Я АллахI! Гечдехьа тхуна - яханачу хенан къиношна, йиснарг а тое Ахьа тхан.
Я АллахI! Тхан тахане гIолехь е Ахьа селханел а. Тхан кхане гIолехь е Ахьа таханел а. Тхан дерригечу а гIуллакхийн тIаьхье тое Ахьа. КIелхьара даха Ахьа тхо дуьненан сийсазлонах а, эхартан Iазапах а.
Я АллахI! Гечдеш ву Хьо, гечдар дезаш а ву Хьо - гечдехьа тхуна.
Я АллахI! Оха къинхетам а, ирс а доьху Хьоьга – динехь а, дуьненахь а, эхартахь а.
Я АллахI! Оха къинхетам а, ирс а доьху Хьоьга тхаьшна - тхайн динехь а, тхайн дуьненахь а, тхайн доьзалехь а, тхайн даьхнешкахь а.
Я АллахI! Тхан кхачамбацарш хьулде Ахьа, тхоьгара кхерам а дIабаккха Ахьа, Iалаш а де Ахьа тхо – тхайна хьалхашхула, тхайна тIехьашхула, тхайн аьтту агIонашхула, тхайн аьрру агIонашхула, тхайна тIехула. Хьан воккхаллица ларло тхо - тхайна бухахула ямартло а, тешнабехк а барх.
Я АллахI! Тхан сийде Ахьа. Тхо сийсаз ма де Ахьа. Хьайн совгIате далар ло Ахьа тхуна. Хьайн совг1атечу даларх ма даха Ахьа тхо. Алсамадаккха Ахьа тхуна, эша ма де Ахьа тхуна. Диканна къастийначарех де Ахьа тхо. Вочийн Iаткъамна кIел нисдаларх Iалашде Ахьа тхо. Реза хила Хьо тхуна. Тхо а де Ахьа реза.
Я АллахI! Тхан дин тоде Ахьа тхуна - тхан хьал тоден долу. Тхан дуьне а тоде Ахьа тхуна – оцу чохь тхан дахар долу. Тхан эхарт а тоде Ахьа - тхан доьрзийла йолу. Дахар а де Ахьа тхан - массо а диканехь сов дохуш. Далар а де Ахьа тхуна - массо а вонах синтем.
Я АллахI! Оха доьху Хьоьга - Хьан резахилар а, ялсамани а. Хьоьца ларло тхо - Хьан оьгIазлонах а, хоьжагIатех а.
Я АллахI! Оха йоьху Хьоьга ялсамани а, цунна герга мел дуьгуш долу дош а, Iамал а. Хьоьца ларло тхо жоьжагIатех а, цунна герга мел дуьгучу дашах а, Iамалх а.
«Тхан Дела! Дика ло Ахьа тхуна - хIокху дуьненахь а, эхартахь а‚ цIеран Iазапах а ларде Ахьа тхо» («Бакъарат»: 201).
«Тхан Дела! ТаIзар ма ло Ахьа тхуна - тхо дицделлехь а, гIалат девллехь а. Тхан Дела! ТIе мохь ма билла Ахьа тхуна - тхоьл хьалхарачарна Айхьа тIебиллина болу. Тхан Дела! Бала ма ба Ахьа тхуна - и лан тхан ницкъ боцу. Бехказа дита Ахьа тхо, геч а де Ахьа тхуна, къинхетам а бе Ахьа тхоьх. Хьо ву - тхан доладийриг. ГIо а де Ахьа тхуна - керста къоманна тIехь толам баккха» («Бакъарат»: 286).
Я АллахI! Ислам динна гIо мел диначунна - гIоде Ахьа, Ислам дин сийсаз мел динарг – сийсазве Ахьа, Исламна дуьхьал къайлаха ямарт барт мел бинарш - хIаллакбе Ахьа.
Я АллахI! Нуьцкъала а, онда а ву Хьо!
Я АллахI! ХIай нуьцкъала верг! ХIай гIора дерг! ХIай хьесап чехка дерг! ХIай мархаш лоьлуьйтуш верг! ХIай КъурIан доссийна верг! ХIай тобанаш эшийна верг! Эшабехьа Хьайн а, Исламан а мостагIий.
Я АллахI! Сийсазбе Ахьа Хьайн а, Исламан а мостагIий.
Я АллахI! ГIо а, толам а ло Ахьа тхуна – Исламан мостагIашна тIехь.
Я АллахI! Толам ло Ахьа тхуна - тешнабехкечу, ямартчу гаурашна-жуьгташна тIехь.
Толам ло Ахьа тхуна - мекарчу, тешнабехкечу, дог вочу, цабезамечу жIарахошна тIехь.
Толам ло Ахьа тхуна - бакъдолучунна керста дечу, хайра доцучу, баркалле боцучу коммунисташна тIехь.
Толам ло Ахьа тхуна – бIарзбеллачу, эмгаречу мушрикашна тIехь.
Толам ло Ахьа тхуна - ойланаш херцачу, ойланаш керчачу мунепикъашна тIехь.
Толам ло Ахьа тхуна - Хьайн мостагIашна тIе мел хIоьттиначунна а, Хьайн гергарачаьрца мостагIалла мел лелочунна а тIехь. Хьайн ШарIа тIе мел ца эцначунна а, Хьайн даIватна Iаткъам мел биначунна, и Iазапехь мел даллочунна а, и кхерамехь мел латточунна а тIехь.
Я АллахI! Хьайн Iазап доссаде Ахьа цаьрга - зуламечу къомах духатохалуш доцу.
Я АллахI! ХIай ондачу мекарлонан Да! Церан мекарлонаш, хIилланаш дохаде Ахьа. ХIай мекарачарех уггаре диканиг! Церан мекарло йохае Ахьа.
Я АллахI! Царна дуьхьал хилар доьху Хьоьга. Хьоьца лар а ло тхо церан вонех.
Я АллахI! Хьайн муъма нахах болучу лаьшха цхьанна а тIекхача некъ ма бита Ахьа царна.
Я АллахI! Хьоьга латкъам бо оха - тхайн ницкъан кIезгалла, тхайн хIилланан гIийлалла, тхаьшна наха гIело ярна, ХIай къинхетаме верг!
Я АлахI! Хьо ву-кха гIилачийн Дела, ткъа Хьо юкъара а воцуш тхайх тешна ма дита Ахьа тхо.
Я АллахI! Хьо юкъара а воцуш тхайх тешна ма дитахьа тхо - ткъа хIаллакьхир ду-кха тхо. Хьайн халкъах цхьаннах а тешна а ма дита Ахьа тхо - ткъа довр ду-кха тхо. ГIо де Ахьа тхуна - тхуна дуьхьал кхечарна гIо ма де Ахьа. Тхуна толам ло Ахьа - тхуна тIехь кхечарна толам ма ло Ахьа. Нийсачу новкъа нисде Ахьа тхо, нийсачу новкъа нисдалар атта а де Ахьа тхуна. Тхуна гIело ечарна тIехь гIо а ло Ахьа тхуна.
Тхан Дела! Хьо хьехочарех де Ахьа тхо. Хьайна шукар дечарех де Ахьа тхо. Хьайца тоба дечарех де Ахьа тхо. Хьайна муьтIахь болучарех де Ахьа тхо.
Я АллахI! Тхан тоба къобалде Ахьа. Тхайн къинойх цIанде Ахьа тхо. Тхан доIанна жоп ло Ахьа. Тхан дегнаш нисде Ахьа. Нийса дерг дийцаре тхан меттанаш нисде Ахьа. Тхан дегнаш дIацIанде Ахьа оьгIазлонех а, цабезамех а.
Я АллахI! Хьан реза хиларца ларло тхо - Хьан оьгIазлонех. Ахьа хьалхадитарца ларло тхо - Хьан Iазапах. Хьоьца ларло тхо - Хьоьх. Чот яла-ц тхоьга Хьуна бан хьакъ болучу хастамна. Айхьа Хьо ма-хесттор ву-кха Хьо!
Тхан Дела! Дуьззина ламаз дечарех де Ахьа тхо а, тхан тIаьхье а.
«Сан доIа къобалдехьа» («ИбрахIим»: 40).
Тхан Дела! Гечде Ахьа тхуна а, тхан дайшна-наношна а, муъма нахана а – барт хоттучу дийнахь.
Я АллахI! Оха доьху Хьоьга - Хьан резахилар а, ялсамани а. Хьоьца ларло тхо - Хьан оьгIазлонах а, жоьжагIатах а.
Я АллахI! Тхан догIмаш жоьжагIатина хьарам де Ахьа, дикачаьрца цхьаьна ялсамани чу а дахийта Ахьа тхо.
«Тхан Дела! Дика ло Ахьа тхуна – хIокху дуьненахь а, эхартахь а‚ цIеран Iазапах а лар де Ахьа тхо» («Бакъарат»: 201).
Я АллахI! Бина барт кхочушбечарех де Ахьа тхо. Собаречарех а де Ахьа тхо – баланехь а, бохамехь а. ТIамехь собаречарех а де Ахьа тхо. Бакълийначарех а, Хьайх кхийриначарех а де Ахьа тхо.
«Тхан Дела! ТаIзар ма ло Ахьа тхуна - тхо дицделлехь а, гIалат девллехь а. Тхан Дела! ТIе мохь ма билла Ахьа тхуна - тхоьл хьалхарачарна Айхьа тIебиллина болу. Тхан Дела! Бала ма ба Ахьа тхуна - и лан тхан ницкъ боцу. Бехказа дита Ахьа тхо, геч а де Ахьа тхуна, къинхетам а бе Ахьа тхоьх. Хьо ву - тхан доладийриг. ГIо а де Ахьа тхуна - керста къоманна тIехь толам баккха» («Бакъарат»: 286).
«Тхан Дела! (Нийсонах) гена ма даха Ахьа тхан дегнаш - Айхьа тхо нийсачу новкъа нисдиначул тIаьхьа. Хьайна гергара къинхетам а ло Ахьа тхуна, Хьо ма вуй – лург» («Али 1имран»: 8).
«Тхан Дела! Тешна тхо Ахьа доссийначух‚ элчанна тIаьхьа а даьзна тхо. (Хьо цхьаъ хиларца а, элча бакъ хиларца а) тоьшалла диначийн могIарехь дIаязде Ахьа тхо» («Али 1имран»: 53).
«Тхан Дела! Гечде Ахьа тхуна - тхан къиношна а, тхайн гIуллакхехь оха диначу исрапна а. тхан когаш а чIагIде Ахьа, гаурашна тIехь толам а ло Ахьа тхуна» («Али Iимран»: 147).
Я АллахI! Хьекъалан дайх де Ахьа тхо - Хьо хьехош болучу:
«ирахь а, хевшина Iаччохь а, агIонна тIетевжина Iаччохь а, стигланийн а, лаьттанан а кхолларан ойла йийраш а» («Али Iимран»: 191).
«Тхан дела! Ахьа цIерга воьллинарг - сий дайъина ву-кха» («Али Iимран»: 191).
Ткъа тхо сийсаз ма де Ахьа - жоьжагIате а дахийтий.
«Тхан дела! Кхайкхорхо (Мухьаммад) хезира тхуна - иман дилларе кхойкхуш: «Шайн делах теша (бохуш)» - ткъа тхо теша а тийшира. Тхан дела! Гечде Ахьа тхан къиношна, тхайн вон гIуллакхех дIа а цIанде Ахьа тхо, дикачаьрца дIа а кхалхаде Ахьа тхо. Тхан дела! Ло Ахьа тхуна - Хьайн пайхамаршкахула Айхьа тхуна ваIда йинарг, къематан дийнахь сийсаз а ма де Ахьа тхо. Хьайн ваIда йоха ма ца йой Ахьа» («Али Iимран»: 193-194).
«Тхан Дела! Тхаьш-тхайна зулам дина-кха оха. Нагахь Ахьа тхуна геч а ца дахь, тхоьх къинхетам а ца бахь - билггал зе хиллачарех (я дакъаза бевллачарех) хир ма ду тхо» («ал-АIраф»: 23).
«Собар ло Ахьа тхуна, бусалба долуш кхалха а де Ахьа тхо» («ал-АIраф»: 126).
«Хьо ву-кха – тхан доладийриг. Гечде Ахьа тхуна, къинхетам а бе Ахьа тхоьх. Хьо ма вай – гечдечарех уггаре диканиг. Дика а язде Ахьа тхуна - хIокху дуьненахь а, эхартахь а» («ал-АIраф»: 155-156).
Я АллахI! Хьо ву-кха тхан доладийриг - дуьненахь а, эхартахь а. Бусалба а долуш кхалха де Ахьа тхо, дикачу нахах дIа а тоха Ахьа тхо.
«Тхан Дела! Зуламечу нахах дIа ма тоха Ахьа тхо» («ал-АIраф»: 47).
«Хьайн къинхетамца кIелхьара даха Ахьа тхо керста нахах» («Йунус»: 86).
«Тхан Дела! Хьуна хууш ду-кха - оха хьулдийриг а, оха Iорадоккхург а. Цхьа а хIума къайла дац АллахIана - я лаьттахь а, я стиглахь а» («ИбрахIим»: 38).
Тхан Дела! Ламаз дечарех де Ахьа тхо а, тхан тIаьхье а.
«Сан доIа къобалдехьа» («ИбрахIим»: 40).
Я АллахI! Гечдехьа тхуна, тхан дайшна-наношна а, муъма нахана а – хьесап дечу дийнахь.
«Тхан Дела! Хьайна гергара къинхетам лохьа тхуна, тхан гIуллакх дIа а нисдехьа уггаре дикачу тайпана» («ал-КахIф»: 10).
Я АллахI! Декъал хиллачу муъма нахах де Ахьа тхо –
«Шаьш ламаз дечу хенахь муьтIахь болучу. Массо а мукъа хабаршна букъ тухуш болучу. Закат дIалуш болучу. Шайн Iвраташ (эвхьаза меттигаш) лардеш болучу» («ал-Муъминун»: 2-5).
«Шайх тешна Iалашдан дитинарг лардеш а, барташ лардеш а болучу. Рожехь шайн ламазаш деш болучу а» («ал-Муъминун»:8-9).
Я АллахI! Сийлахьчу пирдовсан верасаш де Ахьа тхоьх.
Я АллахI! Рахьманан лайх де Ахьа тхо –
«Лаьтта тIехь эсала лелаш болучу» («ал-Фуркъан»: 63).
Я АллахI! «Шайн Делан дуьхьа буьйса д1акхоьхьуш болучу - сужданехь а, лаьтташ а» («ал-«Фуркъан»: 63) – оцарех де Ахьа тхо.
«Тхан Дела! ЖоьжагIатин Iазап ма ло Ахьа тхуна - хIунда аьлча юхадолуш дац-кха цуьнан Iазап. Ма вон ю-кха и Iойла а, социйла а» («ал-Фуркъан»: 65-66).
«Тхан Дела! БIаьргбоккхабебар лохьа тхуна - тхайн зударшкахь а, тхайн тIаьхьенехь а. Делах кхоьручарна масал а дехьа тхо» («ал-Фуркъан»: 74).
Я АллахI! Хьо ву-кха тхо кхоьлинарг. Тхо нийсачу новкъа нисдийриг а ву-кха Хьо. Тхо цомгаш хилча, тхуна дарба дийриг а ву-кха Хьо. Тхан Iожалла йийриг а, тхо дендийриг а ву-кха Хьо. Хьо ву-кха къематдийнахь Ахьа тхайн къиношна гечдаре оха сатуьйсуш верг.
Тхан Дела! Хьукма ло Ахьа тхуна. Дикачу нахах дIа а тоха Ахьа тхо. Мотт а бе Ахьа тхан - кхечийн хьокъехь бакъ луьйш. Зовкхечу ялсаманин верасаш а де Ахьа тхоьх. Бусалбачу тхан дайшна а, наношна а гечде Ахьа. Кешнашкара гIитточу дийнахь сийсаз а ма де Ахьа тхо –
«Я хьоло а, я кIентарша а цхьанне а пайда ца бечу. Бехдазачу (цIеначу) дагца АллахIана хьалха хIоьттинчунна бен» («аш-ШуIараъ»: 88-89).
Я АллахI! Сийсаз ма де Ахьа тхо, юьхьIаьржа а ма хIиттаде Ахьа тхо - лелийнарг таьптарш тIехь д1адаржочу дийнахь, терзанаш дIахIитточу дийнахь.
Я АллахI! Сийсаз ма де Ахьа тхо - лелийнарг таьптарш тIехь дIадаржочу дийнахь, терзанаш дIахIитточу дийнахь.
«Тхан дела! Гечдехьа тхуна а, тхан вежаршна а, тхол хьалха иман диллина хиллачу! ХьагI а ма кхолла ялийта Ахьа тхан дегнашкахь, иман диллиначаьрга. Тхан Дела! Боккъалаъ, Хьо – къинхетаме а, къинхетам беш а ву-кха» («ал-Хьашр»: 10).
«Тхан Дела! Хьуна цхьанна тIебуьллу оха болх. Хьоьга цхьаьнга доьрзу тхо. Хьоьга ю-кха тхан доьрзийла а. Тхан Дела! Керстанашна питана ма де Ахьа тхоьх (тхуна тIехь тола ма бе Ахьа уьш – тIаккха шаьш бакъонна тIехь ду моьттар ду-кха царна). Тхан Дела! Гечдехьа тхуна. Хьо ма вай – Нуьцкъала, Хьикмате» («ал-Мумтахьинат»: 4-5).
Тхан дела! Хьоьга леткъа йо оха тхайн гIайгIа а, бала а. Хьоьга далхадо оха тхайн ницкъан гIийлалла, тхайн хIилланан кIезгалла, наха тхайна гIелояр, ХIай Къинхетаме верг! Хьоьга леткъа до оха тхайн мостагIий хьерабевлла тхайна тIегIортар.
Я АллахI! Керста къаьмнаш тIехьаьлхина-кха тхуна - чохь юург йолучу бошхепана тIе гайшикаш ма-хьовххара.
Я АллахI! Тхаьш ма дита Ахьа тхо. Тхан ницкъах тешна а ма дита Ахьа тхо.
Я АллахI! Хьан къинхетаме сатуьйсу оха. БIаьрганегIар тухучу юкъанна а тхайх тешна ма дита Ахьа тхо.
ХIай даима дийна верг! ХIай даима волуш верг! Хьан къинхетам лоьхуш орца доху Хьоьга, доIа до оха Хьоьга - шен яьIна Хьуна муьтIахь йиначо деш долу, Хьуна хьаставеллачо деш долу, Хьан дуьхьа шен дог дуткъаделлачо деш долу, Хьан дуьхьа шен бIаьргаш хих дуьзначо деш долу: Ахьа тхайна гечдар доьхуш - тхайн къиношна а, оха тхайн балха тIехь мел диначу исрапна а.
«Хьан Дела - нуьцкъаллин Дела ву. ТIехцIена а, гена а ву И - цара Цунна тIехьарчочух (я кхуллучух, я харц дуьйцучух). Маршо ю элчанашна! Хастам бу АллахIана - Iаламийн Дела волучу» («ас-Саффат»: 180, 182).
Я АллахI! Къинхетам а, маршо а е Ахьа тхан пайхамарах Мухьаммадах, цуьнан доьзалах а, асхьабех а.
Гочдинарг: Турпалан к1ант Фарукъ