Беран оьздангалла цо ша-шеца лелочу гIиллакхашна тIера дIайолало. Беран оьзда массо хIума а хила деза: ойла а, гIиллакхаш а, олург а, хьажар а, охьахаар а, хьалагIаттар а, чу-ара валар а, тIекере валар а, духар а…
Хьоме бераш! Къоман тIаьхье! Юкъараллин ирс! Вай тешна ду-кха шу кхуьург хиларехь: АллахIана а, элчанна а муьтIахь долуш, пайхамар везаш, дас-нанас аьлларг деш, йиша-ваша дезаш, гергарлонаш лардеш, гонаха болучарна пайдехь долуш, къинойх гена дуьйлуш, ламазехь леррина долуш, эхь-бехк долуш, шалхонаш йоцуш, мотт цIена лебеш, Делах кхоьруш, Iамал-Iибадат дукха дезаш, Дела хьехор алссам долуш...
Беро уггаре а хьалха шен дог а, дегI а, мотт а, лелар а, алар а цIена лелон деза, хIунда аьлча пайхамара (АллахIера салам-маршалла хуьлда цунна) аьлла: «ЦIоналла ах дин ду».
Хьоме бераш! Шун хаза кхиарах доьзна ду-кха: юкъараллин ирс, оьздангалла, хIусамаш гIиллакхо худар, вовшех дог лозу чкъор а хилла дахар, вониг деъначу муьлххачу а хIусамехь дакъа кхачар...
Лараме дай-наной!
Iаламат мехала ду, ненан, бераца йолу юкъаметтигаш цIена хилар, къаьсттина иза жима долчу хенахь: цуьнах куьг тухуш «Бисмилла» доккхуш, ламаз керахь а долуш иза некхе хьош, КъурIанан аяташ цуьнан лерехь доьшуш... Иштта кхиош долу бер - иманехь а хир ду, вочу хIонах а ларлур ду.
Дай-наной! Берана чIогIа мехала ду шун куьг. Пайхамаран асхьабийн зударша шайн бераш Iамош хилла массо а дикачунна: цIена лела, ялтин хама бан, бепиган цуьрг охьа ца дожон, оцу тIе ког ца баккха, зене йоцу садолу хIуманаш яйъа ца яйъан, диканиг ала, вониг ца ала, воккханиг лара, гIаддайначунна гIодан…
Мел чIогIа оьшу-кха берашна дай-нанойн хаза хьехарш. Муха ца оьшура церан хьехарш, цара лучу оьздангаллех доьзна ма ду: церан хьелаш тодалар, гIиллакхехь кхиар, юкъараллехь церан оьздангалла гучуялар, царех гонна диканан гIирс хилар, нийсоне кхайкхамхой хилла уьш дIахIиттар. Ишттачу берашца кхиъна йолу юкъаралла зовкхехь хир ю, зуламийн бохамашкахь хир яц, гIиллакхаза кхиъначеран балийна корта лаьцна хир яц...
Хьовсал шу, хIай, лараме дай-наной! Мел дукха ду-кха и бераш тилош долу некъаш, уьш харцахьарачу новкъа дохуш долу бахьанаш, берийн гIиллакхаш талхош йолу воллаш. Цундела, къаьсттина хIокху заманчохь, берашна чIогIа оьшу дайн-нанойн куьг, хаза кхиор, оьзда кхиор. ХIунда аьлча цхьанненна а къайле яц тахана телхина лаьтта юкъаралла, даьржина долу къилахь гIуллакхаш, дIа ког мел баьккхиначохь йолу хьарамлонаш, хIоьттина долу къаьхьа къулц, эхь доцуш кхуьу кегийрахой…
Эхь - мел боккха эшам бу-кха и, мел боккха бохам бу-кха и махкана а, къоманна а, бусалба юкъараллина а!
Ткъа кхетош-кхиорхой а, дай-наной а доьзална хьалха аманат лардеш ца хилахь, сема ца хилахь, бIаьрг биллина ца хилахь, шайн белшашна тIехь долу декхар кхочуш деш ца хилахь, бераш талхош долу бахьанаш а, некъаш а девзаш ца хилахь, бераш оцу зуламийн машанех хьалхадаха хууш ца хилахь, цхьа а шеко йоцуш, вайн бераш кхуьур ду - дайна чкъор а хилла, дакъаза деввла синош а хилла, бохаман тоба а хилла, зуламан бIо а хилла…
Дай-наношна довза деза бераш талхаран новкъа доху бахьанаш, иштта оцу талхарх кIелхьара муха даха деза некъаш а. Юкъаралла бусалба кхиа лууш волучунна, талхарх юкъаралла хьалхаяккха луучунна хаийла: Ислам-дино охьадехкина нийсонан баххаш хилар, вон мел долучух юкъаралла дIацIанъеш долу эвсара некъаш хилар, нах талхорах хьалхабохуш йолу цIоналлаш хилар…
ХIай, лараме дай-наной! Шун карахь ду-кха берийн талхар а, цаталхар а, оьздангалла а, оьздбацаре берзар а, гIиллакхе хилар а, гIиллакх доцуш кхиар а, дикалла а, воллла а, комаьршалла а, бIаьрмецигалла а…
ХIай, лараме дай-наной! Шун таронехь ду-кха шайн бераш малекех тера кхиор: синош цIена долуш, ойланаш екхна йолуш, шайн Делан хьехамашна муьтIахь долуш, массо а диканна бIаьхой болуш, гонна масале долуш, гIиллакхе долуш, оьзда долуш, комаьрша долуш…
Дерзорехь, хIара жайна шуна пайдехьа даккхар доьху аса АллахIе. Иштта шу нийсачу новкъа нисдар а, вайна ирсе юкъаралла ялар а, комаьрша тIаьхье кхиор а доьху аса АллахIе! Амин, я АллахI!
Хастам бер вай АллахIана, вайна нийса некъ гайтиначу!
Турпалан кIант Фарукъ
Пайхамарин ишкол
Схьадуьйла, бераш! Пайхамаран хьадисаш Iамаде вай!
1. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Вовшашна совгIаташ де, хIунда аьлча оцо вовшашна дезарехь сов дохур ду шу».
Ислам-дино бусалба стаг гуттар а дика дерг а, Далла гергахь йоле мел дерг а дезаш хиларна тIехьоьху.
Царех цхьаъ ду - бусалба стаг шен вежаршца гергарлонаш а, уьйраш а, марзонаш а лоьхуш хилар.
Цундела пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) нах шайна юккъехь саламаш даржоре кхойкху - цуьнах царна вовшашка уьйр а, марзо а, безам а кхуллуш бахьана хилийта.
Иштта совгIаташ даларе а кхайкхина цо бусалбанашка: езачу хенашкахь а, хазахетаршкахь а - бусалба стаге шен бусалба вешина совгIат далийта, оцу совгIатехула шен вешица уьйр-марзо чIагIъяйтаран дуьхьа.
Къаьсттина ладаме хир ду совгIат дар, нагахь цаьршинна юккъехь барт бацахь, хIунда аьлча совгIат даро, барт бацарна тIе тамашина Iаткъам а бой, шина вешина юккъехь йоьхна юкъаметтиг юханехьа уьйре а, марзоне а ерзайо.
Ткъа совгIат - мехала хIума хилар дац коьртаниг, и лучо - цIеначу даггара АллахIан дуьхьа а, доггаха шена шен бусалба вежарий безарна а ялар ду. Дера, совгIат-м, хаза а долуш, цхьа зезаг хила а йиш ю, я тIехь Сийлахь-Везачу АллахIах кхерар дагадоуьйтуш, кечдеш яздина хаза йоза долу кехат а, жайна а, пайдехь хьехарш гулдина яздина кехат а хила а йиш ю.
СовгIат лоруш ду бусалба стага шен вешина, дойла а ца хууш, дина долу доIа а, и бахьанехь цаьршинна АллахI реза хила тарлуш долу.
2. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Къинойх тоба динарг – данне а (къа) ца диначух тера ву».
Бусалба стаг цIахь а, новкъахь а, шен Iар-дахарехь а, вахар-варашкахь а, массо хенахь а, массо хьелашкахь а хаддаза тоба карла доккхуш хила везаш ву. Ша къа мосазза латадо а - АллахIе тоба деш а, дохко валарца АллахIе воьрзуш хила а веза иза. Дийнахь а, буса а, Iуьйранна а, суьйранна а, массо хенахь а Сийлахь-Везачу АллахIе вирзина хила веза иза.
Бусалба стага цкъа а шен Делан къинхетамах дог ца дуьллу: цунна хаьа ша кхоьллинарг И вуйла а, И шеца ша виначу шен ненал а сов къинхетаме а, комаьрша а, дика а вуйла а. Шен дегIан лаамаша а, Делан мостагI долучу шайтIано а, ша Iеха а вина, шен Далла а, шен Делан элчанна а Iеса хуьлучу новкъа ваьккхича, - сихонца доггах гечдар а доьхуш, тоба а деш, шен Деле - АллахIе воьрзу иза. Цо сатуьйсу Сийлахь-Везачу АллахIа шен тоба къобалдаре. Цо дог ца дуьллу АллахIан йист йоцуш бокхачу къинхетамах.
Вайна хаа дезаш ду, тобадар - шен бехкамаш долуш хилар. Нагахь оцу бехкамашца догIуш дацахь, тоба нийса хила а, къобалдан а йиш йоцуш ду. Оцу бехкамех ду: летош долу къинош дитар, ша летийна долу къинош леторна дохко валар, къинош дитиначул тIаьхьа уьш юха летон ца волавалар, ша нахана йина харцонаш меттахIиттор.
3. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Сан самукъа ламазехь дина».
Ламаз – лайна а, цуьнан Далла а юккъехь уьйр латтош долу Iибадат ду. Ламаз дитинчо - шений, шен Сийлахь-Везачу Даллий юккъера уьйр хадийна.
Ламаз – къинойх а, Iесаллех а цIанвеш йолу Iамал ю. Иза – Сийлахь-Везачу АллахIана хьалха хIоттар ду: шен Эле кхойкхуш, цуьнга шен хьал а далхош, Цо деллачу диканашна Цунна хастам а, шукар а деш, къинхетам совбаккхар а доьхуш. Цундела ву догцIена бусалба стаг - даима а массарел а хьалха ламазе кхача гIерташ хуьлуш а, массо гIуллакхел а и дукха дезаш хуьлуш а.
Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ша Делах кхийриначеран эла а, Iаламийн имам а воллушехь, - нахана юккъехь ламаз уггаре а дукха дезаш верг а, Сийлахь-Везачу АллахIан халкъалахь уггаре а дукха АллахIана лолла деш хилларг а ву. Ламазе хIоттарехь хилла цуьнан дерриге самукъа.
Ламазе хIоьттича садоIу бусалба стеган даго, цо сатуьйсу АллахIа шех къинхетам баре. Сийлахь-Везачу АллахIаца къамеле волу иза ламазехь. АллахIана хьалха дIахутту иза – Цунна муьтIахь хиларца, хьаставаларца шен дегIан меженаш а нисйой. Шен ламаз дерзадо бусалбано. Ламазехь воцучу хенашкахь а АллахIана ша гуш вуйла а хаьа цунна. Массо а хенахь меженаш Далла муьтIахь йолуш а, дог Делах кхоьруш а хуьлу иза.
Ламаз дезаш верг – амал эсала йолуш хуьлу, дог дика долуш, гIиллакхаш хаза долуш хуьлу, халонашкахь собаре а, комаьрша а хуьлу иза. Моллалла кхойкхуш мосазза хеза а, дерриге а дуьтий, АллахIана хьалха хIотта дIахьоду иза.
4. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Эхь хетар – иманах ду».
Бусалба стагаца, дуьстича, иманан дакъош а, цуьнан генаш а, даржаш а тайп-тайпана ду.
«Иман» - деккъа маттехь аьлча долуш, дош хилла Iаш дац. Маттехь аьлларг тIедуза дезаш а, кхочушдан дезаш а ду - цIеначу даггара долучу дог тешаро а, меженашца дечу дикачу гIуллакхаша а, АллахI реза волучу Iамалша а.
«Эхь» бохург – хаза гIиллакх ду, оьзда амал ю. Ислам-дино бусалба нах кхойкху эхь хеташ хиларна тIе. Ткъа эхь хетаран юкъараллица дахар дIахIутту - исбаьхьа хуьлий, кхуьий, хазлой, толой. Эхь лелаш хилча - яххьаш самукъане, екхалой хуьлу, дегнаш комаьршаллица деладелла хуьлу. Эхь хетаран бахьаница амалш хазло, ваша шен вешица къинхетаме, дог лазаме хуьлу. Эхь бахьана долуш, стага шен бусалба вешин сакхташ ца лехьадо, орца дохуш, гина вонаш а хьулдо. Эхь хетар бахьана долуш, бусалба нехан юкъаралла дIахIутту – хазлой, кхетаме, оьзда, исбаьхьа, ирсе.
5. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Мунепикъан кхо билгало ю: ша (цхьаъ) дуьйцучу хенахь – аьшпаш буьтту цо, ша ваIда йича – (ша йина ваIда) йохайо цо, шех тешча – тешнабехк бо цо».
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) чIогIа вон гIуллакхаш а, сийсаза амалш а йийцина, хIора бусалба стаг царех ларвала везаш, генавала везаш йолу. Оцу гIуллакхех уггаре а кхерамениг хIара кхоъ ду:
1) Аьшпаш боттар. Иза – бакъдолучуьнца цадогIург дийцар а, харцлер а ду.
2) ВаIда йохор. Иза – ша кхечуьнца биначу барта тIехь чекхцавалар а, аьлларг кхочуш цадар а ду.
3) Тешнабехк бар. Иза – уггаре ямарта къа а, доккха зулам а, вон Iесалла а ю.
Ахьа, хьайх тешначунна, тешнабехк бар а ду. Хьайх тешийна даьхний а дитийтина, оцу тIехь ямарта хилар а ду. Iорайоккхург цахиларх а тешийна, хьайга йийцина къайле нахала яккхар а ду.
И кхо хIума ду лаьтта тIехь уггаре а боккха бохам баржош дерг. Цундела лерина уьш мунепикъан белхаш.
6. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Iуьйра-ламаз деш верг – АллахIа Шен Iуналле эцна ву».
Хьалхо вай дийцаре дира ламаз ладаме хиларах а, иза, лайшна а, церан Далла а юккъера зIе латтош йолу уьйр хиларх а лаьцна. Оцо бусалбанан дагчохь даима а АллахIах кхерар а, ерриге хенашкахь а ша Цуьнан Iуналлехь вуйла хаар а, ша миччанхьа велахь а Цунна ша гуш хилар хаар а кхиадо. Иштта ламазехь АллахIана хьалха хIоьттина велахь а, ламазал арахь велахь а - цуьнан меженаш АллахIана хьастаяла а, муьтIахь хила а, Цуьнах кхера а, хьарамчух ларъяла а Iамайо.
АллахIа диначу диканех уггаре а доккханиг ду-кха – шен хеннахь а деш, маьждигехь жамаIатехь Iуьйра-ламаз дар, Цо Шен Iуналлина кIел эцар совгIат, Цо иза Шен долане эцар. Ткъа вовр вуй-те Сийлахь-Везачу АллахIан Iуналлехь верг?! ВаллахIи, вовр вац-кха! Вовр а ма вац я дакъаза а вер ма вац! Нагахь иза лахь – хастаме валар хир ма ду цуьнан.
Нагахь ваха висахь – АллахIан гIоьнна кIелахь вехар ма ву иза. Ткъа муха кхочур ду цуьнга цхьаьнгара вониг, томе доцург?!
ХIокху хьадисо гойту - Iуьйра-ламазан болх беза а, Iаламат боккха а хилар Сийлахь-Везачу АллахIана гергахь.
7. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «АллахIа цхьа а цамгар ца яийтина - цхьана хенахь цунна дарба доуьйтуш бен. Цундела дарбанаш леладе».
Доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIа омра дина: дахар латторехь юкъара хуьлуш долу бахьанаш леладе аьлла. Нагахь шух муьлхха а цхьаъ цхьана лазаро лаьцнехь, цамгаро хьовзийнехь – оцу цамгарна дарбанна Ша кхоьллина долу дарбанаш леладе аьлла омра дина АллахIа.
И дарбанаш лелор бахьана долуш, буьззина АллахIанна тIе болх биллиначарех хир ву лай. Бахьанаш леладо цо. И бахьанаш кхоьллинарг а, хилийтинарг а цхьа АллахI бен воцийла а хаьа цунна. Шаьшша цара беш цхьа а пайда цахилар а хаьа цунна. Сийлахь-Везачу АллахIан пурбанца а бен цара деш цхьа а дарба цахилар а хаьа цунна.
Шеко йоцуш, дерриге а АллахIан кхиэлаца лелаш ду. Цуьнан кхиэл ю дерригенгахь а чекхйолуш а, лелаш а ерг. ТIаккха АллахIа шена магийна бахьанаш лелийначарех, АллахIа Шен кхиэлаца шена доьгIначунна реза хиллачарех хуьлу иза. Тешна ву иза Сийлахь-Везачу АллахIа азаллехь доьгIнарг леланза дериг цахиларах а, лелош долу бахьанаш а, дарбанаш а Сийлахь-Везачу АллахIа азаллезь доьгIначарех хиларах а.
8. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Шаьш духар тIедухучу хенахь а, шаьш ламаз оьцучу хенахь а - аьтту агIонна тIера доладе».
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) вайна массарна а тIедиллина: муьлхха а дика гIуллакхаш дечу хенашкахь аьтто агIо хьалхаяккха аьлла. Маьждигна чу доьлхучу хенахь – аьтто ког хьалха боккхур бу вай. ХIума юуш – аьтто куьйга юур ю вай. Вайн вежаршка салам лучу хенахь – аьтто куьг дIакховдор ду вай.
Аьтто куьг хьалхадакхаран маьIна - эхартахь вешан тептар аьтту куьйга даларе сатийсарна ду. Доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Воккха а волучу АллахIа вайна дийцина: шен Iамалийн тептар аьтто куьйга схьаэцна верг декъала хилла, ялсамани яьккхина цо, жоьжагIатех хьалха а ваьлла иза аьлла. Цундела пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шен асхьабашна Iамош хилла: дерриге дика гIуллакхаш аьтто куьйга дар - эхартахь тептар аьтто куьйга схьаоьцучарех хилийтаран дуьхьа.
9. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Уггаре а вон къу - шен ламазна къола дийриг ву, рукуIа а, сужда а дуьззина ца деш».
Сийлахь-Везачу АллахIа ламаз тIедиллина - Шений, Шен лайний юккъехь уьйр хилийтаран дуьхьа а, бусалбанехь, ша ламазехь волуш а, ламазехь воцуш а, даима а Сийлахь-Везачу АллахIана ша гуш вуйла хаар кхиоран дуьхьа а. Цуьнах иза воьлча - амалехь эсала хир ву, ламазехь волуш а, ламазехь воцуш а синтеме хир ву, нахаца кIеда-мерза хир ву, хIунда аьлча тешна ву иза Сийлахь-Везачу АллахIана ша а, ша мел дийриг а гуш хиларах. Ша мел дечуьнгахь догцIена велахь а, моттаргIанаш лелош велахь а - Цунна хаьийла хууш а ву иза.
Шен ламазна къола деш верг, вуьшта аьлча: ламазехь синтеме воцург - цуьнан коьрта гIайгIа катоьхна шен ламаз тlехьа-хьалха даккха гIертар хуьлу. Моттало цунна шена иза цхьана а маьIне а, ладаме а дац. Шен хан яйъеш болу мохь тарбелла цунна иза. Ткъа оцу кепараниг - нахана юккъехь уггаре а воккха къу ву. Ша-шена деш къола ду цо иза. Цунна моьтта хир ду ша шен Делаца - АллахIаца зIенехь ву. Ва амма и цунна моьттарг - нисса бIостанехьа ду. АллахIа Ша реза вечу новкъа а, шена пайда бохьун болчу гIуллакхна а харже яккха елла йолу хан оцу новкъа хьажо бIаьрмециг ву иза. Ламазехь зIок етта цо - нIаьно кIенан буьртигна зIок еттаре терра. Ша шен ламазехь мел-хIун дешна а ца хаьа цунна.
Ша динарг ламаз ду моьтту хир ду цунна. Цо динарг ламаз дац. Цуьнан хьал нахана къола деш волчу къух тера ду. Къунна моттало хир ду ша лачкъийна даьхний шен доладаьлла. Дола ца даьлла уьш цуьнан, цо уьш лачкъорах нехан хьакъ долучуьра дIадалац. Ткъа цо дийриг - нахана къола ду, кхо дийриг - шен ламазна къола ду. Ламазна хьажо ша кхоийна йолу хан эхартана бала пайда боцуче-м хьежайо цо.
10. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Нахах тоьлуш верг – АллахIах кхерарехь сов ваьлларг ву».
Оцу хьадисо вайна йовзуьйту дикаллин хазалла а, исбаьхьалла а. Дикалла – бусалба стагехь хила тарлучу хазачу амалех уггаре а хазаниг ю.
Мел хаза ду бусалба стаг дика хилар! Мел дукха диканаш дохку цуьнан дика хиларехь: амалехь эсала хуьла иза, гIиллакхаш хаза долуш хуьлу иза, оьзда, комаьрша хуьлу иза. Оцул сов зулам ца до цо цхьаннена а. Шена зулам динчунна а къинтIера волу иза, шена вон динчунна а гечдо цо. Ша волчу хьаша воьссича - лараме тIеоьцу цо иза. АллахIа шена деллачу диканех мерг а, дуург а хьалха хIоттадо цо цунна. Уггаре а хазачу куьцара хьошалла до цо шен хьешана.
Шен доьзалхочунна дика до цо - кхетош-кхиорца, хаза гIиллакхаш Iаморца, дикачу амалашка марзварца. Ша-шеца а дика ву иза. Сийлахь-Веза АллахI реза хин волчу новкъахь шен хан а, даьхний а харже доккху цо. АллахI реза хин волчу гIуллакхашна я хан а, я бахам а ца кхоабо цо.
Иштта хуьлу нахана юккъехь АллахIах кхерарехь сов волучуьнан хьал. Иштта йолу цуьнан дикаллаш а, Делах кхерар а бахьана долуш - нахах уггаре а диканиг а, тоьлуш верг а вагарвина иза АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна).
11. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Ламаз керахь латтон гIертар вац Делах тешна верг бен».
Муьлххачу а бусалбано ламаз керахь латтор - оцу лайнан АллахIах тешар а, цуьнан иман а доггах хиларна тоьшалла деш йолчу билгалонех цхьаъ ю. ХIунда аьлча тешна ву иза: ша ламаз керахь латтош мел ву а - ша Далла лолла деш хиларах, ша Далла Iибадат деш хиларах.
Ламаз керахь латтор бахьана долуш, шайтIано дагчу туьйсучу вочу а, зуламечу а, тилочу а ойланийн вонах хьалхаволу иза, я цаьрга ша лаца а ца лоцуьйту цо.
Шен ламаз керара мосазза дели а, сихха карладоккху цо и - шен Далла лоллехь волучуьра цахадаран дуьхьа, Iибадатах юкъара цаваларан дуьхьа. Иза тешна ву: шен ламаз керахь а долуш, дIаоьхуш лаьтта ерриге хан АллахIана Iамал-Iибадатехь дIайоьдуш хиларах. Муьлххачу а хенахь схьаэцна КъурIан деша кийча ву иза. Шен Дела хьахор ву цо ламаз керахь а долуш муьлххачу а хенахь. Уьш доцучу кхечу дикачу гIуллакхашна а кийча хир ву иза.
12. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Шух муьлххачу а цхьамма хьоршам тухучу хенахь - шен ши куьг юьхьа дуьхьал дилла, аз а лахде».
Ислам-дин даима а, шен массо а хьехамашкахь а бусалба нахана хаза гIиллакхаш а, оьзда амалш а хьоьхуш ду. Цо дийцанза ца дитина, хьоршам тухуш волчу бусалбано дан дезарг а цхьаьна. ХIунда аьлча бусалба стаг шена гонах болучарна масал хила дезаш ву, наха эца хаза масал долуш хила везаш ву: шен гIиллакхашкахь а, кIеда-мерзаллехь а, къинтIера волуш хиларехь а, гечдеш хиларехь а, догцIена хиларехь а, бакъ лерехь а, Делах кхоьруш хиларехь а, оьздангаллехь а, оьгIаз ца эхарехь а.
Муьлхха а бусалба, ша хьоршам тухучу хенахь, нахана новкъарло ярах леррина ларлуш хила веза. Цундела ша хьоршам тухучу хенахь, шен ши куьг юьхьа дуьхьал дилла деза цо - шен мерачура аракхоссадала тарлуш долу цинцаш цхьанненна а тIе ца кхетийтаран дуьхьа, хIунда аьлча уллохь а, гонаха а болучарна уьш тIекхетахь цуьнах цатам бера бу царна. Иштта хьоршам тухучу хенахь шен аз таIо а деза - шена гонаха Iачарна новкъарло ярах ларвалархьама.
13. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Белхалочуьнан хьацар дакъадалале дIало цунна мах».
Сийлахь-Везачу АллахIа бусалба нахана диначу диканех цхьаъ - Цо царна даийтина долу низам ду, доссийна долу ШарI ду, хаддаза бусалба стеган а, цуьнан бусалба вешин а юкъара уьйр хIоттарехь а, хIоттийначул тIаьхьа иза чIагIъярехь а юкъара хуьлуш долу.
Нагахь муьлххачу а цхьана бусалбано мехах болх бан белхало лаьцнехь, Ислам-дино иза лаьцнарг тIехьоьху - болх бан мехах лаьцначунна догIу хьакъ, ша бан безаш болу болх иза бина ма ваьллинехь, хьемза дIадаларна. И сихдан дезаш хиларан къайле хIун ю аьлча - бусалба нахана юккъе цакхетам а, къовсам а, барт эгIар а дан тарлуш долучу массо а бахьанийн некъаш дIакъовлар ду, къахьегна волучу белхалочух зулам юхатохар а ду, Сийлахь-Веза АллахI резавар а ду.
14. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Уггаре дезаха дешнаш: «ЦIена ву АллахI! Хастам бу АллахIана! Массо хIуманал воккха ву АллахI» («СубхьаналлахIи, валхьамду лиллахIи, валлохIу акбар»).
Бусалба стаг а, зуда а даима а, массо а хенашкахь а шайн Дела хьехош хила беза. Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) массо хьелашкахь а хилла Дела хьехош. Уггаре дезах лоруш долу Дела хьехор - хIокху дешнашкахь долу зуькарш ду:
«СубхьаналлахI, валхьамду лиллахI, ва лаилахIа иллаллахIу, валлахIу акбар».
«СубхьаналлахI» бохучу зуькаро чулаьцна АллахIана уггаре хаза бен хастам. Оцу зуькаро дацаре до Сийлахь-Везачу АллахIехь тарделла долу массо сакхт а, эшам а. Оцу хьокъехь хьийзаш йолу ерриге шеконаш а йоху дIа.
«Валхьамду лиллахI» бохучу зуькаро - берриге хастамаш шена бан хьакъ верг цхьа АллахI хилар тIечIагIдо.
«ЛаилахIа иллаллахIу» бохучу зуькаро - Ша цхьаъ ван хьакъ верг а, Шена лолла дан а, Iамал-Iибадат дан хьакъ верг а цхьа АллахI хилар тIечIагIдо.
«АллахIу акбар» бохучу зуькаро - Сийлахь-Везачу АллахIал доккха а, деза а, сийлахь а хIума цахилар тIечIагIдо.
Ткъа и дешнаш дерриге а цхьаьнатоьхча, цаьргахь гулло: Сийлахь-Веза АллахI вазваран а, уггаре а хазачу дешнашнашца Цунна хастам баран а, сийлахь варан а, воккха варан а маьIнаш. Цундела хилла и дешнаш уггаре а дезахчу зуькарех я уггаре а дезаха зуькарш.
15. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Нагахь аьттонехь волучу хенахь хьо АллахI вовза гIертахь - Цунна хьо а вевзар ву бохамехь».
ХIора бусалба стаг а, зуда а АллахIан новкъахь диканна харж еш хила деза. Сийлахь-Везачу АллахIан новкъахь а, шен бусалба вежаршна пайда баран новкъахь а харж еш хила веза хIора бусалба, шен бахам а, къинхьегам а, хан а юккъе а юьллуш. Ткъа шен таро а, аьтто а болучу хенашкахь оцу кепара хиллачуьнца - иза цомгаш хиллачу, гIорасиз виссиначу, аьтто-таро йоьхна виссиначу хенашкахь Сийлахь-Веза АллахI а хир ву кхин а сов комаьрша, кхин а сов дика, кхин а сов къинхетаме.
Нагахь цуьнга муьлхха а цхьа бохам, сингаттам багIахь - Сийлахь-Везачу АллахIа паргIато лур ю цунна, хьалха а воккхур ву Цо иза оцу бохамах, сингаттамах. И дицдеш дика а лур ду Цо цунна.
16. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: ««Кхин дела вац, АллахI бен» аьлларг - ялсамане гIур ву».
«Кхин дела вац, АллахI бен» аьлларг - оцу сийлахьчу дешнийн маьIнах а кхеташ, цуьнан чулацам а бевзаш, шен дерриге тайпанашца Iибадат цхьана Сийлахь-Везачу АллахIана бен а ца деш, оцу дешнаша бохург шен дахарехь лела а деш, цIеначу даггара оцу дешнашна реза а волуш…
Ламаз дечу хенахь - АллахIан дуьхьа бен ламаз а ца деш, гIурбанна урс хьокхучу хенахь - АллахIан дуьхьа бен урс а ца хьокхуш (я эвлаяан дуьхьа, я пайхамаран дуьхьа а ца хьокхуш)…
Шега муьлхха а цхьа бохам я цатам беача - шега деанарг Сийлахь-Везачу цхьана АллахIа дIаайдаре бен са ца туьйсуш. Шега муьлхха а цхьа бала беача - и бала бухатохар цхьана Сийлахь-Везачу АллахIера лоьхуш...
Иштта хилларг - ялсамане гIур ву.
17. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Шуна юккъехь диканиг - шена КъурIан а Iамийна, и кхечарна дIахьоьхуш верг ву».
КъурIан - Сийлахь-Везачу АллахIан къамел ду. И шена Iамош, цо бохург деш, цул тIаьхьа кхечарна и дIахьоьхуш къахьегна верг - бусалба нахах уггаре а диканиг ву. ХIунда аьлча цуьнгахь - АллахIан Жайнахь долу Iилма хаар ду, вуьшта аьлча - Сийлахь-Везачу АллахIан Къамел довзар ду.
Лай тIевулучух уггаре а дезаниг - Делан Къамел ду, хIунда аьлча оцу чохь ду: нийса хьукма, хаза хьехам, цуьнан ойла еш волучунна шен дахарехь оьшу пайданаш карор долу бакъ дийцарш, ялсаманех а, жоьжагIатех а лаьцна харцонах цIена болу хаамаш, дикачу малекех лаьцна бакъ хабар, къайленаш йийцар, бакъдолу хьикмат. Нийсачу новкъа а нисво цо.
Дерриге а дика хила луучо - КъурIан Iамадойла. Ша уггаре а дикачу, бусалба умматах цхьаъ хила луучо - цуьнца Iамал йойла.
18. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Некъа тIера новкъа йолу хIума дIаяккхар - сагIа ду».
Бусалба стаг даима а диканиг дендеш а, тадеш а хила везаш ву. Цуьнан дуьхьа АллахIа адам кхоьллина йолу Iалашо ю и. Иман а ду и - дегнаш тодеш долу. Хаза дитт а ду и - бусалба стеган дагчохь кхуьуш долу. Оцу дитто оцу дагчохь хаза стоьмаш дебабо. Iожан дитте терра, вай цуьнан хIу тосу лаьтта, хи а туху. Цуьнан Iуналла а деш, дола дича, цо вайна хаза стоьмаш кхиабо, вай дууш долу Iежаш санна.
Иштта ду иман а, вай цуьнан дола дича - дика Iамал а еш, цIенна дог а, негат а цIандеш, цуьнга вайна хаза стоьмаш далийта. Оцу стоьмех ду - Сийлахь-Веза АллахI резавар, оьмарехь а, рицкъехь а беркат а, шен го тобан лайш еш йолу дика Iамалш а.
Нагахь хьайна новкъахь охьатесна хIума караяхь (нехаш чохь тIоьрмиг я некъа юккъехь тIулг) - догцIена бусалба стаг декхарийлахь ву нах дIасалелачу новкъара иза дIаяккха. И бахьанехь лайна АллахI реза хир ву, нахана и везар а сов дер ду. Бусалба стаг даима а тодеш а, диканиг дендеш а хила веза.
19. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Ялсамане гIур вац эладитанча».
Эладита - нахана юккъехь вон къамел даржор ду. И боьха къамелаш бахьанехь нехан барт бохабо, нах вовшашца эгIабо.
ХIора бусалба стаг декхарийлахь ву - дукха къамелаш дарах ларвала. Стеган шен бусалба вешин хьокъехь дог хьагIах а, оьгIазлонах а, цабезамах а, ачонах а дузуш долу эладитанаш-м дуьйцийла а яц.
Цундела ШарIо дихкина - эладитанаш даржор, хьарам дина - эладита лелочунна а, моттбеттачунна а ялсамане вахар, хIунда аьлча эладитанаш даржор а, элира-бохурш дйицар а - доккха къа ду.
20. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Нахана баркалле воцург - АллахIана а хир вац баркалле».
Хьайна муьлхха а цхьана стага дика дича - хьо цунна баркалла ала дезаш ву, хьайний, цунний юккъера безам, уьйр, вежаралла, гергарло хаддаза латтийтаран дуьхьа. Цундела ШарIо тIехьоьху баркалле хиларна.
Сийлахь-Везачу АллахIа Ша деллачу ниIматашна Шена баркалле хиларан метта лерина ду - шена дика дина волучу бусалба вешина бусалба стаг баркалле хилар.
21. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Вайн баккхийнаш лоруш воцург а, вайн берашца кIеда-мерза воцург а - вайх вац».
Бераш декхарийлахь ду - баккхийнаш лара, церан сий дан а, шега диканиг де бохуш мел ду, баккхийчара бохург дан а. Нагахь воккхачо жимачуьнга муьлхха а цхьа хIума де аьллехь (и дар жимачунна маслаIате а, АллахIана муьтIахь хилар декъах а долуш) - тIаккха и бераш декхарийлахь ду цо бохург дан, цуьнца гIиллакхе хила а веза иза.
Кегийрачу асхьабаша (АллахI реза хуьлда царна) шайл а воккхачуьнан хаза ларам беш, олуш хилла: «Ваша! Дада!». Цул а сов, чIогIа оьзда къамел деш а хилла цара баккхийчаьрга, чIогIа гIиллакхе хуьлуш а хилла уьш цаьрца.
Иштта баккхийнаш а бу декхарийлахь - кегийрачаьрца кIеда-мерза хила, берашца къинхетаме хила. Нагахь цаьргара гIалат даьллехь - царна хьеха деза цара нийса дерг. Шеца кIеда-мерза хилар бахьана долуш - воккха хилча, и жиманиг а хир ву шел жимчуьнца кIеда-мерза, шел жимчуьнца къинхетаме а хир ву иза. И бахьана долуш, юкъаралла а, юкъаметтигаш а юзур ю къинхетамах, кIеда-марзаллех, нийсонах, тешамах, дегцIеналлех, бакълерах, гIиллакхах, оьздангаллех.
22. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Бусалба стаг - иза шен матто а, куьйгаша а бусалба нахана зулам (зен) ца деш верг ву».
Бакъ волчу бусалба стага зен ца до шен бусалба вежаршна. Муххале а, шен вежаршна зенехь дерг шена гича - декхарийлахь ву иза, хьем ца беш, и дIадаккха, цуьнах шен вежарий ларбан.
Цундела бусалбано зен дан йиш яц вочу дашца а, эладитанаш даржорца а, моттбеттарца а, гIибат дарца а, сийдоцурш дийцарца а, бага леярца а, сийсазваккхарца а.
Шен куьйга зен ца до бусалбано бусалбанна. Тоха йиш а яц цо цунна, лазо йиш а яц цо иза. Шен куьйга бусалба нахана зенехь дерг дан йиш а яц цуьнан.
23. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Хаза дош - сагIа ду».
Бусалба стаг декхарийлахь ву шен мотт хаза лебеш хила а, диканиг бен ца олуш хила а, оьзда къамел бен ца деш хила а.
Цундела бусалба стаг – аьшпаш, пуьташ буттуш хила йиш йолуш вац, шен бусалба вежарех цхьа а сийсазван а, емалван а йиш йолуш а вац иза. Цул а сов, бусалба стаг даима кхечунна дика дан гIерта везаш а, хаза къамел долуш хила везаш а ву.
Хаддаза АллахI хьехош, ша миччахь велахь а, Далла ша гуш вуйла хууш, шен маттехула ара мел даьллачу дашах шен хьесап дийр дуйла хууш, хила везаш ву муьлхха а бусалба стаг. Цундела, АллахI реза веш дерг бен ца олуш, ларвала веза.
24. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «ОьгIаз ма эха! Ялсамане хир ю хьуна».
Стагера даьллачу массо а вонийн хьост - оьгIазло ю. Бусалба стаг оьгIазлонах ларвала везаш ву. ОьгIазлоно стаг бIарзво, бакъдерг ца гойтуш. Кхетам чохь ойла ярах а тилаво цо иза.
Цундела пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), нахе омра а дина, само йина, оьгIаз ма эха аьлла. Синна хала ду огIазъэхар дита. Иштта цо билгалдаьккхина оьгIазъэхар дитинчунна а, меттахцавоьхначунна а хин йолу ял, ткъа цунна дуьхьал хин йолу ял - ялсамане ю.
ОьгIазло йитар - стаг ялсамане вохуьйтучу Iамалех цхьаъ ю. Ма йоккха ял а, ма доккха совгIат а ду-кха бусалба стагана а, цуьнан вежаршна а, кхин хила йиш а йоцуш, - зенехь долу хIара зулам дитина волчунна.
25. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Хьайн вешина юьхь-дуьхьал велакъажар - сагIа лоруш ду».
Бусалба стаг шен вешина юьхь-дуьхьал велакъежна хила везаш ву, цуьнца уггаре хазачу кепехь юкъаметтиг лелон а еза цо, бусалба нахана юккъехь диканиг а, догцIеналла а, тешамалла а даржийтархьама.
Цундела пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) уггаре а атта некъ билгалбина, бусулба нахана юккъехь безар даржош гIо ден болу, цо аьлла: «Хьан велакъажар».
Стаг шен вешина юьхь-дуьхьал деккъа цхьа велакъажар ду-кха, самукъанаш а, нахана юккъехь безамаш а даржош. Цул а сов, вайга и лардайтаран дуьхьа оцу тIехь ял а ю йиллина. Цундела ду и велакъажар - бусалба стагана оцу тIера ял а луш, сагIа лерина.
26. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Къинхетаме волучух - Къинхетамечо бийр бу къинхетам».
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бусалба нах тIехьоьху - вовшашца къинхетаме хиларна. Цо довзуьйту: нахаца къинхетаме хиллачуьнца - Сийлахь-Веза АллахI а къинхетаме хир волуш хилар, хIунда аьлча - Къинхетамениг ву Иза. Къинхетамалла - Цуьнан куьцех цхьаъ ду.
27. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Стага Ислам (дин) хаза лелош хиларан (билгалонех цхьаъ) ю - цо (массо) а шех Iотталуш доцург дитар».
Бусалба стаг - шена пайдехь дерг дан гIерташ хила везаш ву, шен бала боцург довза а ца гIерташ.
Цундела Ислам-дино бусалба стагана само йина - динехь а, дуьненахь а шена пайда бохьун доцург дитар коьрта хиларе кхойкхуш, хIунда аьлча уьш нехан гIуллакхех ду, кхунах Iотталуш а я кхуьнан бала болуш а дац уьш цхьана а агIор. ХIунда аьлча шена шен динехь а, дуьненахь а пайда бохьун доцу гIуллакхашна юкъагIерташ волу бусалба стаг - пайдаза эрна шен хан йойуш ву. Цул а сов, дуккха а къинош долуш хила а тарлуш ду иза юкъа гIерташ дерг - эладитанаш а, моттбеттар а, гIибат а.
Бусалба стаг декхарийлахь ву - шена пайда бохьун болучунна сагатдан. Цундела Ислам-дино оцу стага бусалба дин хаза лелош лерина. Вуьшта аьлча, Сийлахь-Везачу АллахIан ШарIана хаза тIаьхьавазарах лерина ду - муьлхха а бусалба стаг шен бала боцучунна юкъа ца гIертар.
28. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Шух уггаре диках верг - нахана сов пайдехь верг ву».
Даима а, нахал тоьлуш а, уггаре дика а лоруш верг - нахана диканаш дийриг а, шегара нахана пайданаш девриг а, шен ницкъ кхачаре хьаьжжина, нахах зен духутухуш верг а ву. Шен даьхнехь а, къинхьегамехь а, хенехь а нахана бIаьрмециг хила йиш йолуш вац иза.
Нагахь, юкъараллера иштта долу вовшех доглазар дIадалахь - цуьнах акха хьуьнан юкъаралла хуьлу: вовшийн тергам а боцуш, вовшашка ла а ца дугIуш, вовшех къа а ца хеташ. И бахьанехь гIийлачуьнан хьакъ дадо, къен стаг ле - мацаллина а, цамгарна а.
Цундела Ислам-дино - вовшех дог лозуш, бала кхочуш йолу бусалба юкъаралла кхолларна тIехьоьху. Ша-шех воккхавечуьнан а, шен гайна бен сацагатдечуьнан а меттиг хила йиш йолуш а яц оцу юкъараллехь. Цул а сов, бусалба стаг - шена Сийлахь-Веза АллахI резаваре кхача а, Иза оьгIаз гIон волучух генавала а, шена а (хьалхарчу тIегIанахь), нахана а (шолгIа) пайда бохьуш а, дика дохьуш а хила везаш ву. Бусалба нехан лоззучунна дог а лозуш, диканна а, вонна а дакъа кхочуш хила а веза.
Бусалба нах вовшашца - чIогIа гIишло санна хила безаш бу.
29. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Боккъалаъ, АллахI - тIеххаза ву, хазалла езаш а ву И».
ХIора бусалба стаг декхарийлахь ву - шен васт безаме хилийта а, духар цIена хилийта а, куц-кеп къепе дало а.
Ислам-дино тIехьоьху чоьхьарчу цIанонна а - бусалба стаг гIиллакхе хиларна а, оьзда хиларна а, нахаца юкъаметтиг хаза лелорна а. Иштта арахьарчу цIанонна тIе а хьоьху Ислам-дино.
АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша а хилла кIайн духар тIедухуш а, оба юхуш а, коьрта хIума туьллуш а. Нахана юккъехь массарел а хаза куц-кеп долуш хилла Мухьаммад-пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шен месех даьтта хьокхуш а хилла цо. АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) нахана юккъехь шех уггаре а хаза хьожа етталуш хилла.
Шен умматна тIедиллина цо дезачу деношкахь тIе керла духарш дохар. МIараш дIахедае аьлла, омра дина цо, рузбане воьдуш. Шина а Iийдахь лийчар тIедиллина цо. Ламазна хIоттале хьалха ламаз эцар тIедиллина цо. Iибадатех муьлхха а Iибадат дечу хенахь ламаз эцар диканех лерина цо.
Оцу дийциначу дерригенан бахьана - Сийлахь-Веза АллахI тIеххаза хилар а, И хазалла езаш хилар а ду. Далла дукха деза - шен лай хазачу куьцехь хилар, исбаьхьачу суьртехь хилар, безамечу куц-кепехь хилар. Куц-кеп хаза лелор деза лерина хиларе терра, лайнан чухале а ю цIена хила езаш.
30. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Дин - догцIеналла гучуяккхар ду».
Бусалба стаг - бусалба стеган ваша лоруш ву. Бусалба стага шен бусулба ваша бала боцуш, тIаламаза вита йиш яц - шена цо дечу гIуллакхашкахь а, лелочуьнгахь а гIалаташ деш дуйла хууш хилча, я шена цо Сийлахь-Веза АллахI реза воцург лелош дуйла хиъча. Бусалба стага шен бусалба ваша оцу хьолехь вита янне а йиш яц. Муххале а, декхар ву иза цунна хьехар дан, цIеначу даггара цунна нийса дерг хьеха, иза дикаха долучуьнга нисван, иза нийсачу новкъа ваккха. АллахIа тIебиллина некъ бу и. Ткъа бусалба динан дух - догцIена хьехар дар ду.
Элчанаша (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда царна) шайн къаьмнашна доггаха хьехамаш бина, цара кхайкха а кхайкхина уьш - АллахIе а, АллахIан ШарIе а, цара АллахI воцучунна деш хилла долу лолла дитаре а. Царех терра хьехар деш хила везаш ву хIора бусалба стаг - шен вешина а, шен йишина а, шен доттагIашна а. Нагахь царех цхьаьнгара гIалат даьлла хилар шена хаалахь - иза нийсачу новкъа ваккха веза цо.
Турпалан кIант Фарукъ