Набарха даьлча эра ду
«Алхьамду лиллáхIиллазú ахьйанá баIда мá амáтанá ва илайхIиннушýр».
«Хастам бу АллахIана - вай деллачул тIаьхьа дендина волучу. Цуьнга доьрзур долуш а ду вай».
ХIусам чу долуш эра ду
«БисмиллáхIи валажнá, ва бисмиллáхIи харажнá, ва Iалá роббинá таваккалнá».
«АллахIан цIарца чу а даьхки вай, АллахIан цIарца ара а девли вай, вайн Далла АллахIана тIе болх а буьллу вай».
ХIусамера ара долуш эра ду
«БисмиллáхIи, таваккалту IалаллáхIи, ва лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхI»
«АллахIан цIарца. АллахIана тIе болх билли аса. Ницкъ бац, гIора дац АллахIера бен».
Маьждиг чу долуш эра ду
«БисмиллáхIи, вассолáту вассалáму Iалá расýлиллáхIи. АллóхIуммафтахь лú абвáба рохьматик».
«АллахIан цIарца! (АллахIан) къинхетам а, маршо а хуьлда АллахIан элчанна. Я АллахI! Хьайн къинхетаман неIарш дIаелла Ахьа суна».
Маьждигера ара долуш эра ду
«БисмиллáхIи, вассолáту вассалáму Iалá расýлиллáхIи. АллóхIумма иннú асъалука мин фадлик».
«АллахIан цIарца! (АллахIан) Къинхетам а, маршо а хуьлда АллахIан элчанна. Я АллахI! Хьан къинхетам боьху Хьоьга».
Духар тIедухуш эра ду
«Алхьамду лиллáхIиллазú касáнú хIáзá ва разакъанúхIи мин гIайри хьавлин миннú ва лá къувватин».
«АллахIана хастам бу - хIара духар суна тIе доьхна волучу а, суна хIара делла волучу а, сан нуьцкъах а, гIорах а доцу».
ТIера духар дIадоккхуш эра ду
«БисмиллáхIиллазú лá илáхIа иллá хIува».
«И бен кхин Дела воцучу АллахIан цIарца».
Нишка доьдуш эра ду
«БисмиллáхIи, аллóхIумма иннú аIýзу бика миналхубуси валхабáиси».
«АллахIан цIарца! Я АллахI! Хьоьца ларло со боьршачу а, стечу а шайтIанех».
Нишкара ара долуш эра ду
«ГIуфрóнака».
«Гечдар доьху хьоьга, сан Дела!».
Малх схьакхеташ эра ду
«Асбахьнá ва асбахьал-мулку лиллáхIи, валхьамду лиллáхIи, лаилáхIа иллаллóхIу вахьдахIу лá шарúка лахIу, лахIул-мулку ва лахIул-хьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр».
«Iуьйренга девли вай. ХIокху Iуьйренан паччахьалла а ду АллахIан, АллахIана хастам бу. АллахI воцург, кхин дела вац! Ша цхьаъ ву И, накъост а вац Цуьнца. Паччахьалла а Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, массо хIуманна а тIехь ницкъ болуш а ву И».
Малх чубузуш эра ду
«Амсайнá ва амсал-мулку лиллáхIи, валхьамду лиллáхIи, лáилáхIа иллаллóхIу вахьдахIу лá шарúка лахIу, лахIул-мулку ва лахIул-хьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр».
«Суьйренга девли вай. ХIокху суьйренан паччахьалла а ду АллахIан, АллахIана хастам бу. АллахI воцург, кхин дела вац! Ша цхьаъ ву И, накъост а вац Цуьнца. Паччахьалла а Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, массо хIуманна а тIехь ницкъ болуш а ву И».
Ламаз оьцуш эра ду
Ламаз эца волавалале эра ду: «БисмиллáхI» («АллахIан цIарца»).
Ламаз эцна ваьлча эра ду:
«АшхIаду ан лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIу лá шарúка лахIу, ва ашхIаду анна Мухьаммадан IабдухIу ва расýлухI. АллóхIуммажIалнú минаттаввáбúна важIалнú минал мутатIаххIирúн».
«Аса тоьшалла до АллахI воцург кхин дела цахиларца. Ша цхьаъ ву И, Шеца накъост а воцуш. Аса юха а тоьшалла до Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а хиларца. Я АллахI! Тоба дечарех ве Ахьа со, цIано ечарех а ве Ахьа со».
Базара долуш эра ду
«ЛáилáхIа иллаллóхIу вахьдахIу лá шарúка лахIу, лахIулмулку ва лахIулхьамду, йухьйú ва йумúту ва хIува хьаййун лá йамýту, бийадихIил хайру ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр»
«АллахI воцург кхин Дела вац. Ша цхьаъ ву И, Цуьнца накъост а вац. Паччахьалла а Цуьнан ду, хастам а Цунна бу. Ден а во Цо, Iожалла а йо Цо. Ша дийна ву И, лийрволуш а вац. Цуьнан керахь ду ша-долу дика, массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш а ву И».
Бутт гича эра ду
«АллóхIу акбар! АллóхIумма ахIиллахIу Iалайнá бил амни, вал úмáни, вассалáмати вал ислáми, ваттавфúкъи лимá тухьиббу роббанá ва тардó. Роббунá ва роббукаллóхI».
«АллахI Воккха ву массо хIуманал! Я АллахI! Тхуна тIехула айбе Ахьа и. Тхуна кхерамазалла а, (цамгарех а, зенех а) маьршо а, Ислам а, иман а ло Ахьа. Тхан Дела, Хьайна дезарг а, Хьо резаверг а дан гIо а ло Ахьа тхуна. Тхан Дела а, хьан Дела а - АллахI ву».
ДогIа догIуш эра ду
«АллóхIумма соййибан нáфиIан».
«Я АллахI! Пайда бохьуш догIийла-кх хIара догIа!».
ХIума юуш эра ду
Юьххьехь «БисмиллáхIи» эра ду. Нагахь юьххьехь бисмилла ала вицвеллехь - эра ду: «БисмиллáхIи фú аввалихIи ва áхирихIи».
ХIума йиъна даьлча эра ду
«Алхьамду лиллáхIиллазú атI-Iаманú хIáзá, ва разакъанúхIи мин гIайри хьавлин миннú ва лá къуввахI».
«Хастам бу АллахIана - суна хIара яийна волучу, хIара сан рицкъа дина волучу, сан нуьцкъах а, гIорах а доцу».
Машен чу хууш эра ду
«БисмиллáхIи, алхьамду лиллáхIи, (Субхьáналлазú саххара ланá хIáзá ва мá куннá лахIý мукъринúна, ва иннá ила роббинá ламункъолибýн)».
«АллахIан цIарца! Хастам бу АллахIана! (Сийлахь (ЦIена) ву вайна хIара муьтIахь йинарг. Вайн ницкъ кхочур ма бацара и дан! Бакъдолуш, вешан Деле доьрзур долуш а ду вай»).
Балехь верг гича эра ду
«Алхьамду лиллáхIиллазú Iáфáнú миммабталáка бихIи, ва фаддаланú Iалá касирин мимман холакъо тафдúла».
«Хастам бу АллахIана - хьо лаьцна болучу баланах со хьалха витина волучу, Ша кхоьллиначу дуккха а кхолламашна хьалхахь дуккха а со гIолехь вина волучу».
Гуламан каппарат
«СубхьáнакаллóхIумма ва бихьамдика, ашхIаду аллá илáхIа иллá анта, астагIфирука ва атýбу илайка»
«Я АллахI! ЦIена ву Хьо, хастам а бу Хьуна! Аса тоьшалла до Хьо воцург кхин дела цахиларца. Хьоьгара гечдар а доьху аса. Хьоьца тоба а до аса».
Цомгаш хилча эра ду
«Иннá лиллáхIи ва иннá илайхIи рóжиIýн. АллóхIуммаъжурнú фú мусúбатú ва ахлиф лú хайран минхIá».
«Боккъалаъ, вай АллахIан (лайш) ду, вай Цуьнга доьрзур долуш а ду! Я АллахI! ХIокху бохамна дуьхьал ял ло Ахьа суна, хIокхуьнан метта диках дерг а ло Ахьа суна».
Хьоршам тоьхча эра ду
Хьоршам тоьхначо «Алхьамду лиллáхI» («Хастам бу АллахIана») эра ду.
И хезначо эра ду: «ЙархьамукаллóхI» («АллахIа къинхетам бойла хьоьх»).
Шега «ЙархьамукаллóхI» аьлча, хьоршам тоьхначо эра ду: «ЙахIдúкумуллóхIу ва йуслихь бáлакум» («АллахIа нийсачу новкъа нисдойла шу, шун хьал а тадойла Цо»).
Турпалан кIант Фарукъ