1 - Доьзалхо виначуьнга кхаъ баккхар а, иза декъал вар а суннат лоруш ду:
Муьлхха а бусалбачу стагна суннат йолчу амалех а ду, бусалба стагца догIуш долу хазачу гIуллакхех а ду, шен бусалба вешийна доьзалхо винийла шена хиъча, цунна хазахетар дан лаамца каде хьовзар. Ткъа доьзалхо дуьненчу валар бахьана долуш, шен бусалба вешийна хазахетар дан леринчунна ислам-дино хьехна болу сирла некъ – цунна доьзалхо вича, шен камадоллу сиха цуьнга кхаъ баккхар а, цунна хазахетар дар а. Ткъа цу кепарчу амалшкахь а, вовшийн дегнаш эцарехь а, вовшашка кхаьънаш дахарехь а дуккха а пайданаш дохку, царех цхьадерш;
- ДоттагIаллин юкъаметтигаш чIагIъялар.
- Гергарлонан уьйраш чагIъяр.
- Бусалбачу доьзалшна юккъехь марзонаш йолар.
- Вовшийн безар сов далар.
- Юккъера барт чагIбалар.
- Вовшашка кхоллаелла хьагнаш елахь, уьш дайовлар.
- Вовшашка хаза ойланаш кхоллаялар.
- Шайн гонахарчарна хаза масал гайтар.
Ткъа сийлахьчу Къуръанахь а хьехайо, доьзалхо варна кхаьънаш даьхна йолу меттигех масийтта а. Сийлахьчу Къуръанахь уьш хьехоран Iалашо хIун ю аьлча, дера ю, бусалбачу умматна хьехар а, Iамор а, довзийтар а, дагадаийтар а - вай лакхахь ма хьеххора - доьзалхо виначу дега кхаьънаш дахарехь долу мехала маьIанаш – хIунда аьлча оцу кхаьънаша ма юхку, адамашна юккъехь гергарлонан марзонаш кхиоран ларраш а, бусалба нахана юккъера уьйр-марзонаш чIагIъяларан доккха маьIна а.
Сийлахь-везчу АллахIа, ИбрахIиман хьокъехь долчу дийцарехь аьлла:
(Тхан геланчаша баьхкира самукъане кхаъ бохьуш ИбрахIим волчу, цара элира цуьнга: «Маршо хуьлда!» Цо элира: «Шуна а хуьлда маршо!» - катоьххана хьаьвзина кхерзина эса схьадеара цо. Цара шайн куьйгаш юучух ца тухуш гича, шеквелира и царах долчунна, царна хьалха кхерам иккхира цунна. ХIета геланчаша элира: «Ма кхера! Баккъала а, ЛутI къоме дахкийтина тхо». Кирхьан духьал лаьтташ йолу цуьнан зуда, елаелира. Ткъа оха, самукъане кхаъ баьккхира цуьнга Исхьакъ а, ткъа Исхьакъан таьххье – ЯIкъуб а хир ву (хьан аьлла). Цо элира: «Сан докъазалла! Баккъала а, бер дийр ду, ткъа, аса? ХIунда аьлча, йоккха стаг ма яй со, майра а ма вай сан – воккха стаг. Баккъала а, им дера - цхьа тамашийна хума ма ду!»). («Худ»: 69-72).
Сийлахь-везчу АллахIа, Закри хьокъехь долчу дийцарехь аьлла:
«Иза, ламазан цIа чохь ламазехь лаьтташ а волуш, маликаша кхайкхира цуьнга: «АллахIа хаза кхаъ боккху хьоьга, Яхья (це йолуш кант хир ву хьан)». («Али-Iимран»: 39).
Сийлахь-везчу АллахIа, кхечу аятехь аьлла Закрин хьокъехь:
«ХIай Закри! Баккъала а, хаза кхаъ боккху Оха хьоьга, кIант хир ву хьан, Яхья цIе а йолуш. (Кхул) хьалха цкъа а кхоьллина а вац Оха иштта цIе йолуш цхьа а». («Марям»: 7).
Бер дуьненчу даьлча лардан дезачу суннатех ду, Дала шена доьзалхо веллачу дена доIа дар. Имам ибн ал-Къаййима шен «Тухьфатул мавлуд» цIе йолчу жайнахь дийцина:
(АллахIа беркат дойла хьох а, хьуна а, АллахIа диканца бекхам а бойла хьуна, АллахIа ишттаниг (кхин) а лойла хьуна, ял сов а йоккхийла Цо хьан).
(БаракаллахIу лака, ва барака Iалайку, ва жазакаллахIу хайран, ва разакъакаллахIу хайран, ва аджзала савабук).
Лакхахь вай дийцина долу хаза кхаьънаш дахар а, доьзалхо винарг декъал вар а цхьабосса лелон догуш суннат ду, винарг кIант велахь кентан хьокъехь а, иштта йоIарийн хьокъехь а.
Ма чIогIа оьшур-кх бусалбашна шайн юкъараллехь хIокху кепара сийлахь суннат тесна ца дуьтуш лело даккхар, хIунда аьлча оцу суннатан гIоьнца шайн юккъера гергарлонаш, уьйраш чIагIдалийтархьама, шайн дахарехь хаддаза дIаоьхучу заманан де дийне мел дели а юккъера марзонаш кIаргъялийтархьама, церан хIусамашна а, доьзалшна а техула безаман а, кеда-марзаллин а, гIиллакхан а таьллингашка синтеман лаба хецийтархьама.
Мел чIогIа оьшур-кх бусалбашна, шайна юккъера уьйраш хIуьттун йолчу новкъа бахар, шайна юккъехь марзонаш кхуллун йолчу лорах бахар, шеш цхьаъ бина дахIитторе кхачон болчу новкъа бахар, хIунда аьлча оцу кепара хIиттинчу марзонашкахь а, уьйрашкахь а ма ю ткъа, берриг АллахIан леш вежарий а бина дахIиттон йолу йоккха къайле а, церан цхьалла вовшеха хIоттаелла, вовшийн гIорто хилла лаьттачу гIишлонах тарйина дахIиттон долу даккхийра маьнаш а.
2 - Бер дуьненчу ма делли цуьнан лерехь молла кхайкхар а, къамат дар а:
Ислам-дино беран хьокъехь билгалйина беркатечу бакъонех цхьаъ ю, бер дуьненчу ма делли, цу сохьта цуьнан аьтточу лерехь молла кхайкхар а, аьррочу лерехь къамат дар а. Ткъа и гIуллакх бер дуьненчу ма-делли хьемза дан дезаш гIуллакх ду. Сихо ян езаран Iалашо хIун ю аьлча, дуьненчу даьллачу беран дуьнена аьзнашха дуьххьара хезаш дерг – веза-сийлахьчу Делан цIера аз хилийтархьама. Беран дуьххьар лере йогуш ерг - Iаламан Эла волучу АллахIан исбаьхьа цIе хилийтархьам. Дерригена а ницкъ кхочуш волучу Эле кхайкхам бен аз хилийтархьам. ХIунда аьлча молла кхайкхаран дешнашкахь чулаьцна ма дай, шеца нисбан кхин цхьа а чулацам боцуш болу АллахI цхьаъ хиларан сийлахь боккха чулацам, иштта Мухьаммад, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, Делан элча хилар хаамаш а ду.
Беран аьтточу лерехь молла кхайкха везаран а, аьррочу лерехь къамат дан дезаш хиларан а баххаш:
Абу РафиIа, АллахI реза хуьлда цунна, дийцина: «АллахIан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, Iелин кIентан Хьасанан лерехь молла кхойкхуш гира суна, ПетIмата и виначу хенахь». (Абу Дауд, Тирмизи).
Iелин кIанта Хьасана, АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а, дийцина, Пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, элира аьлла: «Нагахь бер дича, цуьнан аьтточу лерехь молла а кхайкхахь, аьррочу лерехь къамат а дахь, ткъа Уммус-Сибьян жино цхьана а кепара зен дийр дац цунна». (БайхIакъи, Ибн ас-Синис а далийна).
Ибну Iаббаса, АллахI реза хуьлда цунна а, цуьнан дена а, дийцина: «Пайхамара, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, Iелин кIентан Хьасанан лерехь молла кхайкхира, цуьнан аьррочу лерехь къамат а дира и винчу дийнахь».
Беран лерехь моллал кхайкхар а, къамат дар а чогIа ладаме бехкам лору, хIунда аьлча дуьххьара беран лере кхочуш долу дешнаш, АллахIан возалла гойту сийлахь-деза дешнаш хилийта дезаш ду. Цара гойту, Сийлахь-везачу АллахIан воккхалла а, Цуьнан сийлалла а. Нагахь стага шайн чулацам Дела цхьаъ вар долу и дешнаш къобал дахь – цунах бусалба вина даIхIоттош долу дешнаш а ду уьш. Бер дуьненчу даьллачу минотера дуьйна, молла кхайкхаран дешнаш а, къамат даран дешнаш а бераца цхьаьна хила дезаш ду, и бера хIокху дуьненан дахаран мур текхна даллалц, хIунда аьлча оцу дешнаша - Делан дика лай а хилла вахар хьоьхур ду цунна, цуьнан некъ серла а боккхур бу цара.
Молла кхайкхар а, къамат дар а хьокъехь бийцинчу пайданашна тIе кхин цхьа пайда а бу, оцу дешнаша: шайтIа эккхадо, сацам боцуш хIора керла бер дуьненчу долу лардеш Iаш долу, оцу беранна вон Iаткъам бан, хаддаза цунна зенаш дан хенаш ларъеш а долу.
Кхин пайда а бу: сийлахь-везчу АллахIе а, Цуьнан тIех цIеначу Ислам дине а болу кхайкхам хьалха баккха, Делан неIалт дахначуй, АллахIа Шен къинхетамах генадаьккхиначуй шайтIано беран лерехь бечу кхайкхамалла а, хIор баьрганнегIар туху юкъ цхьана мукъа йоцуш шена муьтIахь хиллачийн могIа бахбан гIерташ, боккха ницкъ тебахийтина доллуш долу.
Ткъа Ибн ал-Къаййима, АллахIа къинхетам бойла цунах, шен «тухьфа ал-мавлун» цIе йолучу жайнахь молла кхайкхар а, къамат дар а ягарйинчу Iалашонаша а, дагардинчу бахьанаша а доккха тоьшалла до, АллахIан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, АллахI цхьаъ варан Iакъидатна а, иманна а техь боккха тидам латтийна хилар гойтуш а, шайтIа а, иштта харц лаамаш а лелхорна тIе йоккха терго яхийтина хиларна а, ткъа и некъ цо болийна беран мере дуьненан хьожа а, дахаран хIаваъ а кхаьчначу минотера да.
3 - Ат-Тахьник – беран доьлашна массаж яр суннат ду:
Ат-Тахьник - Ислам дино беран хьокъехь лелон езаш билгалъяьхначу бакъонех ю, дуьненчу ма делли цуьнан доьлех Iаьвшина хурма хьакхар.
Ат-Тахьник – доьлех хурма хьакхар бохург хIун ду?
Цуьнан Iалашо а хIун ю?
Ат-Тахьник бохург – багахь хурма Iовша а Iаьвшина, ткъа цунах схьаяьлла марзо керла диначу беран доьлех хьакхар ду. Хьакхаран куц кху кепара хир ду - багахь Iаьвшинчу хурманах схьадаьлла худар пIелгахь схьа а эцна, и пIелаг беранна бага а бахийтина, байн а хьокхуш беран доьлашна тIехула аьтто агIор а, аьрро агIор а дIасахьокхуш, оцу Iаьвшинчу хурманан марзо керла диначу беранна багахь массо а маьIIе кхочуьйтуш.
Керла диначу беран доьлех Iаьвшинчу хурман марзо хьакхаран бахьана: берин багара буьйда долу дилха мел дина чагIдар а, доьлаш меттах дахар а, мотт хьабар а, мочхалла меттахдаккхар а ду, ткъа цуьнан маьIна, беран бага озон ма безза чогIа ненан накха озо кечъяр а ду, дакха кечдар а ду, шура озо атта дар а ду.
И гIуллакх Делах кхоьруш а волуш, дикачу стага дича гIолехь а, дика а лорур ду, хIунда аьлча дикачу стагера беран беркат хилар лоьхуш а, иштта ша и бер дикачу нахах а, Делах кхоьручу нахах а хиларе сатесна а.
Динан Iилманчаша керла диначу беран доьлех хурманан марзо хьакхар суннат хиларна тоьшаллина даладо, тIаьхьа догIу хьадисаш:
Абу Бурдас далийна, Абу Мусас, АллахI реза хуьлда цунна, дийцина аьлла хьадис: «Сайна бер диначу хенахь, иза а далош Пайхамар, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, волча веара со, ткъа цо ИбрахIим аьлла цIе а тиллина, цуьнан доьлех хурма а хьаькхна, беркате вар доьхуш доIа а дина, схьавелира соьга». (Бухари, Муслим).
Анаса (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Абу ТIалхьин (АллахI реза хуьлда цунна) кIант вара цомгаш. Абу ТIалхьа цIахь а воцуш, иза велла. ЦIавирзича Абу ТIалхьас хаьттина: «Муха ду сан кIентан гIуллакхаш?». Беран нанас, Умм Сулаймас, жоп делла: «Вуно тийна ву». ТIаккха цунна хьалха пхьор а диллина, хIума йиъна цо. Цул тIаьхьа цуьнца буьйса яьккхина цо. Ткъа иза паргIатваьлла ваьлча, цо аьлла цуьнга: «КIант дIаволла». Iуьйре ма хилла, Абу ТIалхьа, АллахIан элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) волчу а веана, хиллачух лаьцна дерриге дIадийцина цо цуьнга. Цо хаьттина: «Оцу буса цхьаьна дIадийшиний шу?». (Абу ТIалхьас) жоп делла: «ХIаъ». ТIаккха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Я АллахI! Беркат де Ахьа цаьршинна!». ТIаьхьа (Абу ТIалхьин зудчо) кIант вина. Абу ТIалхьас элира соьга: «Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIевигахьа иза» - цуьнца цхьаьна масех хурма а йохьуьйтуш. (Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна)) хаьттира: «ХIумма а юй цуьнгахь?». (Аса) жоп делира: «ХIаъ, хурманаш ю». ТIаккха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), уьш схьа а эцна, Iовша а Iаьвшина, юха шен багара (Iаьвшина хурма) схьа а эцна, беран бага йиллира, (цуьнан багахь) дIасахьаькхира, цунна IабдуллахI аьлла цIе а туьллуш» (Бухари: 30, Муслим: 244).
Оцу хьадисан Бухарис далош долучу ривайатехь дийцина, ибн Iуйайна элира аьлла:
«Ансарех волучу цхьана стага элира: «Суна исс кIант ма гира, царех хIора а (дагахь) КъурIан доьшуш а волуш». Цо буьйцуш берш - оцу керла виначу IабдуллахIан кIентий бу.
4-Беран корта башар суннат ду:
Ислам-дино еанчу бакъонашха цхьаъ ю, бер дина вархIалгIачу дийнахь беран корта башар суннат хилар, мискачарна а, пекъаршна а, иштта хьакъ долучарна а цуьнан коьртара яьшначу месийн йозаллин барамехь сагIийна дети далар а.
Беран корта башар суннат дар - маьIнечу шина маслаIатна ду:
Хьалхарниг: лоьраллин а, могушаллин а маслаIат ду цуьнгахь:
ХIунда аьлча, беран корта баьшча, оцу беран коьртара керла йовлуш йолу месаш чIагIлой йовлу, буьйда йолчура дайовлий андало, коьртара месийн каьгнийн хьостанаш схьа а деллало, иштта хаадаларан меженийш хаадалар экамаллехь лакха долу – баьрса а, хьожа яр а, хазар а. (Иза дийцина – Ибн ал-Къаййима, шен «Тухьфа ал-атфал» це йолучу аматахь).
ШозлагIниг: социально-экономически маслаIат ду цуьнгахь:
ХIунда аьлча беран корта баьшча, цуьнан коьртара евллачу месийн барамехь пекъаршна дети сагIийна далар, социально-экономически агIор вовшийн гIо лацар а, къехошна гIоьнна куьг кховдоран а хьостанех кхин а цхьа хьост дагардеш ду. Оцу кеппара гIоьнна дакъа лацар, таро йоцучарна маслаIате гIуллакх хилар гойтуш кхин а цхьа бахьана а ду дагардан йиш йолуш, ткъа иза - юкъараллера къоьлла дIаяккхарехь дакъа лоцуш йолу дуккхачу а агIонашха цхьа агIо хилар ду. Иштта цуьнгахь доллуш кхин а ладаме маьIна а ду, иза – бусалба нехан юкъаралло, ша ехачу шен махкахь вовшийн гIо дар а, вовшашца къинхетаме хилар тесна дуьтуш ца хилар а, вовшашна дика дар мел жима делахь тIаламза дуьтуш ца хилар а, вовшех дог лазар дикаллех хедаш ца хилар а, ткъа цу кепара вовшех доглазарш дан ма деззара чагI а дина дахIоттийна йолу юкъаралла ехар ю, - ирсехь, аьттонехь, токхенехь, марзонехь. Оцу дерригенна тIе АллахIан къинхетам а хир бу царех дуьненахь а, эхартахь а.
Беран корта башар а, корта баьшча цуьнан коьртара евллачу месийн йозаллин барамехь дети сагIийна даларан тоьшаллийн Iеламчу наха далийначу тоьшаллех цхьа масех хьахор вай:
АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Хьасанан тIера Iакъикъатна цхьа уьстаг а бийна, шен йоIе ПетIамате элира: «Цуьнан корта а баший, цунан (коьртара евллачу) месийн йозаллин бараме хьажжий сагIийна дети ло. Ткъа цо уьш оьзначу хенахь, церан йозалла цхьана дирхIаман бараме я цхьана дирхIаме ца кхоччуш нисъелира».
Анас ибн Малика (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «АллахIан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, ворхIалгIачу дийнахь Хьасанан а, Хьусайнан а корта баша аьлла омра дира, цаьршиннан корта а баьшна, (церан коьртара евллачу месийн йозаллин) барамехь дети сагIийна а делира».
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) аьлла: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) коьртан цхьа агIо дIа а яьшна, (бисинарг башанза битар) дихкина».
Ибн Iумара (АллахI реза хуьлда цаьршинна) аьлла: «(Цкъа) АллахIан элчанна цхьа кIант гина - коьртан цхьана агIора месаш дIа а яьшна, важа агIо яшанза йитина. «Я берриге дIабаша иза, я банне а хье ма бе иза» аьлла, дихкира цо и царна».
Беран корта башарехь ца магийна долу куьцанаш:
Хьалхара куц: юкъ-юккъера башар ца магийна.
ШолгIа куц: юккъера да а баьшна, йистошкара башанза битар ца магийна.
КхоалгIа куц: йистошкара дIа а баьшна, юккъера башанза битар ца магийна .
ДоьазлагIа куц: хьалхара дIа а баьшна, тIехьара башанза битар ца магийна.
И дерриг а – Ибн ал-Къаййима, АллахIа къинхетам бойла цунах, ма аллара – «АллахIана а, Цуьнан элчанна а юьззина нийсо езаш хиларна ду. АллахIа нийсо е аьлла омара дина адаме, бен а дац и гIуллакх оцу адамех шех бен хьакхалуш дацахь а, шен хьокъехь долучунна а ву и нийсо ян декхарийлахь. Цундела, цунна дихкина ду, шен коьртах цхьа агIо яша а яьшна, важа агIо яшанза йитар. ХIунда аьлча, иза - коьртана зулам дар ларош ду, цхьа агIо месех ерзина а йоккхуш, ткъа вукха агIонна техь месаш йитар… Оцу дийцинчух терра ду, цо дихкина хилла долу маьлханна а, IиндагIна а юккъехь хиъна Iар, хIунда аьлча иза – цо шен дегIах цхьана эхан деш зулам ду…Иштта цунах тераниг кхин а ду, цо дихкина, стагна цхьана кога мача а йоьхна лелар, цо аьлла: я и ший а теюха, я ший а когара дIаяккха».
Оцу дийцинчу тIе кхин цхьа маьIна а ду, цхьа агIо яьшна а йитина, важа агIо яшанза йитар дика ца хилар а, коьртан деш зулам хилар а гойтуш. Иза – коьртан яьшначу агIоно садоIу, ца яьшначу агIонна садаIар ца хуьлу.
Оцу дийцинчу тIе кхин цхьа маьIна а ду: Исламан элчано, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, чогIа мехала лерина а, деза лерина а, цунна чогIа лиъначуха а ду – бусалба адам ша дехачу шен юкъараллехь шегахь хила догIуш долчу куц-кепехь лела дезаш хилар, хаза кечделла хила дезар… ткъа коьртах цхьа агIо дIа а яьшна, важа яшанза йитина лелар, бусалба стагана тамехь хила везарца а, леррина хила везарца а, ладаме хила везаш хиларца а, хаза лелавезаш хиларца а, оьзда лелавезаш хиларца а данне а цхьана догIуш хIума дац. Иштта бусалба личностехь догуш-м дера дац, кхин долу массо динашха къаьстина хила везаш волучу бусалбанехь цу тайпа керстанера схьаэцна хIума. Иштта бусалба стаг шен оьздангаллийца къаьстина хила везаш ву, массо а Iесачу нахах а, хьарамлонех къахкар доцучу нахах а, телхинчу нахах а.
***
Боккха дагахьбаллам хила хьакъ долучух ду, дукхаха болучу дайшна а, наношна а, доьзал кхиорхошна а, лакхахь ягарйина йолу исламан бакъонаш евзаш ца хилар. Цул а сов, цаьрга оцу бакъонех дерг ахь дийцича, ахь шайга уьш хьахийча, тамаш баран билгалонаш гучуйийлар а нисло, ткъа цхьаверг-м бага гIаттийначохь вуьсу. ХIунда аьлча, уьйр ца лелла церан оцу тайпанчу бакъонашца. Шен дахарехь и нийса бакъонаш практике яьхна лелош берш гина бац царна, хьан Дала шен къинхетам бина воцург!
Жимма оцу нехан лерехь шабар-шибар дан лаар-кх суна: ХIай, лараме дай, наной! ХIай, берийн Iуьналчаш! Шуна, шайн хьомсара доьзал муха кхион беза ца хаар, бусалба динехь бехказло лорур йолуш ма яц шуна. Шен динах дерг а, шен доьзал кхетош-кхиорах дерг а хаар Дала фарз дина шена тIедиллинчунах Iама ца деш ледарло йина верг, бен ца хеташ ши куьг охьахецна Iийна верг, берриг нах, Iаламаш кхоьллинчу Далла хьалха хIиттинчу цу халчу дийнахь, цу къематечу дийнахь, бераш къежлучу дийнахь, жоьпаллех кIелхьарволийтар волуш вац шуна, мел чогIа ца хууш виснера бохуш ахь бехказлонаш лехьорах, я муьлхха а кхин долу бахьанаш хьийзорах. Мел хала хир ду-кх, шен техь долу доьзалан хьакъ дуьззина лар ца динчунна, цигара ирхо эшон!
Дукха хан йоццуш лакхахь вай дагардина хилла долу суннаташ а, бакъонаш а, суннатийн декъера дара уьш-м аьлла ца Iаш, дахарехь уьш лелон дахар а, цаьрца Iамал яр а важиб хилла тедоьжна ду хIора доьзална дена а, нанна а. Дерриг а уьш, вайн доьзалшкахь а, вайн берашкахь а, вайн тIаьхьенехь а, вайн гергарчарна юккъехь а лелон дахар, цаьрца вешан а, вешан доьзалийн а дахар нисдина дахIоттор а важиб ду вайна техь…
ХIунда аьлча, нагахь вай вешан дахарехь суннаташ лелорехь кIадо яхь, суннато бохург дарехь ледарлонаш ян долахь, эххар важибна а кIадо ярна тIе а девр ду вай. Цул тIаьхьа фарзашкахь ледарлонаш ярна а, уьш дитарна а тIедевр ду вай, цунна таьххье дерригге а Ислам-дин лелорехь кIадо яран новкъа а девр ду. ТIаьххьара а, гуш долу техулара куц-кеп бусалба долуш волу стаг, кийрахь керстаналлин машанийн бойно лаьцна карор ву, билггалчу тиларан боьрахь тилавелла кхерсташ лелаш карор ву, оцу те хасапхочун карахь шен цIоканара баьлла уьстагI санна динчуьра а вер ву иза.
ХIай, лераме дай, наной! ХIай, сий долу кхетош-кхиорхой! ДIаэца шайна, исбаьхьачу Ислам-динан сирлачу хьостанера схьаэцна йолу хIара цIена бакъонаш. Шайн доьзалашлахь цхьацца доккхуш лелон а даха, хIара сийлахь-деза хилла долу Элчан суннаташ, АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна. Кхиабе, Дала аманат дина шайна белла доьзалш, оцу нийсонан баххашна техь, ткъа цунах бахьана а даьлла Сийлахь-веза АллахI реза варе кхача герга ду шун, шун дегнашна дукха безна болу мерза и шун доьзалш. Шайн маттаца лелийна ца Iаш, меженашца а, маттаца а цхьана лелон дахийта цу шайн деган стоьмашка хIара исбаьхьа хаза хилла долу Ислам-динан гIиллакхаш. Цунах бахьана а хIоьттина, АллахIа толам бала мега царна, шайн мостагIашна тIехь, деган харц лаамашна техь, Дала Шен къинхетамах даьккхинчу шайтIанна тIехь. Цу кепара нийсонна техь кхиийначу доьзалан юхадоьрзур ду, церан дайина хилла сий, церан дIабаккха хьийзош болу ларам, тIаьхье а йовр яц церан, хаддаза Делерчу беркатехь а хир бу уьш.
Турпалан кIант Фарукъ