1. Берана цIе туьллуш йолу хан
Самурата аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «ХIора (дина долу) бер закъалт ду цунна тIера дечу Iакъикъатан. ВорхIалгIачу дийнахь цунна тIера дийнатана урс хьокхур ду. (Оццу дийнахь) цIе а туьллур ю цунна, корта а бошур бу» (хIара хьадис бух болуш долучу хьадисийн ялх жайнех пхеа жайнахь деана ду, иштта Хьакима а, БайхIакъис а, Тирмизис а «сахьихь» лерина а ду и).
Оцу хьадисах вайна кхеташ ду - берана цIе иза дуьненчу даьллачу ворхIалгIачу дийнахь тилла йиш йолуш хилар.
Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Буса кIант вина суна, ИбрахIим цIе а тиллина аса цунна» (Муслим).
Лакхахь далийначу а, уьш доцучу кхечу хьадисашкахь а вайна билгалдолу: берана цIе тилларан хьокъехь, оцу деношкахь ца тиллича мегар а доцуш, къасттош билгалдаьхна денош цахилар. ЦIе бер диначу дийнахь тилла а магош ду, кхоазлагIачу дийне дIататта а магадо, Iакъикъат дечу дийне татта а магадо, ткъа Iакъикъат – бер диначул тIаьхьа ворхIалагIачу дийнахь деш ду. Иштта, оцу хенал хьалха а, и денош дIадевллачул тIаьхьа а мега берана цIе тилла.
2. Тахкар дика йолу а, тахкар дика йоцу а цIераш
Вайн пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гайтина йолу нийсо ларъян а, цо дина омра кхочушдан а - берана уггаре хазачех а, товш йолучех а цIе харжа декхарийлахь ду беран да-нана а, верасаш а, кхетош-кхиорхой а.
Абу Дардаа (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, къематдийнахь, шайн цIерашца а, шайн дайн цIерашца а кхойкхур долуш ду шуьга. Цундела хазаниш харжа шайн (берашна) цIераш» (Абу Дауд).
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, доллучунна ницкъ кхочуш а, Сийлахь-Веза а волучу АллахIана шун цIерех уггаре дукха езаш ерш – IабдулллахI (АллахIан лай), Iабдур-Рахьман (Къинхетамечуьнан лай) ю» (Муслим).
- Иштта, берийн дай-наной а, верасаш а декхарийлахь бу - берашна ирча цIераш ца тахка, муьлхха а берийн сий-ларамана эшаме йолу, я тIехбеттамаш бен йолу, я цуьнах кхаьрдаш кхойкхун йолу цIераш ца тахка.
Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла: «(Элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) хаза екаш йоцу (ирча цIераш) хуьйцура» (Тирмизи).
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) дийцина: «Iумаран йоьIан цIе Iасия (МуьтIахь йоцург, Iесаниг, ЛадугIуш йоцург) хилла. Ткъа АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Жамила (Хазаниг) аьлла, цIе хийцина цуьнан».
Абу Дауда дийцина: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) кхин цIераш а тохкуш, (вон) цIераш хийцина, масала: Iаси (Iесаниг), Iазиз (Нуцкъаланиг), Iутла (Къизаниг), ШайтIан (ШайтIа), ал-Хьакам (Кхиэлахо), ГIураб (Къиг), Хьаббаб (саьрмикийн цхьа тайпа я шайтIанан цIе). Иштта, Хьарб (ТIом) (бохучу цIеран) метта - Силм (Машар) тиллира, ал-МудтIажиI (Вижина Iуьллург) бохучу цIеран метта - МунбаIис (Маса леларг) тиллира, Бану аз-Зинйа (Кхахьпанан кIентий) бохучу цIеран метта - Бану ар-РишдахI (Нийсачу некъан кIентий) тиллира, Бани МугIвияхI (Тиллачуьнан кIентий) боху цIе хийца а хийцина – Нийсачу некъан кIентий тиллира».
- Иштта да-нана декхарийлахь ду: вон билгало а, ирс дацар а гойтучу маьIне йолу цIераш ца тахка - шен чулацам ирс дацар а, вон билгало а йолучу цIерийн Iаткъаман баланех бер Iалашдаран дуьхьа а, иштта цуьнан вонах иза хьалхадаккхаран дуьхьа а.
СаIийд бин ал-Мусаййиба, шен дас, шен дендас дийцина аьлла, дийцина: «Со пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу веъначу хенахь, цо хаьттира соьга: «ЦIе хIун ю хьан?». Аса жоп делира: «(Хьазн) (1)». Цо элира: «Хьан цIе СахIл (2) хир ю (хIинца дуьйнна)». Цо элира: «Сайн дас сайна тиллина цIе хуьйцур яц аса». Ибн ал-Мусаййиба элира: «И хьазн хIинца а дIаяланза юкха вайна юккъера»».
- Иштта, маьIна дика доцу цIераш яла магош дац берашна, масала: цIераца уьйр йолу цIераш.
Яхья бин СаIийда дийцина: «Цкъа Iумар ибн ал-ХаттIаба (АллахI реза хуьлда цунна) цхьана стаге хаьттира: «ЦIе хIун ю хьан?». Цо жоп делира: «Жамрат (ЦIийбина кIора) ю». Iумар хаьттира: «Хьенан кIант ву хьо?». Оцу стага жоп делира: «ШихIабан (Серлончин)». Iумара хаьттира: «Мичахь вина ву хьо?». Оцу стага жоп делира: «Хьуркъа (Дагийначохь)». Iумара хаьттира: «Iаш мичахь ву хьо?». Оцу стага жоп делира: «Хьаррат ан-Нар (ЦIеран бурконехь)». Iумара хаьттира: «Цигахь мича меттехь?». Оцу стага жоп делира: «Зат ал-Лаза (ЖоьжагIатин алонехь)». ТIаккха элира Iумара: «ДIавало! Хьайн доьзална тIе кхача, баьгна хIаллакъхилла хьуна уьш». Бакъдолуш, Iумара (АллахI реза хуьлда цунна) аьлларг, цо ма-аллара, хилла а карийнера (Имам Маликан «МуваттIаъ»).
- Иштта дас-нанас тахка магийна дац Сийлахь-Везачу АллахIан цIерех цIе, масала: Ахьадун (Цхьаъ верг), Халикъун (Кхуллуш верг), Разикъун (Рицкъа луш верг), Самадун (Дерриге хIума Шегахь дерг), иштта царех тера йолу кхин цIераш а.
Абу Дауда дийцина шеш «Сунан» жайнахь. Мухха а цкъа ХIаниъ шен къомах цхьана тобанца АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу Медината веъна. Абул Хьакам олий, кхойкхуш хилла цара цуьнга. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), кхайкхина (шена тIе а валийна), аьлла цуьнга: «Бакъонца ал-Хьакам - Кхиэлахо - АллахI ву». Абу ал-Хьакам (Кхиэлахо) хIунда олуш ду хьоьх?». (Абу Шурайхь) кхетон воьлла: «Сан тайпанан (муьлхха а цхьана хIуманехь) къовсам баьлча, суна тIебогIу уьш, ткъа аса царна юкъахь, ший агIо реза а йолуш, кхиэл йо». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) аьлла: «Ма хаза хIума ду-кха и». (ТIаккха хаьттина цо цуьнга): «КIентий буй, ткъа, хьан?». (Абу Шурайхьа) жоп делла: «Бу сан - Шурайхь а, Муслим а, IабдуллахI а (цIераш йолуш кIентий)». (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) хаьттина: «Ткъа воккхахверг муьлха ву царех?». (Абу Шурайхьа) жоп делла: «Шурайхь ву». (ТIаккха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) аьлла: «ХIета, хьо – Абу Шурайхь (Шурайхьан да) ву-кха».
Муслиман «Сахьихь» жайнахь ду, Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина хьадис, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Къематдийнахь АллахI уггаре чIогIа оьгIазвахана хин волу а, уггаре вон лоруш хин волу а стаг – шена, Паччахьийн Паччахь аьлла, цIе тиллинарг ву. Паччахь вац АллахI воцург».
Бухарин а, Муслиман а «Сахьихь» шина жайнахь ду, Абу ХIурайрас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина хьадис, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Боккъалаъ, Сийлахь-Везачу а, доллучул Воккхачу а АллахIана гергахь уггаре а аьшне стаг (маликул мулук) - шех Паччахьийн Паччахь (олий), цIе йоккхуш верг ву, хIунда аьлча АллахI воцург паччахь вац» (Бухари: 10/486, Муслим: 2143, Абу Дауд: 4961, Тирмизи: 21391).
- Берашна тахка мегаш дац - муьлхха а цхьана хIумане догдохийла я сатуьйсийла юьтуш йолу цIераш, иштта кхиам а, аьтто а, дагдохийла а юьтуш йолу цIераш а. ХIунда аьлча цаьрга оцу цIерашца кхайкхича, бераш уллохь ца нислахь - гIайгIа а, кхиам бацар а, сингаттам а бохучу маьIне бека оцу цIерийн чулацам, масала: Афлахь (Уггаре кхиамениг), НафиI (Пайдениг), Рабахь (Пайда, Са), Йасар (Хьал, Бахам, Токхо).
Самурат бин Жундуба (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «(Наха олучу дешнех) АллахIана доллучул а дукха дезарг тIаьхьа догIу диъ (дош) ду: Сийлахь ву АллахI (СубхьаналлахI), Хастам бу АллахIана (Алхьамду лиллахI), Кхин дела вац АллахI воцург (ЛаилахIа иллаллахI), АллахI Воккха ву (АллахIу Акбар). Цундела, хIуъа хилча а хьайн берана ма тилла Йасар (Хьал, Бахам, Токхо) боху цIе, я Рабахь (Пайда, Са), я Нажихь (Кхиаме кхаьчнарг), я Афлахь (Уггаре кхиамениг). ХIунда аьлча, нагахь ахьа хаттахь: «Кхузахь вуй иза?», хьуна жоп лур ду: «Вац (аьлла)». ХIан, и диъ (дош) бен дац уьш, (хIумма а) тIе ма тоха оцу аса (аьллачунна)» (Муслим, Абу Дауд, Тирмизи).
Ибн Мажата а дийцина доцца: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дихкира тхуна - тхешан лайшна йиъ цIе тиллар: Афлахь (Уггаре кхиамениг), НафиI (Пайдениг), Рабахь (Пайда, Са), Йасар (Хьал, Бахам, Токхо)».
- Дена-нанна а, берийн кхетош-кхиорхошна а тIехь декхар ду - АллахI воцучу хьанна а цхьаьннан лай веш йолу цIераш цатахкар, масала: Iуззан лай (Iабд ал-Iузза), ХьаьжцIийнан лай (Iабд ал-КаIба), Пайхамаран лай (Iабд ан-Набий), иштта царех тера маьIна долу цIераш а. Ткъа оцу тайпана цIераш тахкар - цхьабарт болуш, берриге Iеламнаха хьарам дина ду.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Хьунайн гIазотахь аьллачу хIокху дешнех дерг дийцича: «Со – пайхамар ву. Аса аьшпаш ца буьтту – со Iабд ал-МуттIалибан (МуттIалибан лайн) кIант ву», ткъа иза – иштта йолу цIе кхоллар а, дуьххьара дIайолош оцу цIарца кхайкхар а дац. Ибн ал-Къаййима ма-аллара, боккъалаъ, иза - яьккхича и цIе ерг вевзаш йолучу цIарцIа вовзийтар ду, къаьсттина тIамтIехь мостагIчуьнга кхайкхам бечу хенахь, пайхамаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хIоьттина хиллачу оцу хьолехь санна. Ткъа оцу кепарчу цIарца шен и цIе йолучо ша дIавовзийтар хьарам лоруш дац.
Цул а сов, асхьабаша шаьш хьенан-муьлаш ду довзуьйтуш хилла пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хьалха, шайн тайпанийн цIераш а йохуш: Бану Iабд Манаф (Манаф лайн кIентий), Бану Iабд Шамс (Маьлхан лайн кIентий), Бану Iабдуд-Дар (Кертан лайн кIентий). Ткъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) инкарло еш а ца хилла царна, цара шаьш бовзуьйтуш, АллахI воцучуьнан лайш бу боху чулацам болу шайн тайпанийн цIераш яьхча.
Оцу хьокъехь уггаре а бакъахьара дош - дуьйцучу хенахь а, хьал довзуьйтучу хенахь а мегаш хилар ду, юьхьанца долош а, кхуллуш а магош доцург.
- ТIаьххьара, дена-нанна а, бераш кхетош-кхиорхошна а тIехь декхар ду - шайн доьзалашна «кочалла» а, «безам» а боху чулацам болу цIераш тахкарах ларбалар а, иштта бусалба доцучу кхечу къаьмнаша а, артисташа а тохкуш йолу цIераш тахкарах ларбалар а, масала: ХIуям (Хьерабаьлла безам), ХIайфаъ (Тайна, куц долу йоI), НахIад ((Кхоччуш накхош) дуьзнарг), Сузана, Нариман, ГIадат (Хаза зуда), Ахьлам (Сатийсам, Лаьхьалаам). Иштта царех тера йолу кхин цIераш а ца мега берашна тахка. Стенна ца мега?
Цхьаъ делахь, бусалба уммат шен бусалбаллин амалашкахь кхечарел а къаьстина хила дезаш ду. Шиъ делахь, бусалба уммат шен башхалонашца а, билгалонашца а къаьстина хила дезаш ду кхечу къаьмнех. Кхоъ делахь, бусалба наха шайн берашна оцу тайпана цIераш тахкар - шайн бусалба динан амалех бохар а, шайн сий дайъар а, шайн хьал сийсаздаккхар а, дакъаза ден долучу новкъа бовлар а, оьздангалла демадарц дина йохор а, гIиллакх хьаьшна дIадаккхар а ду…
Бусалба уммат оцу тIегIанехь сел сий доцучу даьлча, дакъазадаьлча, бехделча - иккхина кескаш а хилла, вовшахдевлла дакъош а хилла, дайна дIадер ду. Муьлхха а бусалба нехан мехкаш а, латтанаш а дIалаьцна Iачу мостагIчунна, цхьа а хало йоцуш, атта хир ду бусалба нехан латтанаш шайн доладерзо а, оцу мехкашкара сийлахь нах сийсазбаха а, тахана вайгахь лаьтташ долу хьал санна. ЛА ХЬАВЛА ВАЛА КЪУВВАТА ИЛЛА БИЛЛАХI!
Дера, цецвала хIума дац, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бусалба умматан пайхамарийн цIераш тахкарна а, иштта АллахIан лай (IабдуллахI) боху цIе тилларна а, Къинхетамечуьнан лай (Iабдуррохьман) боху цIе тилларна а тIе хьехарехь, иштта АллахIан лай веш, АллахIан лай хилар гойту чулацам болу цIераш тахкарна а. ХIунда аьлча Мухьаммадан уммат кхиндолучу къаьмнашлахь къаьсттина хила дезаш ду: шен вастехь а, шен куц-кепехь а, шен дерриге дахаран суьрташкахь а, шен хазачу амалашкахь а, шен оьздачу гIиллакхашкахь а. Иштта долу уммат - хаддаза уггаре тоьлла уммат хилла лаьттар ду, адамалла бакъонан нуьре а, нийсонан серлоне а, Ислам динан баххашка а нисдеш.
Абу ВахIб ал-Жашамис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Пайхамарийн цIераш тахка. АллахIана уггаре дукха еза цIераш - IабдуллахI, Iабдуррахьман ю. Ткъа царех уггаре бакъахьаерш - Хьарис, ХIаммам ю. Ткъа царех уггаре вониш (ирчанаш) - Хьарб, Марра ю» (Абу Дауд, Насаи).
3. Берана, Абу Фулан (Хьенехан Да) аьлла, йоккху цIе тиллар суннат хилар
Ислам дино бераш кхетош-кхиоран новкъахь охьадехкина долучу ладамечу баххех цхьаъ – берана, Абу Хьенех аьлла, йоккху цIе тиллар ду. ХIунда аьлча йоккху цIе тилларехь - дуккха а синIаткъаме исбаьхьа ларраш а, кхетош-кхиоран лаккхара ладаме пайданаш а бу.
Берана йоккху цIе тилларан пайданаш:
- Берийн дегнашкахь церан сий даран а, ларам баран а синкхетам кхиор.
- Баккхийчаьрга а, иштта шен хенарачаьрга а ларамца къамеле вала Iамор.
- Юкъараллин жоьпалла кхиор ду цуьнгахь. Оцу кепара ларамечу цIарца шега кхойкхуш хилча - ша баккхийчийн могIаре ваьлла хилар билгалдолу цунна, наха ларам бечу тIегIанехь хилар а го цунна.
Оцу даккхийрачу пайданашна а, ладамечу чулацамашна а тIедоьгIна, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) берашна йоккху цIе туьллуш хилла. Оцу цIарца кхойкхуш а хилла цо цаьрга. ХIунда хилла аьлча - кхетош-кхиорхошна Iаморан дуьхьа а, уьш дика долучуьнга нисбаран дуьхьа а, иштта берашна йоху цIераш тахкарехь оцу цIерашца цаьрга кхайкхарехь ша гайтиначу новкъа нисбалийта а.
Шина а «Сахьихь» жайнахь хьадис ду, Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) адамашлахь гIиллакхаш уггаре хаза долуш вара. Сан (сол жимаха) ваша вара, Абу Iумайр олуш. Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), ша иза волучу веъча, алара: «Ва, Абу Iумайр! ХIун хилла НугIайрах? (3)». Хьадис дийициначо аьлла: «Суна хетарехь, векхачуьра ваьккхина вара иза».
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iайшатана магийтина (АллахI реза хуьлда цунна) шена Умм IабдуллахI аьлла йоккху цIе тиллар, ткъа IабдуллахI – Зубайран кIант хилла. Иза - цуьнан йишин, Абу Бакаран (АллахI реза хуьлда цунна) йоьIан Асмаан, кIант хилла ву.
Анасе, Абу Хьамза олий, кхойкхуш хилла, цуьнан цхьа а доьзалхо а хилале. Абу ХIурайрах – Абу ХIурайра олуш хилла, оцу хенахь цуьнан цхьа а доьзалхо а ца хилла.
Стагана шен берийн йоцу йоккху цIе тилла а мегаш ду. Абу Бакаран (АллахI реза хуьлда цунна) йоккху цIе Абу Бакар хилла, ткъа цуьнан Бакар цIе йолуш кIант хилла а вац. Iумар ибн ал-Хаттабан (АллахI реза хуьлда цунна) йоккху цIе Абу-Хьафс ю, ткъа цуьнан а ца хилла Хьафс цIе йолуш доьзалхо. Иштта Абу Зарран (АллахI реза хуьлда цунна) хилла, Абу Зарра аьлла, йоккхуш цIе. Цуьнан а ца хилла Зарр цIе йолуш доьзалхо. Иштта Халид бин ал-Валидан (АллахI реза хуьлда цунна) хилла, Абу Сулайман аьлла, йоккху цIе. Цуьнан а ца хилла Сулайман цIе йолуш доьзалхо. И.дI кх.
Оцу дийциначуьнан жамI: берашна а, иштта баккхийчарна а йоккху цIе тиллар - суннат ду. Йоккху цIе туьллучу хенахь, шена и цIе луш волучуьнан доьзалхо хилар бехкам бина бац, я шен доьзалхочуьнан цIарах цIе тиллар а дац бехкаме дина.
ЦIе тилларах а, йоккху цIе яларах а схьадовлу цхьадолу дакъош. Лахахь къепе а далийна хьахор вай уьш:
А) Нагахь ден а, ненан а берана цIе тиллар тIехь барт цхьаьна ца багIахь - оцу хьолехь цIе тиллар тIехь тIаьххьара сацам баран бакъо дена кхачош ю.
ХIокху декъан юьххьехь а, иштта цул тIаьхьа а дийициначу хьадисаша луш болучу кхетамо гойту - берана цIе тилларан бакъо дена кхачош хилар.
Сийлахьчу КъурIанахь билгалдина - бер ша схьадаьллачу шен дега дилла дезаш хилар, нене дилла дезаш цахилар а. Оцу тIедоьгIна цуьнан цIе иштта яккха еза: хьенехан кIант минех, ден цIе а йоккхуш.
Сийлахь-Везачу АллахIа аьлла:
«(Дола даьхначу берашка) церан дайн цIерашца кхайкха» («ал-Ахьзаб», 5).
Вай лакхахь далийра Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина (хьадис), АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Буса кIант вина суна, ИбрахIим цIе а тиллина аса цунна» (Муслим).
Б) Ислам дино магош дац дена а, да воцучу цхьаннена а берашна сийсаза цIерш тахкар, масала: Лоханиг, АстагIниг, Чхьаьвриг, иштта царех тера чулацам болу муьлха а кхинйолу цIераш а. ХIунда аьлча Сийлахь-Везачу АллахIа дихкиначунна юкъа догIуш ду иза:
«Сийсаз вечу харц цIерашца ма кхайкха вовшашка» («ал-Хьужурат», 11).
ХIунда аьлча, иштта йолу сийсаза цIерш тахкар - берийн юкъараллин дахаран агIо а, иштта синкхетаман агIо а талхорехь Iаламат боккха Iаткъам беш ду.
В) Абу ал-Къасим аьлла йоккху цIе тилла мегаш дуй?
Массо Iеламнехан цхьабарт болуш ду - берашна пайамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цIе тилла мегаш хилар. ХIунда аьлча Муслиман жайнахь хьадис ду, Жабира (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Тхох цхьана стага шена кIант вича - цунна Мухьаммад аьлла цIе тиллира. Цуьнан наха элира цуьнга: «Оха туьллуьйтар яц хьоьга оцунна АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цIе». ТIаккха оцу (стага), шен кIант ги а воьллина, АллахIан элча волучу а вахана, цуьнга хаьттина: «КIант вина суна, ткъа аса цунна Мухьамад цIе тиллина. Амма сан наха боху соьга: «Оха туьллуьйтар яц хьоьга АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цIе». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Сан цIе тилла (мегар ду), сан йоккху цIе ца тилличахьана. Боккъалаъ, со - Къасим (Доькъург) ву, шуна юкъахь доькъуш волу» (Муслим).
Амма пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) йоккху цIе тилларан хьокъехь мужтахIидаш болу имамаш масех мазхIабе а, тайп-тайпаначу аларшка а бекъабелла. ХIинца вай шуна схьадуьйцур ду оцу хьокъехь цара аьлла аларш а, цул тIаьхьа царех сов бакъахьа гуш дерг а.
Хьалхараниг: хIуъа хилча а, маггане а мегарг цахилар ду – пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) йоккху цIе тиллар. Уьш тIетевжина болу бух, оцу агIончаша балош болу бух - Абу ХIурайрин (АллахI реза хуьлда цунна) хьадис ду, Бухарин а, Муслиман а «Сахьихь» жайнашкахь долу. АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Сан цIе тилла (мегар ду), сан йоккху цIе ца тиллачахьана». Оцу тIехь Имам аш-ШафиIи а ву.
ШолгIаниг: пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) йоккху цIе тиллар - цхьа а новкъарло а йоцуш тилла мегаш хиларан агIо ю. Оцу агIончаша тоьшаллина балийна бух - Абу Даудан «Сунан» жайнара хьадис ду. «Iайшата (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, (цкъа) цхьана зудчо, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а еана, элира аьлла: «ХIай, АллахIан элча! ХIинцале айса виначу кIантана - Мухьаммад аьлла цIе а тиллина аса, ал-Къасим аьлла йоккху цIе а елла аса цунна. (Наха) дуьйцу суна: Хьо и ца дезаш ву бохуш». ТIаккха (пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо ахуьлда цунна)) аьлла: «Сан цIе хьанал а йина, сан йоккху цIе хьарам йийриг хIун ду?».
Ибн Абу Хайсамас дийцина, ЗухIарис элира аьлла: «АллахIан элчанан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабийн кIентех веаннан хене ваьлла хилла ву со, царех хIораннан Мухьаммад цIе а, Абу ал-Къасим йоккху цIе а йолуш: Мухьаммад бин ТIалхьа бин IабдуллахI, Мухьаммад бин Абу Бакр, Мухьаммад бин Iалий бин Абу ТIалиб, Мухьаммад бин СаIд бин Абу Ваккъас.
Имам Малике хаьттича: «Шен цIе – Мухьаммад а, йоккху цIе - Абу ал-Къасим а йолучух (мегаш дуй иза аьлла)?» жоп делла цо: «Доьхкуш бух бац оцу хьокъехь, вон хIуммаъ ца го суна цуьнгахь».
Цхьа а новкъарло йоцуш мегар ду, хьанал ду бохучу агIоно боху: пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) йоккху цIе тиллар доьхкуш далийна долу хьадисаш - царел тIаьхьа уьш хуьйцуш, магаре деш далийначу хьадисаша хийцина ду.
КхоалгIаниг: цхьана хеннахь цIе а, йоккху цIе а тилла мегар дац, масала: шен доьзалхочунна Мухьаммад а, Абу ал-Къасим а цхьаьний тиллар.
Ткъа ша цIе тиллар я йоккху цIе тиллар-м мегаш ду.
Оцу агIончийн бух - Абу Дауда шен «Сунан» жайнахь, Жабира (АллахI реза хуьлда цуна) элира аьлла, дийцина хьадис ду: «Сан цIе тиллиначо - сан йоккху цIе ма туьллийла. Сан йоккху цIе тиллиначо - сан цIе ма туьллийла».
Иштта ибн Абу Хайсамас дийцина: «Мухьаммад бин ТIалхьас шена кIант виначу хенахь, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волучу а веана, цуьнга элира аьлла: «Цуьнан цIе – Мухьаммад ю, ткъа аса цунна лун йолу йоккху цIе – Абу ал-Къасим ю». Цо аьлла: «Цхьаьна ма тоха и шиъ. (Вай цунна) Абу Сулайман (лур ю йоккху цIе)».
ДоьалгIаниг: пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) йоккху цIе тилла цамагар - и дийна волучу хенахь ду. Ва амма пайхамар (АллахIера къинхетам а,маршо а хуьлда цунна) кхелхиначул тIаьхьа - цуьнан йоккху цIе тилларах вон хIуммаъ дац.
Оцу агIончаша тоьшаллийна даладо - Абу Дауда шен «Сунан» жайнахь дийцина долу хьадис. Манзар Мухьаммад ибн ал-Хьанафис дийцина, Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) элира аьлла: «Нагахь хьол тIаьхьа (хьо кхелхиначул тIаьхьа) сайна кIант вахь - аса цунна хьан цIе а туьллур ю, хьан йоккху цIе а туьллур ю? (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) аьлла: «ХIаъ»».
Хьумайд бин ЗанжавихIа «Китаб ал-адаб» жайнахь аьлла: «Ибн Абу Увайсе хаьттинера аса: «(Малика) хIун алара – цхьана хеннахь пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) йоккху цIе а, цIе а цхьаьний туьллуш хиллачуьнан хьокъехь?». Цо тхоьца цхьаьна хиъна Iачу цхьана шайхе хичаш йира, ткъа цо элира: «Кхузахь (Мухьаммад бин Малик ву). Цуьнан дас цунна Мухьаммад цIе а тиллина, Абу ал-Къасим йоккху цIе а тиллина». Цо олура (вуьшта аьлча: имам Малика олура): «Иза пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийна волучу хенахь дара дихкина - цуьна цIарца а, йоккхучу цIарца а цхьаьнга кхайкхича, пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) схьаверзар хаза доцун дела, ва амма тахана (вуьшта аьлча: иза кхелхиначул тIаьхьа) – вон хIуммаъ дац иза»».
Сов нийса хила герга дерг - доьалгIаниг ду. Имам Малика аьлла болу хьекъале кхетам бахьана долуш - цхьаъ далахь, и чулацам болуш долу пайхамаран хьадисаш бахьанехь - шиъ далахь.
Оцу дийциначунна тIедоьгIна - пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цIе тиллар мегаш ду, иштта цуьнан йоккху цIе тилла а. И цIераш тахка ца магош долу хьадисаш - иза дийна волучу ханна догIуш хилла, хIунда аьлча оцу цIерашца и цIераш йолучуьнга мохь тоьхча, хьаьнга кхайкхина ца хууш кегадала тарлора - и цIе йолчунна шега кхойкху-те аьлла а, пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) шега кхойкху-те аьлла а мотталуш. Амма иза кхелхиначул тIаьхьа - кегадала меттиг бац, ткъа цо гойту - и мегаш хилар. Иштта и мегаш хилар тIечIагIдечух - хьалхо дийцина хилла долу ЗухIарин хьадис а ду, асхьабийн веа доьзалхочун хенахь нисвелла ша, царех хIораннан цIе Мухьаммад а, йоккху цIе Абу ал-Къасим а йолуш бохург а ду. Дика хуург АллахI ву!
ХIокху декъехь дийцинарг шайна девзиначул тIаьхьа, дайш-наношна а, кхетош-кхиорхошна а тIехь дуьссуш дерг - шайн берашна цIераш тохкучу хенахь оцу гайтиначу нийсачу новкъа бахар ду. Берийн ларам бай беш йолу а, сий дожош йолу а цIераш тахкарах уьш ларбар а ду. Иштта уьш декхарийлахь бу - шайн берашна, уьш кегийра доллуш, царна йоху цIераш тохкучу хенахь, пайхамарна (АллахIера къинхентам а, маршо а хуьлда цунна) тIаьхьабаза а, церан дегнашна дукха езан ерш тахка а, йоккху хезча царна безаме хетан ерш тахка а.
Мел чIогIа оьшу-кха вайна массарна а цхьабосса - оцу кепара кхетош-кхиоран баххаш схьаэцар а, оцу баххашна тIехь цIераш тахкар а, оцу кепара долу Ислам динан некъан баххаш лардеш дахар а. Нагахь вай - вешан умматан сий духадерза а, уммат дендала а, бусалба умматан хьал юьхьанцарачу хорша дерза а лууш делахь. Ма хала дац-кха иза Сийлахьчу АллахIана - вай вешан негаташ цIандичахьана, дог-ойла цIанйичахьана, вай Ислам-динан новкъа нисделчахьана, цуьнан оьздангаллехь вешан дахар нисдичахьана а.
_______________
(1) Хьазн - Нийса доцу чIогIа латта.
(2) СахIл - Нийса долу кIеда латта.
(3) НугIайр - цуьнца ловзуш хилла долу жима хьуьнан хьоза ду иза.