Бер оьзда кхетош-кхиорхо а, доьзална Ислам-динан гIиллакхаш хьеха деза да-нана а сутара хила дезачу коьртачу декхарех ду - доьзалхочунна шена тIехь долу ден-ненан хьаккъаш довзийтар. Ткъа цаьршиннан хьаккъашна юкъадогIу: царна дика хилар, цаьршинна муьтIахь хилар, цаьршиннан хьашташ кхочуш деш дIахIоьттина хилар, и шиъ доккха хилча цаьршинна Iуналла дар, и шиъ къанделча цаьршинга леррина хьажар, цаьршиннан озал аз цаайдар, цаьршинна тIецачийхар, и шиъ делча цаьршинна доIа дар… Уьш доцурш кхин а ду Ислам-дино важиб а дина тIедехкина ден-ненан хьаккъаш а, деца-ненаца лелон дезаш долу гIиллакхаш а, деца-ненаца лелон езаш йолу оьзда юкъаметтиг а...