн лаьш гIовтточу (я денбечу) дийнахь»).
5. Набарха девлча эра ду вай:
«Алхьамду лиллахIиллази ахьйана баIда ма аматана ва илайхIиннушур» («Хастам бу АллахIана - вай деллачул тIаьхьа дендина волчу. Цуьнга доьрзур долуш а ду вай»).
Нишка вахаран суннаташ
1. Нишка доьлхучу хенахь, хьалха аьрру ког а боккхуш, чудовлу вай. Чудовлале хьалха хIара доIа доьшу вай:
«БисмиллáхI, аллóхIумма иннú аIýзу бика миналхубуси валхабáиси» («АллахIан цIарца! Я АллахI! Хьоьца ларло со боьршачу а, стечу а шайтIанех»).
2. Ваьшца цхьана а тайпа тIехь язйина Сийлахь-Везачу АллахIан цIе йолу хIума а йолуш нишка ца доьлху вай.
3. Нагахь нишка дахар аренгахь нисделллехь - нахана гучуьра къайла довлу вай. И хьашт кхочуш дечохь къамелаш а ца до вай. Моллалла кхойкхучунна тIаьхьара а ца олу вай нишкахь долуш.
4. Хица, аьрру куьйга цIенна дегIах дIакъаьстина йолучу нажжазах дIацIанло вай.
5. Нишкара арадовлучу хенахь, аьтту ког хьалха а боккхуш, арадовлу вай.
6. Нишкара арадевлча хIара доIа до вай:
«ГIуфрóнака» («Гечдар доьху хьоьга, сан Дела!»).
7. И хьашт кхочуш дина девлча, леррина вешан куьйгаш дуьлу вай, саба а хьокхуш.
ХIума яаран а, хи маларан а гIиллакхаш
1. Ваьш хIума юучу а, хи молчу а хенахь дагалоцур ду вай: «АллахIана Iибадат дан гIора хилийта юуу (молу) аса хIара» аьлла.
2. ХIума яале хьалха вешан куьйгаш дуьлу вай.
3. Вешан болуш болчу кхачанна реза хуьлу вай, цкъа а хьалха биллина кхача емал а ца бо вай.
4. Аьтту куьйга а юу вай, ваьшна хьал-хьалххарниг а юу вай, шуьнан юккъе а ца кхийда вай.
5. Юьххьехь - «БисмиллахIи» аьлла яа йолайо вай. Нагахь вайна хIума юучу юьххьехь АллахIан цIе яккха дицлахь, вай эра ду:
«БисмиллахIи аввалухIу ва ахирухIу» («АллахIан цIарца, юьххьехь а, чаккхенехь а»).
6. Юург кхачам боллуш Iовшур ю вай, сиха а юур яц вай. ХIума тIехдукха а йиъна, вешан гай а дузур дац вай.
7. Бовхачу кхачанна тIе мох беттар бац вай, пхьегIана чу са а доьIур дац вай, вайца цхьаьна хIума юуш волучунна кхача баа дегаза хин дерг а дийр дац вай.
8. Нагахь юучух юьхк охьайоьжнехь, иза схьа а эцна, дIа а цIанйина, дIаюур ю вай, шайтIанна юьтур яц вай и.
9. Ваьш хIума йиъна девлча эра ду вай:
«Алхьамду лиллахIиллази атIIамани хIаза, ва разакъанихIи мин гIайри хьавлин минни ва ла къуввахI» («Хастам бу АллахIана - суна хIара яийна волучу, хIара сан рицкъа дина волучу. Сан оцу тIехь гIора а дацара, ницкъ а бацара»).
10. Кхоккха къурд а беш, мер ду вай хи, хIоразза а эра ду вай: «БисмиллахI» («АллахIан цIарца»).
Хи мелла девлча эра ду вай: «Алхьамду лиллахI» («Хастам бу АллахIана»).
ПхьегIана чу са а доьIур дац вай, нагахь йовха елахь, тIе мох а беттар бац вай.
11. ХIума йиъна девлча вешан куьйгаш дуьлар ду вай. Бага хи а кхаьрзина, йисинчу хьаналлех а, цуьргех а цIенна бага дIа а цIанйийр ю вай.
Некъан гIиллакхаш
1. Догlуш-доьлхуш некъан аьтту агIо лоцуш лелар ду вай.
2. Вешан боларехь эсала хуьлу вай, цхьанненна а дозалла а ца детта вай, кураллаш а яц вайца.
3. Вайна дуьхьал кхетначуьнга салам ло вай. Муьлхха а цхьа некъах тиллачунна вай тIенисделча - иза новкъа воккху вай.
4. ГIуллакх доцчу дIаса а ца хьежош, вешан бIаьргаш а ларбо вай, вайгара цхьанненна а цхьана а тайпа зен а ца долуьйту вай, муьлхха а хьашт долучунна гIо до вай.
5. Диканиг даре кхайкхар а, вочух юха сецор а, дIасалелачу нахана новкъара новкъа хин ерг а, зене ерг а дIа а йоккху вай, и дIайаккхар – иманах дуйла а хаьа вайна.
Машенна тIехааран гIиллакхаш
1. Муьлхха а тIехууш я чухууш йолчу хIумана тIехуучу я чухуучу хенахь эра ду вай: «БисмиллахI» («АллахIан цIарца»).
Чухиъна я тIехиъна дIанисделла девлча, эра ду вай:
«Алхьамду лиллахI! «Субхьáналлазú саххара ланá хIáзá ва мá куннá лахIý мукъринúна, ва иннá ила роббинá ламункъолибýн» Алхьамду лиллáхIи, алхьамду лиллáхIи, алхьамду лиллáхIи. АллахIу акбар, АллахIу акбар, АллахIу акбар. СубхьáнакаллохIумма инни къад заламту нафси фагIфирли фаиннахIу ла йагIфирруззунуба илла анта» («Хастам бу АллахIана! Сийлахь ву вайна хIара муьтIахь йинарг. Вайн ницкъ кхочур ма бацара и дан! Бакъдолуш, вешан Деле доьрзур долуш а ду вай. Хастам бу АллахIана! Хастам бу АллахIана! Хастам бу АллахIана! АллахI воккха ву! АллахI воккха ву! АллахI воккха ву! Я, АллахI! сийлахь ву Хьо. Сайна зулам дина аса. Гечдехьа суна. Бакъдолуш, къиношна гечдийриг вац-кха хьо цхьаъ воцург»).
2. Низам а, къепе а ларйо вай. Охьаховшучу хенахь гIиллакхе а, ладаме* а, кIеда-мерза а хуьлу вай. Цхьанненна а гатто а ца йо вай, цхьа а дIаса а ца тоьтту вай.
3. Кортош корехула ара а ца къиэдабо вай, машен чохь лаьтта нехаш а, кехаташ а ца туьйсу вай охьа. Машен чохь туйнаш ца кхуьссу вай. Цхьанненна а новкъарло а ца йо вай.
4. Вайл баккхийнаш а, къаной а, лаьтташ а битина, охьа а ца ховшу вай. Ваьш хьала а гIуьтте, уьш охьаховшуьйту вай вешан метте.
5. Ваьш муьлхха а цхьана хиъна Iаш волчу я новкъа воьдуш волчу бусалба вешийна тIенисделча - цуьнга салам ло вай.
6. Машен йоьдуш а йолуш, машенна тIера охьа а ца дуссу вай: сецна яллалц собар а дой, дуьссу.
ТIе хIума йохаран гIиллакхаш
1. Стага тIе духа йиш яц зудчуьнан духар, зудчо тIе духа йиш а яц стеган духар.
2. Ваьш духар тIедухучу хенахь аьтту агIонна хьалха тIедуху вай.
3. Духар тIедоьхначул тIаьхьа олу вай:
«Алхьамду лиллáхIиллазú касáнú хIáзá ва разакъанúхIи мин гIайри хьавлин миннú ва лá къувватин» («АллахIана хастам бу - хIара духар суна тIе доьхна волучу а, суна хIара делла волучу а, сан нуьцкъах а, гIорах а доцу»).
4. ТIера духар дIадаккха лиъча олу вай.
«БисмиллáхIиллахIи» («АллахIан цIарца»).
5. Ваьш керла духар тIедоьхча олу вай:
«АллохIумма лакалхьамду анта касавтанихIи. Асъалука мин хайрихIи ва хайри ма суниIа лахIу, ва аIузу бика мин шаррихIи ва шарри ма суниIа лахIу» («Я АллахI! Хастам бу Хьуна, хIара суна тIедохарна. Аса доьху Хьоьга хIокхуьнан дика а, хIара духар шен дуьхьа диначу бахьанин дика а. Хьоьгахь ларвалар лоху аса хIокхуьнан вонах а, хIара шен дуьхьа диначу бахьанин вонах а»).
6. Вешан бусалба вешина доIа а до вай, цо керла духар тIедоьхча:
«Илбас джадидан ва Iиш хьамидан ва мут шахIидан» («Керланиг тIе а йоха, лараме ваха а ваха, динна тIехула кхалха а кхалха»).
7. Бусалба стага шен хьорканал лаха охьадолуш духар ца леладо, ткъа бусалба зудчо шен цхьа а меже гур йоццучу кепара дерриге а дегI хьулдеш дехха духар леладо.
8. Деши а, дети а лелор божаршна хьарам ду, ткъа зударшна - хьанал ду.
ХIусамера ара-чуваран гIиллакхаш
1. ХIусамера арадовлучу хенахь, аьрру ког хьалха а боккхуш, хIара доIа а доьшуш, арадевр ду вай:
«АллохIумма, аIузу бика ан адилла ав удалла, ав азилла ав узалла, ав азлима ав узлама, ав ажхIала ав южхIала Iалаййа» («Я, АллахI! Хьоьца ларло со некъах тиларах, айса гIалат далийтарах, кхечо сайга гIалат даккхийтарах, айса зулам дарах, сайна зулам дарах, жехIала хиларах, жехIалаллехь латторах»).
2. ХIусаме чудовлучу хенахь, аьтто ког хьалха а боккхуш, хIара доIа а доьшуш, чудевр ду вай:
«БисмиллахIи валажна ва бисмиллахIи харажна ваIала роббина таваккална» («АллахIан цIарца чу а даьхки вай, АллахIан цIарца ара а девли вай, вайн Дела волучу АллахIана тIе болх а буьллу вай»).
3. ХIусаме чудевлча, чохьболчаьрга салам лур ду вай:
«Ассаламу Iалайкум варохьматуллахIи вабарокатухI» («Маршалла а, АллахIан къинхетам а, Цуьнан беркаташ а хуьлда шуна»).
Салам даларан гIиллакхаш
1. Ваьш муьлхха а цхьана бусалба стагана дуьхьал кхетча, дерригенал а хьалха салам ло вай. Вай олу:
«Ассаламу Iалайкум варохьматуллахIи вабарокатухI» («Маршалла а, АллахIан къинхетам а, Цуьнан беркаташ а хуьлда шуна»).
Вукхо салам схьаоьцу: «ВаIалайкум ассаламу варохьматуллахIи вабарокатухI» («Шуна а хуьлда маршалла а, АллахIан къинхетам а, Цуьнан беркаташ а»).
2. Беречо гIашлочуьнга хьалха дIалур ду салам. ГIашлочо хиънаIачуьнга хьалха лур ду салам. Тоба кIеззиг йолучара тоба йоккха йолучаьрга хьалха лур ду салам. Жимачо воккхачуьнга хьалха лур ду салам.
3. Жуьгташка а, керстанашка а салам хьалха дIалур дац вай. Нагахь царех цхьамма вайга салам схьаделлехь - вай дуьхьал эра ду: «ВаIалайкум» («Шуна а»).
Пурба дакхаран гIиллакхаш
1. Цхьанненна а чу дагIа йиш яц вайн - хIусамдайша ваьшна чудахка пурба даллалц.
2. Яйн тухуш, неI тухур ю вай, кхузза тоьхначул тIаьхьа тоуьйтур ду вай.
3. ХIусаман дайша хаьттича: «Мила ву неI еттарг?» - вешан цIе йоккхур ю вай. ЦIе а ца йоккхуш, «Со ву-кха» аьлла, ала йиш яц вайн.
4. Вайна чудахка пурба делча, хьалха салам лур ду вай хIусамдайшка, чухула кхарстарна леррина вешан бIаьргаш а лардийр ду вай.
5. Пурба а даланза, вешан да-нана долчу чудахан а дац вай кхаа хенахь бакъо йолуш: Iуьйра-ламаз далале хьалха а, делкъана де къевкъина дIатеIачу хенахь а, пхьуьйран хенал тIаьхьа а.
Маьждиг чу вахаран гIиллакхаш
1. Маьждиг чу девр ду вай, аьтту ког хьалха а боккхуш, хIара доIа а доьшуш:
«БисмиллахIи! Вассолату вассаламу Iала расулиллахI. АллахIуммафтахь ли абваба рохьматика» («АллахIан цIарца! АллахIера къинхетам а, марша а хуьлда АллахIан элчанна. Я, АллахI! Хьайн къинхетаман неIарш дIаелла Ахьа суна»).
2. Маьждиг чу девлча охьа а ховшур дац вай, маьждиган хьурматан ши ракаIат суннат-ламаз даллалц.
3. Аз ийдеш къамелаш а дийр дац вай оцу чохь, ламазаш дечарна хьалхашхула а лелар дац вай, маьждиган цIоналла а ларйийр ю вай.
4. Маьждиг чохь йохкар-эцар дийр дац вай я яйна хIума а кхайкхор яц вай.
5. Вайна маьждиг чуьра арадодовла лиъча, аьрру ког хьалха а боккхуш, хIара доIа а доьшуш, арадевр ду вай:
«БисмиллахIи! Вассолату вассаламу Iала расулиллахI. АллахIумма инни асъалука мин фодлика» («АллахIан цIарца! АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда АллахIан элчанна. Я, АллахI! Хьан къинхетам боьху Хьоьга»).
Гуламан гIиллакхаш
1. Кхеташонехь болучаьрга салам лур ду вай.
2. Меттиг боллучу охьаховшур ду вай. Хиъна Iачу меттера цхьа а хьала а гIаттор вац вай, цуьнан метта ваьш охьаховшархьама. Шина стагана юккъе охьа а ховшур дац вай, цаьршиннан пурба доцуш.
3. Ваьш гуламе схьадаьхкича, гонна юккъе а ца ховшуш, меллаша охьаховшур ду вай. Вешан пIелгаш вовшашна чучча а дохкур дац вай. Вайца цхьаьна оцу гуламехь дакъа лоцучарна дегаза хин дерг а ца до вай: вайн пIелгаш мерчу а ца хьийзадо вай, туйнаш а ца туьйсу вай, ницкъ ма-кхоччу бага ца гIиттон а гIерта вай...
4. Цхьамма вайга гуламан го шорбахьара аьлча, го а шорбо вай.
5. Цхьаъ ша хиъна Iачуьра хьала а гIаьттина, дIаса а ваьлла, юха схьатIевеъча, ша хьалагIаьттиначу охьахаа хьакъ ву иза.
6. Гуламан декъахойх цхьамма къамел дечу хенахь, «тапп» олий, цуьнга ладугIу вай, шен къамелах иза юкъара а ца воху вай.
7. Кхеташонера хьалагIовттучу хенахь хIара доIа доьшу вай:
«СубхьанакаллохIумма ва бихьамдика, ашхIаду алла илахIа илла анта, астагIфирука ва атубу илайк» («Я АллахI! ЦIена ву Хьо, хастам бу Хьуна! Аса тоьшалла до Хьо воцург кхин дела цахиларца. Хьоьгара гечдар а доьху аса. Хьоьца тоба а до аса»).
Цомгаш хиларан а, цомгашчуьнга хьажа дахаран а гIиллакхаш
1. Ваьшна цхьа лазар хааделча, лозуш йолучу меттиган тIе вешан куьг а дуьллий, хIара доIа до вай:
«БисмиллахIи» («АллахIан цIарца!») эра ду кхузза. ТIаккха: «АIузу биллахIи ва къудратихIи мин шарри ма ажидухIу ва ухьазирухIу» («Со ларло АллахIан доллучунна ницкъ кхачарца а, Цуьнан нуьцкъаллица а хIокху айса ловш долучух, со ларлучух») ворхIазза эра ду.
2. АллахIан кхиэлана реза ду вай, цамгарна собарах доьхна а ца хьийза вай. АллахIан кхиэлехь лелларг Цуьнан халкъе ца леткъадо вай. Муьлхха а цхьамма вайга «Хьал муха ду хьан» аьлла ваьшка хаьттича, доллучул а хьалха АллахIана хастам бо вай.
3. Муьлхха а цомгаш хилла бусалба волучу хьовса дахча, цунна иза товар доьхуш, АллахIе доIа до вай. ХIара дешнаш олу вай:
«АсъалуллохIал Iазым, роббал Iаршил Iазым, ан йашфика» («Аса доьху Сийлахь-Воккхачу АллахIе, йоккхачу Iаршан Деле - хьо товар!»).
4. Цомгашниг волучохь, цунна хало ца ярхьама, дукха хье ца ло вай, нагахь вай ша волучохь совцаро иза воккхавевеш а, самукъане веш а вацахь.
5. Вай цунна герггарачу хенахь диканиг хиларе дегайовхо а, товаларе сатуьйсийла а юьту. «Тхан бусалба ваша, собарца а, доIа деш а хилалахь» аьлла, весет а дийр ду вай цуьнга. Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«Со товийриг ву И, со цомгуш хилча» («аш-ШуIараъ»: 80).
АллахIан къамелаца цхьаьна хила деза гIиллакх
1. Ваьш КъурIан доьшучу хенахь, ламаз карахь а долуш, доьшу вай иза. Деша охьаховшучу хенахь - гIиллакхехь, оьзда, хаза, эсала, къилбехьа а дирзина, ховшу вай.
2. КъурIан мукъамехь доьшу вай, сих а ца ло вай иза доьшуш, вешан аз а до вай хаза.
3. Цуьнан аятийн ойла а йо вай, цаьрца Iамал ян гIерташ, къа а хьоьгу вай, цуьнан омра а лардо вай, цо дихкинчух а ларло вай.
4. Ваьш КъурIан доьшуш - АллахI резаваран дуьхьа доьшу вай, дешарна тIера мах а ца оьцу вай.
5. Ваьшна доьшуш КъурIан хезча, дист а ца хуьлуш, хаза ойла а еш, гIиллакхехь ладугIу вай цуьнга.
6. Вешан карахь ламаз доцучу а, ваьш цIена доцучу а хенашкахь КъурIанах куьг ца туху вай.
АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хила деза гIиллакх
1. АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дукха веза вайна вешан синойл а, догIмел а. Иштта цуьнан асхьабаш а, цуьнан цIийнан охIла а беза вайна дукха.
2. Вай лоруш верг а, сий деш верг а ву иза. Ваьшна цуьнан цIе йоккхуш хезча - салават дуьллу вай.
3. Цо диначу омрашна муьтIахь ду вай, цо мел дийцинарг бакъ деш ду вай, цо дихкинарг дарах ларлуш а ду вай.
4. Цуьнан лорах доьлху вай, цуьнан суннатца Iамал а йо вай, цуьнан цхьана а суннатана букъ а ца туху вай, бидаIаташ юкъа а ца доху вай.
5. Цунна мел дезнарг деза вайна, иза оьгIазе мел хиллачунна оьгIазе а ду вай, цо бина хьехамаш а бо вай кхечарна.
6. Вай тешна ду: цо шега аманат динарг дIакхачийна хиларна, АллахIа шега баийтина хаамаш берриг дIабаржийна хиларна. Вайн массеран цIарах АллахIа диканца бекхам бойла цунна.
Деца а, ненаца а хила деза гIиллакх
1. Вешан дайшна а, наношна а дика ду вай, цаьршинна муьтIахь а, цаьршинца эсала а ду вай. Кест-кеста цаьршиннан куьйгана барт а боккху вай.
2. Вешан дайшна а, наношна а муьтIахь ду вай, цхьана а дика долчуьнгахь Iеса а ца хуьлу вай цаьршинна, сий а до вай цаьршиннан.
3. Цаьршимма АллахIана Iеса хиларан декъах дерг де аьлла, ваьшка омра дича, тIаккха муьтIахь хилац вай царна - Кхоьллиначунна Iеса а хуьлуш, адамашна муьтIахь хила мегаш доцун дела.
4. И шиъ долучохь вешан аз ца ийдо вай, цаьршинга «тпуй» а ца олу вай, и шиъ чеха а ца до вай.
5. Кест-кестта цаьршинна доIа до вай, цаьршинна гечдар а доьху вай, и шиъ вайна реза а до вай, и шиъ оьгIаз а ца дохуьйту вай, цаьршиннан пурба доцуш цхьанхьа даха новкъа а ца довлу вай.
6. Цаьршимма лелийна гергарлонаш хеда а ца до вай, цаьршиннан накъостийн сий-ларам а бо вай, цаьршинна эшнначу хенахь гIуллакхна дIахIоьттина а ду вай.
Турпалан кIант Фарукъ