• Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
  • Сайт тIехь лахар
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Нохчийн Русский
 
 
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
  • Коьрта агIо
  • Тафсир
  • Хьадисаш
  • Сийрат
  • Фатва
  • Фикъхl
    • Хьадисан фикъхl
    • Шафиlин фикъхl
  • Дарсаш
  • Хьехамаш
    • ДоIанаш
    • Бераш кхиор
  • Жайнийн цIа
  • Iаьрбийн мотт
  • Видео
    • Дикачу нехан дийцарш — Берашна
    • Пайхамаран дийцарш — Берашна
    • Бусалбачу беран гIиллакхаш
    • Йалсаманца кхаъ баьккхинчу итт асхьабан дийцар
    • Пайхамарийн дийцарш
Опубликовано: 16 декабря 2008

Я АллахI! Тхоьх тIаьхьадуьссург а де Ахьа и, гIо де Ахьа тхуна – тхоьца мостагIалла лелочунна дуьхьал, тхан къинош бахьанехь тхуна тIе а ма таса Ахьа - Хьайх кхоьруш воцург а, тхоьца къинхетаме хир воцург а.

Я АллахI! Тхан бохам - тхан динехь ма хилийта Ахьа.

Я АллахI! Дуьне ма де Ахьа - тхан коьрта сингаттам, тхан Iилманан барам, тхан сатуьйсийлин чаккхе, доьрзийла - жоьжагIати а ма е Ахьа тхан.

Я АллахI! Тхан доьрзу меттиг ялсамани е Ахьа Хьайн къинхетмаца, ХIай къинхетаме верг!

Я АллахI! Гечде Ахьа тхуна хIокху буса, массарна а. Тхоьх вониш дикачеран новкъа баха Ахьа. Гечде Ахьа тхуна, Хьайн къинхетам а бе Ахьа тхоьх, ХIай къинхетаме верг!

Я АллахI! Хокху тхайн буса оха доьху Хьоьга Ахьа тхайна тIехь ца дитар: къа а - Айхьа гечданза, сингаттам а – Айхьа дIаайбанза, сакхт а – Айхьа хьулданза, декхар а – Айхьа дIатакханза, цомгашниг а – Айхьа дарба данза, велларг а – Айхьа къинхетам банза, тобадинарг а – Айхьа цуьнгара тоба къобалданза, тилларг а – Айхьа нийсачу новкъа нисванза, мостагI а – Айхьа сийсазванза, бала а – Айхьа дIабаккханза, дуьненан хьаштех хьашт а, Хьо реза а волуш, тхуна цуьнгахь дика а долуш долу – Ахьа тхуна и кхочушдарна тIехь гIоданза, Айхьа тхуна и атта данза Хьайн къинхетмаца, ХIай къинхетаме верг!

Я АллахI! Боккъалаъ, Гечдийриг ву Хьо, гечдар дезарг а ву Хьо, ткъа гечдехьа тхуна.

Я АллахI! Лайлатул-къадр буьйсанан йолах ма даха Ахьа тхо, ял хиллачарех де Ахьа тхо дерриге а.

Я АллахI! Цамгарех тоде Ахьа тхо, къинхетам бе Ахьа тхоьх. Хьайна муьтIахь хиларна тIехь гIоде Ахьа тхуна. Хьо воцучуьнах кхечуьнах тешадай ма дита Ахьа тхо. Хьайн къинхетам бе Ахьа тхоьх.

ХIай тхан Эла! Тхан тоба а къобул де Ахьа.

«Тхан Дела! Дика ло Ахьа тхуна хIокху дуьненахь а, эхартахь а‚ цIеран Iазапах а ларде Ахьа тхо» («ал-Бакъара»: 201).

Хьанал нахаца ялсамане дахийта Ахьа тхо, ХIай нуьцкъала верг, ХIай гечдеш верг, ХIай Iаламийн Дела!

ХIай Хьайга дехча - луш верг, гIодехча – гIодеш верг! ГIоде Ахьа тхуна - Хьо хьехорна тIехь а, Хьайна шукар дарна тIехь а, Хьайна хаза Iибадат дарна тIехь а.

Я АллахI! ХIокху сийлахьчу баттахь Айхьа жоьжагIатех хьалхабитиначарех де Ахьа тхо.

Я АллахI! Хьалхайита Ахьа - тхан вортанаш а, тхан дайн вортанаш а, тхан нанойн вортанаш а, тхан бусалба вежарийн, йижарийн вортанаш а Хьайн къинхетмаца, ХIай къинхетаме верг, ХIай Iаламийн Дела!

Я АллахI! Къобалде Ахьа тхан марханаш, тхан Iуьйкъахь гIиттарш, тхан буса дина Iибадаташ, тхан ламазаш. Айхьа Iамалш къобалйиначарех де Ахьа тхо, Айхьа Iамалш къобалъянза бухатоьхначарех ма де Ахьа тхо Хьайн къинхетамца, ХIай къинхетаме верг!

Я АллахI! Гечде Ахьа тхуна, могашалла а ло Ахьа тхуна. Хьо воцучуьнах тешна ма дита Ахьа тхо, Хьайн къинхетам а бе Ахьа тхоьх.

«Хьан Дела - нуьцкъала Дела, тIех цIена ву И цара тIекхуллучуьнах. Маршо хуьлда элчанашна! Хастам бу АллахIана - Iаламийн Дела волучу!» («ас-Саффат»: 180-182).

АллахIа къинхетам бойла Мухьаммадах, цуьнан доьзалах, цуьнан массо асхьабех.

Турпалан кIант Фарукъ

Тхан белхаш

Дешна девла жайнаш

© Исламан Нур - Свет Ислама 2026, Все права защищены. При копировании материалов ссылка на ресурс обязательна. Supported by 24soft