Бусалба динан дух - даггара пайдехь дерг хьехар а, диканиг довзийтар а, нахана диканиг лаар а ду. Цундела, аса цIеначу даггара хьехар до хьуна - ШарIан буха тIера схьаэцна долу Iуьйранна а, суьйранна а доккхуш долу хIара вирд хаддаза доккхуш лелорца. ХIунда аьлча, хьуна хIара вирд дIахIуттур ду - массо а вонах хьо ларвеш йолу гIап а хилла, массо зенех хьо хьалхавоккхуш йолу духьало а хилла, массо цатемах хьо Iалашвеш долу ога а хилла, массо гIайгIанех хьо кIелхьара воккхуш долу турс а хилла, массо питанех хьо ларвеш йолу маьршо а хилла. Массо бала хьуна байбеш собар а лур ду цо.
Муьлххачу бусалба стаге а, зудчуьнга а масех минотехь Iуьйранна а, суьйранна а даккхалур долуш ду хIара вирд. ХIара зуькарш доьшучу муьлххачу стагана а, зудчунна а – синтем а, паргIато а, зовкх а, там а, син кхача а, токхо а карор ю цаьргахь.
ХIара вирд доккхуш волучуьнан – дог доккхадедер ду, маьл-ял дебор ю, чолхе девлла гIуллакххаш цхьалха девра ду, белшашна дазделла маххьаш дайлур ду.
ХIара вирд доккхуш волучунна – хаддаза шен Дела дагчохь лаьттар ву, тIебазбелла бала дIаайлур бу, тIекхозаелла гIайгIа юхакхетар ю, даге син паргIато а хьодур ю.
ХIара вирд доккхуш волучуьнгара - синтем бацар дIадер ду, кхерам дIабер бу, гIайгIанах паргIат вер ву иза, бала а бицлур бу цуна, цатам хаалур бац, сингаттам а байлур бу цунна. Церан метта хийцалур ду – хазахетар а, воккхавевар а, гIадвахар а, кхерамзалла а, синтем а.
ХIара вирд доккхуш верг, и даккхар бахьана долуш, – Рохьманна герга хир ву, цуьнан мийзан терзанан диканаш узу кад базлур бу, генна гена даьккхина шайтIа дIа а эккхор ду цунах.
(وَلَذِكْرُ اللهِ أَكْبَرُ وَاللهُ يَعْلَمُ مَا تَصْنَعُونَ)
(АллахI хьехор – дуккха а ладаме (сов доккхаха) ду, АллахI хууш ву аша дийриг).
(وَالذَّاكِرِينَ اللهَ كَثِيراً وَالذَّاكِرَاتِ أَعَدَّ اللهُ لَهُمْ مَغْفِرَةً وَأَجْراً عَظِيماً)
(Кест-кестта АллахI хьехочу стегаршна а, зударшна а АллахIа гечдар а, сийлахь-доккха совгIат а кечдина).
Билгалдаккхар:
1. Даима хIара зуькарш дешар а, иштта муьлхха а кхин йолу дика Iамал яр а – Ислам-динехь ладаме бух лоруш бу. АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) уггаре дукхаха езаш хилла Iамал – юкъах а ца юьтуш, хаддаза еш ерг хилла, ша и Iамал кIеззиг бен яцахь а.
2. Iуьйранна доккхуш долучу вирдан хан сатесчахьана дIайолало. Нагахь муьлхха а и вирд доккхуш волу бусалба стаг я зуда мукъа цахилар бахьанехь, сатесначу хенахь и даккха йиш йоцуш биссина хиллехь, делкъан ламазан хан хиллалц йолучу юккъехь даккха йиш йолуш ду церан и вирд. ХIунда элча делкъанга кхаччалц йолу хан - дийнан юьхьиг а, дийнан хьалхара дакъа а лоруш ду. Суьйранна доккхуш долучу вирдан хан дIайолало малх гIушлакхера чубоьссиначул тIаьхьа, ткъа гIолехь а, диках а дерг - малхбузал тIаьхьа вирд даккхар ду. Суьйранна доккхучу вирдан хан дIавуьжучу хене кхаччалц яхлуш ю.
3. ХIара зуькарш дагахь хууш воцучо я хIинца а уьш дагахь Iаьмма даланза волучо - вайна хьалха долучу хIокху жимачу жайнин я муьлхха а зуькарш тIехь долучу кхечу жайнашна тIе а хьожуш дешарх дика хилар доцург вон хIумма а дац.
4. Вирд доккхучу хенахь доьшуш долу зуькарш сов кхачаме а, сов дуьззина а, сов йоле а, сов меле а хир ду - нагахь хIара зуькарш доьшуш волучо ламаз керахь а долуш, къилбехьа а вирзина, АллахIана хьаста а луш, дуьненан массо маьIIехула кхерсташ йолу ойланаш АллахIе а ерзийна, муьтIахьаллица АллахIана тIе а вирзина, долочу хенахь АллахIана хастам барна тIера дIа а долийна, дешна ваьлча чаккхенехь АллахIан элчанна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) салават а дуьллуш дешахь.
5. ХIара зуькарш шен доьзална а, шен гергарачарна а, шен лулахошна а, шен бусалба вежаршна а дIахьехар а, дIаIамор а - хIора бусалба стагана а, зудчунна а тIехь хьакъ а, декхар а ду. ХIунда аьлча хIора бусалба стаг декхарийлахь ву - шена хууш долу муьлхха а дика лоруш долу хIума кхечарна дIахьеха. Адам муьлхха а цхьана дикачу хIуманна тIедерзийначунна, цо тIедерзийначу оцу адамо и диканиг мосазза до а, - иза тIеверзийначунна а хуьлуш ю цо и дарна цунна хуьлуш йоллу ял.
Iуьйранна а, суьйранна доьшуш долу вирдан зуькарш
أَعُوذُ بِاللهِ السَّمِيعِ الْعَلِيمِ مِنَ الشَّيْطَانِ
Со ларло массо хIума Хезаш, массо хIума Хууш волучу АллахIаца - (Цо шех даьккхиначу) шайтIанах.
بِسْمِ اللهِ الرَّحْمَنِ الرَّحِيمِ
Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца!
Хастам бо вай АллахIана - Iаламийн Дела Ша волучу!
Делера къинхетам а, маршо а хуьлда АллахIан элча волучу Мухьаммадана а, цуьнан гергарачарна а, цуьнан асхьабашна а, табиIинашна а!
*****
1 - بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَنِ الرَّحِيمِ (قُلْ هُوَ اللَّهُ أَحَدٌ * اللَّهُ الصَّمَدُ * لَمْ يَلِدْ وَلَمْ يُولَدْ * وَلَمْ يَكُنْ لَهُ كُفُوًا أَحَدٌ).
(БисмиллáхIиррóхьмáниррóхьúм. Къул хIуваллóхIу ахьад. АллóхIуссомад. Лам йалид ва лам йýлад. Ва лам йакуллахIý куфуван ахьад) ]кхузза эра ду[.
(Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца! Ала: «И – АллахI - Цхьаъ ву, Шех тоам болу АллахI ву И. Цуьнах ваьлларг вац, Ша цхьаьннах а ваьлла вац И, Цуьнца нисвала хилла а вац цхьа а»).
*****
2 - بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَنِ الرَّحِيمِ (قُلْ أَعُوذُ بِرَبِّ الْفَلَقِ * مِنْ شَرِّ مَا خَلَقَ * وَمِنْ شَرِّ غَاسِقٍ إِذَا وَقَبَ * وَمِنْ شَرِّ النَّفَّاثَاتِ فِي الْعُقَدِ * وَمِنْ شَرِّ حَاسِدٍ إِذَا حَسَدَ)
(БисмиллáхIиррохьмáниррохьúм. Къул аIýзу бироббил фалакъ. Мин шарри мá холакъ. Ва мин шарри гIóсикъин изá вакъоб. Ва мин шаррин-наффáсáти фил-Iукъод. Ва мин шарри хьáсидин изá хьасад) ]кхузза эра ду[.
(Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца! Ала: «ГIо лоьху аса садаржочу Делехь, Цо кхоьллиначу вонах ларвала: боданан вонах - и булучу хенахь, бозбуунчийн вонах - шеддашна тIе хIуп бохучу, хьогIанчин вонах - цо хьагI лаьцначу хенахь»).
*****
3 - بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَنِ الرَّحِيمِ (قُلْ أَعُوذُ بِرَبِّ النَّاسِ * مَلِكِ النَّاسِ * إِلَهِ النَّاسِ * مِنْ شَرِّ الْوَسْوَاسِ الْخَنَّاسِ * الَّذِي يُوَسْوِسُ فِي صُدُورِ النَّاسِ * مِنَ الْجِنَّةِ وَالنَّاسِ)
(БисмиллáхIиррохьмáниррохьúм. Къул аIýзу бироббиннáс. Маликиннáс. ИлахIиннáс. Мин шаррил васвáсил-хоннáс. Аллази йувасвису фи судỳриннáс. Минал-джиннати ваннáс) ]кхузза эра ду[.
(Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца! Ала: «ГIо лоьху аса адамийн Элехь, адамийн Паччахьехь, адамийн Делехь, зуламе ойланаш а туьйсуш, [АллахI хьахочу хенахь] къайладолучуьнан вонах ларвала – Адамийн дегнаш тIе хIус дечу, жинех а, адамех а долучу»).
*****
4 - "حَسْبِيَ اللهُ لاإلهَ إلا هُوَ عَلَيْهِ تَوَكَّلْتُ وَهُوَ رَبُّ العَرْشِ العَظيم".
«ХьасбийаллóхIу, лáилáхIа иллá хIува, IалайхIи таваккалту, ва хIува роббул-Iаршил Iазúм» (ворхIазза эра ду).
«АллахI кхачаме ву суна. И воцург, кхин дела вац. Болх Цунна тIебилли аса. И – йоккхачу Iаршан Дела ву».
*****
5 - "بِسْمِ اللهِ الَّذِي لا يَضُرُّ مَعَ اسْمِهِ شَيْءٌ في الأرضِ ولا فِي السَّماءِ وَهُوَ السَّمِيعُ العليمُ".
«БисмиллáхIиллазú лá йадурру маIасмихIú шаъун филъарди, ва лá фиссамáи, вахIувассамúIул Iалúм» (кхузза эра ду).
«АллахIан цIарца - Шен цIарца гIолехча, лаьттахь а, стигалахь а долучу цхьана а хIумано зен ца деш волучу. И – Хезаш а, Хууш а ву».
*****
6 - "رَضِيتُ باللهِ رَبّاً، وَبِالإسْلامِ دِيناً، وَبِمُحَمَّدٍ صلى الله عليه وسلم نَبِيّاً".
«Родийту биллáхIи роббан, ва билислáми дúнан, ва бимухьаммадин соллаллóхIу IалайхIи ва саллама набиййан» (кхузза эра ду).
«АллахI сайн Дела хиларна а, Ислам сайн дин хиларна а, Мухьаммад (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сайн пайхамар хиларна а реза хили со».
*****
7 - "أَعُوذُ بِكَلِمَاتِ اللهِ التَّامَّاتِ مِنْ شَرِّ مَا خَلَقَ".
«АIýзу бикалимáтиллáхIит-тáммáти мин шарри мá холакъо» (кхузза эра ду).
«Со ларло АллахIан кхачамечу дешнашца - Цо кхоьллиначу массо хIуманийн вонах».
*****
8 - "أَصْبَحْنا على فِطْرَةِ الإسلامِ وَعَلَى كَلِمَةِ الإِخْلاَصِ وَعَلَى دِينِ نَبِيِّنَا مُحَمَّدٍ صَلَّى اللهُ عَلَيْهِ وَسَلَّمَ وَمِلَّةِ أَبِينَا إِبْراهِيمَ حَنِيفاً مُسْلِماً وَما كَانَ مِنَ المُشْرِكِين".
«Асбахьнá Iалá фитIротил ислáми, ва Iалá калиматил ихлáси, ва Iалá дúни набиййинá Мухьаммадин, соллаллóхIу IалайхIи васаллам, ва миллати абúнá ИбрóхIúма хьанúфан муслиман ва мá кáна минал мушрикúн» (цкъа эра ду).
«Вай Iуьйренга девлла бусалба динна тIехь, ихласан дашна тIехь, вайн пайхамаран Мухьаммадан (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) динна а, ИбрахIиман динна а тIехь - АллахIана муьтIахь а, бусалба а хилла волучу, АллахIаца нисвина накъост вечарех хилла воцучу».
Суьйренга ваьлча эра ду:
«Вай суьйренга девлла бусалба динна тIехь…».
*****
9 - "يا حَيُّ يَا قَيُّومُ بِرَحْمَتِكَ أسْتَغِيثُ، أَصْلِحْ لِي شَأْنِي كُلِّهُ، وَلا تَكِلْنِي إِلَي نَفْسِي طرْفَةَ عَيْنٍ".
«Я хьаййу, я къоййýму, бирохьматика астагIúсу, аслихь лú шаънú куллахIу, ва ла такилнú ила нафсú тIарфата Iайнин» (цкъа эра ду).
«ХIай, Дийна верг! ХIай, Даима верг! Хьан къинхетамца гIо лоьху аса. Сан дерриге гIуллакхаш суна нисде Ахьа. Со сайх цхьаннах тешна а ма вита Ахьа - бIаьрганегIар тухучу юкъанна а».
*****
10 - "اللَّهُمَّ مَا أَصْبَحَ بِي مِنْ نِعْمَةٍ أَوْ بِأَحَدٍ مِنْ خَلْقِكَ فَمِنْكَ وَحْدَكَ لاَ شَرِيكَ لَكَ ، فَلَكَ الْحَمْدُ وَلَكَ الشُّكْرُ".
«АллóхIумма мá асбахьа бú мин ниIматин ав биахьадин мин халкъика, фаминка вахьдака лá шарúка лака, фалакалхьамду ва лакашшукру» (цкъа эра ду).
«Я АллахI! ХIокху Iуьйранна суна кхаьчна долу ниIматан дакъа а я Ахьа кхоьллина долучу Хьан халкъанна кхаьчна долу ниIматан дакъа а - Хьоьгара цхьаьнгара ду. Цхьа а накъост вац Хьоьца. Хастам бу-кха Хьуна. Шукар а ду Хьуна».
*****
11 - "اللَّهُمَّ بِكَ أَصْبَحْنَا وَبِكَ أَمْسَيْنَا وَبِكَ نَحْيَا وَبِكَ نَمُوتُ وَإِلَيْكَ النُّشُورْ". وإذا أمسي قال: "اللَّهُمَّ بِكَ أَمْسَيْنَا، وَبِكَ أَصْبَحْنَا، وَبِكَ نَحْيَا، وَبِكَ نَمُوتَ، وَإِلَيْكَ الْمَصِيرْ".
«АллохIумма бика асбахьнá, ва бика амсайнá, ва бика нахьйá, ва бика намýту, ва илайканнушýр» (цкъа эра ду).
«Я АллахI! Хьан пурбанца Iуьйренга девли тхо. Хьан пурбанца суьйренга а довлу тхо. Хьан пурбанца даха а деха тхо. Хьан лаамца дала а ле тхо. Хьоьга ю тхан доьрзийла».
Суьйренга ваьлча эра ду:
«АллóхIумма бика амсайнá, ва бика асбахьнá, ва бика нахьйá, ва бика намýту, ва илайкалмасúр» (цкъа эра ду).
«Я АллахI! Хьан пурбанца суьйренга девли тхо. Хьан пурбанца Iуьйренга а довлу тхо. Хьан пурбанца даха а деха тхо. Хьан лаамца дала а ле тхо. Хьоьга ю тхан доьрзийла».
*****
12 - "أَصْبَحْنَا وَأَصْبَحَ الْمُلْكُ لِلهِ ، وَالْحَمْدُ لِلهِ، لاَ إِلَهَ إِلاَّ اللهُ وَحْدَهُ لاَ شَرِيكَ لَهُ، لَهُ الْمُلْكُ وَلَهُ الْحَمْدُ وَهُوَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ، رَبِّ أَسْأَلُكَ خَيْرَ مَا فِي هَذَا الْيَوْمِ وَخَيْرَ مَا بَعْدَهُ وَأَعُوذُ بِكَ مِنْ شَرِّ مَا فِي هَذَا الْيَوْمِ وَشَرِّ مَا بَعْدَهُ ربِّ أَعُوذُ بِكَ مِنَ الْكَسَلِ وَسُوءِ الْكِبَرِ، ربَّ أَعُوذُ بِكَ مِنْ عَذَابٍ فِي النَّارِ وَعَذَابٍ فِي الْقَبْرِ" . وَإِذَا أَمْسَي قَالَ: "أَمْسَيْنَا وَأَمْسَي الْمُلْكُ لِلهِ..."
«Асбахьнá ва асбахьал-мулку лиллáхIи, валхьамду лиллáхIи, лáилахIа иллаллóхIу вахьдахIу лá шарúка лахIу, лахIул-мулку ва лахIул-хьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр. Робби асъалука хойра мá фú хIáзал-йавми ва хойра мá баIдахIу, ва аIýзу бика мин шарри мá фú хIáзал-йавми ва шарри ма баIдахIу. Робби аIýзу бика минал-касали ва сýилкибари, Робби аIýзу бика мин Iазáбиннáри ва Iазáбил-къабри» (цкъа эра ду).
«Iуьйренга девли вай. ХIокху Iуьйренан паччахьалла а ду АллахIан, АллахIана хастам а бу. АллахI воцург, кхин дела вац. Ша цхьаъ ву И, накъост а вац Цуьнца. Паччахьалла а Цуьнан ду, хастам а Цунна бу, массо хIуманна а тIехь ницкъ болуш а ву И. Сан Дела! Аса Хьоьга доьху хIокху дийнахь долу дика а, хIокхул тIаьхьа хиндолу дика а. Со Хьоьца ларло хIокху дийнахь долучу вонах, хIокхул тIаьхьа хиндолучу вонах а. Сан Дела! Со Хьоьца ларло малонах, кураллин вонах. Сан Дела! Со Хьоьца ларло жоьжагIатин Iазапах а, кошан Iазапах а».
Суьйранна эра ду:
«Суьйренга девли вай» - «Iуьйренга девли вай» бохучух хийцина. Иштта «хIокху дийнахь долу дика» бохучух хийцина «хIокху буса долу дика» эра ду.
*****
13 - "اللَّهُمَّ أَنْتَ رَبِّي لاَ إِلَهَ إِلاَّ أَنْتَ خَلَقتني وَأَنَا عَبْدُكَ وَأَنَا عَلَى عَهْدِكَ وَوَعْدِكَ مَا اسْتَطَعْتُ وَأَعُوذُ بِكَ مِنْ شَرِّ مَا صَنَعْتُ أَبُوءُ لَكَ بِنِعْمَتِكَ عَلَىَّ وَأَبُوءُ بِذَنْبِي فَاغْفِرْ لِي فَإِنَّهُ لاَ يَغْفِرُ الذُّنُوبَ إِلاَّ أَنْتَ".
«АллóхIумма анта роббú, лá илáхIа иллá анта, халакътанú, ва ана Iабдука, ва ана Iалá IахIдика ва ваIдика мастатIаIту. АIýзу бика мин шарри мá санаIту, абýу лака биниIматика Iалаййа, ва абýу бизанбú, фагIфирлú, фаиннахIý лá йагIфируззунỳба иллá анта» (цкъа эра ду).
«Я АллахI! Хьо ву сан Дела. Хьо воцург, кхин дела вац. Ахьа кхоьллина со. Со Хьан лай ву. Сайн ницкъ кхачаран барамехь Хьан IахIданна а, ваIданна а тIехь ву со. Со ларло Хьоьца айса диначу вонах. Со къера ву Ахьа сайна диначу ниIматна. Со къера ву сайн къиношна а. Ткъа Ахьа гечдехьа суна. Боккъалаъ, къиношна гечдийриг Хьо бен вац-кха».
*****
14 - "اللَّهُمَّ إِنِّي أَصْبَحْتُ أُشْهِدُكَ وَأُشْهِدُ حَمَلَةَ عَرْشِكَ، وَمَلاَئِكَتَكَ، وَجَمِيعَ خَلْقِكَ، إِنَّكَ أَنْتَ اللهُ لاَإِلَهَ إِلاَّ أَنْتَ وَحْدَكَ لاَ شَرِيكَ لَكَ، وَأَنَّ مُحَمَّداً عَبْدُكَ وَرَسُولُكَ". [أربع مرات]، إذا أمسي قال: "اللَّهُمَّ إِنِّي أَمْسَيْتُ...".
«АллóхIумма иннú асбахьту ушхIидука, ва ушхIиду хьамалата Iаршика, ва малáикатака, ва жамúIа халкъика, аннака анталлóхIу лá илáхIа иллá анта вахьдака лá шарика лака, ва анна Мухьаммадан Iабдука ва расýлука» (доьазза эра ду).
«Я АллахI! Iуьйренга вели со - Хьо а теш волуш, Хьан Iарш лелош долу малекаш а тешаш долуш, ша доллу Хьан халкъ а, малекаш а тешаш долуш, со тоьшалла деш хиларна: «Хьо АллахI ву. Хьо воцург, кхин дела а вац. Хьо цхьаъ ву Хьо, Хьайца накъост а воцуш» - аьлла. «Мухьаммад Хьан лай а, элча а ву».
Суьйренга ваьлча эра ду:
«Я АллахI! Суьйренга вели со…».
*****
15 - " اللَّهُمَّ عَافِنِي فِي بَدَنِي، اللَّهُمَّ عَافِنِي فِي سَمْعِي، اللَّهُمَّ عَافِنِي فِي بَصَرِي، لاَ إِلَهَ إِلاَّ أَنْتَ، اللَّهُمَّ إِنِّي أَعُوذُ بِكَ مِنَ الْكُفْرِ، وَالْفَقْرِ، وَأَعُوذُ بِكَ مِنْ عَذَابِ الْقَبْرِ، لاَ إِلَهَ إِلاَّ أَنْتَ" [مرة واحدة].
«АллóхIумма Iáфинú фú баданú, АллóхIумма Iáфинú фú самIú, АллóхIумма Iáфинú фú басарú, лá илáхIа иллá анта. АллóхIумма иннú аIузу бика миналкуфри валфакъри, ва áIýзу бика мин Iазáбилкъабри, лá илáхIа иллá анта» (цкъа эра ду).
«Я АллахI! Суна сан дегIанна могашалла ло Ахьа. Я АллахI! Суна сайн хазарна могашалла ло Ахьа. Я АллахI! Суна сайн бIаьрсинна могашалла ло Ахьа. Хьо воцург, кхин дела вац. Я АллахI! Со ларло Хьоьца керстаналлех а, мискаллех а. Со ларло Хьоьца кошан Iазапах а. Хьо воцург, кхин дела вац».
*****
16 - "اللَّهُمَّ إنِّي أَسْأَلُكَ الْعَفْوَ وَالْعَافِيَةَ فِي دِينِي ودُنْيايَ وَأَهْلِي وَمَالِي، اللَّهُمَّ اسْتُرْ عَوْرَاتِي وَآمنْ رَوْعَاتِي، اللَّهُمَّ احْفَظْنِي مِنْ بَيْنِ يَدَيَّ وَمِنْ خَلْفِي وَعَنْ يَمِينِي وَعَنْ شِمالِي وَمِنْ فَوْقِي وَأَعُوذُ بِعَظَمَتِكَ أَنْ أُغْتالَ مِنْ تَحْتِي" [مرة واحدة].
«АллóхIумма иннú асъалукал Iафва вал Iáфийата фú динú, ва дунйáйа, ва ахIлú, ва малú. АллóхIуммастур Iавратú, ва áмин равIатú, АллóхIуммахьфазнú мин байни йадаййá, ва мин халфú, ва Iан йамúнú, ва Iан шимáлú ва мин фавкъú, ва áIýзу биIазаматика ан угIтáла мин тахьтú» (цкъа эра ду).
«Я АллахI! Аса гечдар доьху Хьоьга сан динехь а, сан дахарехь а, сан охIланна а, сан даьхнина беркат а доьху Хьоьга. Я АллахI! Сан (вон) къайленаш къайлаяха Ахьа, сан кхерамаш а суна кхерамазе бе Ахьа. Я АллахI! Со ларве Ахьа хьалха а, тIехьа а, аьтту агIор а, аьрру агIор а, тIехула а. Хьан воккхаллица ларло со Iехийна со цхьамма верах а».
*****
17 - "اللُّهُمَّ فَاطِرَ السَّمَوَاتِ وَالْأَرْضِ عَالِمَ الْغَيْبِ وَالشَّهَادَةِ، رَبَّ كُلِّ شَيْءٍ وَمَلِيكَهُ، أَشْهَدُ أَنْ لاَ إِلَهَ إِلاَّ أَنْتَ أَعُوذُ بِكَ مِنْ شَرِّ نَفْسِي، وَمِنْ شَرِّ الشَّيْطَانِ وَشِرْكِهِ، وَأَنْ اَقْتَرِفَ عَلَى نَفْسِي سُوءاً، أَوْ أَجُرَّهُ إِلَى مُسْلِمٍ" [مرة واحدة].
«АллóхIумма фатIыроссамáвáти валъарди, IáлималгIайби вашшахIáдати, робба кулли шайъин ва малúкахIу, ашхIаду аллá илáхIа иллá анта, аIýзу бика мин шарри нафсú, ва мин шарришшайтIóни ва ширкихIú, ва ан акътарифа Iалá нафсú сýан, ав ажуррахIу илá муслими» (цкъа эра ду).
«Я АллахI! ХIай, стигланаш а, латта а Кхоьллина верг! ХIай, къайлах дерг а, гучахь дерг а Хууш верг! ХIай, массо хIуманан Дела, массо хIуманан Паччахь! Аса тоьшалла до Хьо воцург кхин дела цахиларца. Хьоьгара гIо лоьху аса сайн син вонах ларвала. ШайтIанан вонах а, цуьнан ширках а ларло со Хьоьца. Аса айса сайна вониг дарах а я айса и кхечу бусалбанна дарах а ларло со Хьоьца».
*****
18 - "اللَّهُمَّ إِنِّي أَسْأَلُكَ عِلْماً نَافِعاً، وَرِزْقاً طَيِّباً، وَعَمَلاً مُتَقَبَّلاً " [إذا أصبح مرة واحدة].
«АллóхIумма иннú асъалука Iилман нáфиIан, ва ризкъан тIаййибан, ва Iамалан мутакъаббалан» (цкъа эра ду).
«Я АллахI! Аса доьху Хьоьга пайдехь долу Iилма а, цIена рицкъа а, къобал хин йолу Iамал а».
*****
19 - "أْصْبَحْنَا وَأَصْبَحَ الْمُلْكُ لِلهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ ، اللَّهُمَّ إِنِّي أَسْأَلُكَ خَيْرَ هَذَا الْيَوْمِ : فَتْحَهُ، وَنَصْرَهُ ،وَنُورَهُ، وَبَرَكَتَهُ، وَهُدَاهُ، وَأَعُوذُ بِكَ مِنْ شَرِّ مَا فِيهِ وَشَرِّ مَا بَعْدَهُ" وإذا أمسي قال: "أَمْسَيْنَا وَأَمْسَي الْمُلْكُ..." [مرة واحدة].
«Асбахьнá ва асбахьал-мулку лиллáхIи роббил Iаламийн. АллóхIумма иннú асъалука хойра хIáзал-йавми:фатхьахIу, ва насрахIу, ва нýрахIу, ва баракатухIу, ва хIудахIу, ва аIýзу бика мин шарри мá фúхIи ва шарри мá баIдахIу» (цкъа эра ду).
«Iуьйренга девли вай. ХIокху Iуьйренан паччахьалла а ду Iаламийн Дела волучу АллахIан. Я АллахI! Ас доьху Хьоьга хIокху дийнан дика: хIокхуьнан толам, хIокхуьнан гIо, хIокхуьнан нур, хIокхуьнан беркат, хIокхуьнан нийсо. Со Хьоьца лар а ло хIокхунна чохь долучу вонах, хIокхул тIаьхьа долучу вонах».
Суьйренга ваьлча эра ду:
«Амсайнá ва амсал мулку…» (цкъа эра ду).
«Суьйренга девли вай. ХIокху суьйренан паччахьалла …».
*****
20 - "سُبْحانَ الله وَبِحَمْدِهِ عَدَدَ خَلْقِهِ وَرِضا نَفْسِهِ وَزِنَةَ عَرْشِهِ وَمِدَادَ كَلِماتِهِ".
«СубхьáналлóхIи ва бихьамдихIи, Iадада холкъихIи, ва ридó нафсихIи, ва зината IаршихIи, ва мидáда калимáтихI» (кхузза эра ду).
«ЦIена ву АллахI, хастам а бу Цунна - Цо мел кхоьллина долучу хIуманан барамехь, И реза хиларан барамехь, Цуьнан Iаршан йозаллин барамехь, Цуьнан дешнийн дукхаллин барамехь».
*****
21 - "سُبْحَانَ اللهِ وَبِحَمْدِهِ" [مائة مرة].
«СубхьáналлóхIи ва бихьамдихI» (бIозза эра ду).
«ЦIена ву АллахI, хастам а бу Цунна!».
*****
22 – "لاَ إِلَهَ إِلاَّ اللهُ وَحْدَهُ لاَ شَرِيكَ لَهُ، لَهُ المُلْكُ وَلَهُ الحَمْدُ وَهُوَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ" [مرة واحدة] أو [عشر مرات] أو [مائة مرة].
«Лá илáхIа иллаллóхIу вахьдахIу лá шарúка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къадúр» (цкъа я иттазза, я бIозза эра ду).
«АллахI воцург, кхин дела вац. Ша цхьаъ ву И, Шеца накъост а воцуш. Пачччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу. Массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву И».
*****
سُبْحَانَ رَبِّكَ رَبِّ الْعِزَّةِ عَمَّا يَصِفُونَ وَسَلاَمٌ عَلَى الْمُرْسَلِينَ وَالْحَمْدُ لِلهِ رَبِّ الْعَالَمِينَ.
ЦIена ву хьан Сийлахь Дела - цара кхуллучу массо а харцонех. АллахIан маршо хуьлда элчанашна! Хастам бу АллахIана - Iаламийн Дела волучу!
(Вирдах дерг чекхдели)
Муьлххачу хьолехь ден доIанаш
"اللَّهُمَّ إِنِّي أَعُوذُ بِكَ مِنَ الْهَمِّ وَالْحَزَنِ ، وَالْعَجْزِ وَالْكَسَلِ وَالْبُخْلِ وَالْجُبْنِ ، وَضَلَعِ الدَّيْنِ وَغَلَبَةِ الرِّجَالِ".
"АллóхIумма иннú аIýзу бика минал хIамми валхьазани, валIажзи валкасали, валбухли валжубни, ва долаIиддайни, ва гIалабатиррижáл".
«Я АллахI! Боккъалаъ, Со ларло Хьоьца гIайгIанах а, сингаттамах а, гIорасизаллех а, малонах а, бIаьрмецигаллех а, осалаллех а, декхаран мохь базбаларх а, наха гIелоярх а».
"اللَّهُمَّ أَعِنِّي عَلَى ذِكْرِكَ وَشُكْرِكَ وَحُسْنِ عِبَادَتِكَ".
«АллóхIумма аIиннú Iалá зикрика ва шукрика ва хьусни Iибáдатик».
«Я АллахI! ГIо де Ахьа суна Хьо хьехон а, Хьайна шукар дан а, Хьайна хьакъ долучу кепара лолла дан а».
"رَبَّنَا آتِنَا فِي الدُّنْيَا حَسَنَةً، وَفِي الآخِرَةِ حَسَنَةً، وَقِنَا عَذَابَ النَّارِ".
«Роббанá áтина фиддунйá хьасанатан ва фил áхироти хьасанатан вакъинá Iазабаннáри».
«Я АллахI! Тхуна хIокху дуьненахь дика ло Ахьа, эхартахь дика ло Ахьа, тхо жоьжагIатин Iазапах лар а де Ахьа».
"اللهُمَّ إِنِّي أَسْأَلُكَ الْهُدَى وَالتُّقَى وَالْعَفَافَ وَالْغِنَى".
«АллóхIумма иннú асъалукал хIудá, ваттукъó, валIафáфа, валгIинá».
«Я АллахI! Боккъалаъ, аса йоьху Хьоьга нийсо (Iилма) а, (Хьоьх) кхерар а, деган цIано (дикалла) а, токхо а».
"اللَّهُمَّ إِنِّي أَسْأَلُكَ مُوجِبَاتِ رَحْمَتِكَ، وَعَزَائِمَ مَغْفِرَتكَ، وَالسَّلاَمَةَ مِنْ كُلِّ إِثْمٍ، وَالغَنِيمَةَ مِنْ كُلِّ بِرٍّ، وَالفَوْزَ بِالجَّنَّةِ، وَالنَّجَاةَ مِنَ النَّارِ".
«АллóхIумма, иннú асъалука мужибáти рохьматик, ва Iазáима магIфиротик, вассалáмата мин кулли исмин, валгIанúмата мин кулли биррин, валфовза билжаннати, ваннажáта минаннáри».
«Я АллахI! Бокккъалаъ, аса доьху Хьоьга: билггал Хьан къинхетам хинболу бахьанаш, билггал Хьан гечдар хиндолу бахьанаш, массо къинойх хьалхаваккхар, дерриге диканиг дебадар, ялсамани яккхар, жоьжагIатех кIелхьаравалар».
"اللَّهُمَّ اغْفِرْلِي وَارْحَمْنِي وَاهْدِنِي وَعاَفِنِي وَارْزُقْنِي".
«АллóхIуммагIфирлú, вархьамнú, вахIдинú, ваIáфинú, варзукънú».
«Я АллахI! Гечдехьа суна, къинхетам бехьа соьх, нийсачу новкъа нисвехьа со, кIелхьараваккхахьа со, Iар-дахаран (хене вала) рицкъа лохьа суна».
"اللَّهُمَّ مُصَرِّفَ القُلُوبِ صَرِّفْ قُلُوبَنَا عَلَى طَاعَتِكَ".
«АллóхIумма мусаррифал къулýби сарриф къулýбанá Iалá тIáIатик».
«Я АллахI! ХIай, дегнаш тIедерзош верг (цхьана хьолера кхечу хьоле хуьйцуш верг), тхан дегнаш Хьайна муьтIахь хиларна тIедерзаде Ахьа».
"يَا مُقَلِّبَ الْقُلُوبِ ثَبِّتْ قَلْبِي عَلَى دِينِكَ".
«Я мукъаллибал къулýби саббит къалбú Iалá дúник»
«ХIай, дегнаш (чуьра хьал) хуьйцуш верг, сан дог чIагIде Ахьа Хьайн динна тIехь».
"اللَّهُمَّ إِنِّي أَعُوذُ بِكَ مِنْ جَهْدِ الْبَلاَءِ وَدَرَكِ الشَّقَاءِ، وَسُوءِ الْقَضَاءِ وَشَمَاتَةِ الْأَعْدَاءِ".
«АллóхIумма иннú аIýзу бика мин жахIдилбалаи, ва даракишшакъáи, ва сýил къазáи, ва шамáтатил аIдáи»
«Я АллахI! Со ларло Хьоьца лалун йоцучу зиэран халонех а, бохамах а, вочу кхиэлах а, мостагIчуьнан кхардамах а».
"اللَّهُمَّ اهْدِنِي، وَسَدِّدْنِي".
«АллóхIуммахIдинú ва саддиднú».
«Я АллахI, нийсачу новкъа нисве Ахьа со, (массо хIумангахь а) нийса долучунна тIе а вига Ахьа со».
"اللَّهُمَّ اغْفِرْ لِي خَطِيئَتِي وَجَهْلِي وَإِسْرَافِي فِي أَمْرِي وَمَا أَنْتَ أَعْلَمُ بِهِ مِنِّي اللَّهُمَّ اغْفِرْ لِي جِدِّي وَهَزْلِي وَخَطَئِي وَعَمْدِي وَكُلُّ ذَلِكَ عِنْدِي اللَّهُمَّ اغْفِرْ لِي مَا قَدَّمْتُ وَمَا أَخَّرْتُ وَمَا أَسْرَرْتُ وَمَا أَعْلَنْتُ وَمَا أَنْتَ أَعْلَمُ بِهِ مِنِّي أَنْتَ الْمُقَدِّمُ وَأَنْتَ الْمُؤَخِّرُ وَأَنْتَ عَلَى كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ".
«АллóхIуммагIфирлú хатIыатú ва жахIлú, ва исрáфú фú амрú, ва мá Анта аIламу бихIи миннú! АллóхIуммагIфирлú жаддú ва хIазлú, ва хатIаú, ва Iамдú, ва куллу зáлика Iиндú! АллóхIуммагIфирлú мá къаддамту ва мá аххарту, ва мá асрарту ва мá аIланту, ва мá Анта аIламу бихIи миннú! Антал мукъаддиму, ва Антал муаххиру ва Анта Iалá кулли шайъин къадúр».
«Я АллахI, Гечде Ахьа суна сан къиношна а, сан жехIаллина а, сайн гIуллакхашкахь барамал тIех вийларна а, Хьайна суначул а диках хууш долучунна а! Я АллахI, гечде Ахьа суна забарна доцуш динарг а, забарна динарг а, гIалат ваьлла динарг а, ойла йолуш динарг а, хIунда аьлча и дерриге а соьгахь долуш ду! Я АллахI, гечде Ахьа суна аса хьалха диначунна а, хIинца а данза долучунна а, аса хьуламехь диначунна а, лечкъош доцуш диначунна а, Хьайна суначул а диках хууш долучунна а! Хьо ву – Хьалхатоттуш верг, Хьо ву – ТIаьхьатоттуш верг, массо хIуманна а ницкъ кхочуш а ву Хьо».
"اللَّهُمَّ إِنِّي أَعُوذُ بِكَ مِنْ زَوَالِ نِعْمَتِكَ، وَتَحَوُّلِ عَافِيَتِكَ، وَفُجَاءَةِ نِقْمَتِكَ، وَجَمِيعِ سَخَطِكَ".
«АллóхIумма иннú аIýзу бика мин завáли ниIматика, ва тахьаввули Iáфийатика, ва фужáати никъматика, ва жамúIи сахатIика».
«Я АллахI, боккъалаъ, Хьоьца ларло со хьан диканаш совцарх, Ахьа делла Хьан беркат (бохаме) хийцадаларх, цIеххьашха Хьан Iазап доссарх, Хьо оьгIаз вохуьйтуш долучу массо хIуманах».
"اللَّهُمَّ إِنِّي أَعُوذُ بِكَ مِنْ مُنْكَرَاتِ الأَخْلاَقِ، وَالأَعْمَالِ، وَالأَهْوَاءِ".
«АллóхъIумма иннú аIýзу бика мин мункарáтил ахлáкъи, вал аIмáли, вал ахIвáи».
«Я АллахI, Хьан гIоьнца ларло со бакъахьа доцучу гIиллакхех а, гIуллакхех а, дегIан (харц) лаамех а».
"اللَّهُمَّ أَلْهِمْنِي رُشْدِي، وَأَعِذْنِي مِنْ شَرِّ نَفْسِي".
«АллóхIумма алхIинмнú рушдú, ва аIизнú мин шарри нафсú».
«Я АллахI, дагчу нийса новкъа нисвалар таса Ахьа суна, сан сино хьоьгIучу вонах а Iалашве Ахьа со».
"اللَّهُمَّ إِنِّي أَعُوذُ بِكَ مِنَ الْبَرَصِ، وَالْجُنُونِ، وَالْجَذَامِ، وَسَيِّءِ الأَسْقَامِ".
«АллóхIумма иннú аIýзу бика минал бараси, вал жунýни, вал жазáми, ва саййиил аскъáми».
«Я АллахI, Хьан гIоьнца ларло со тIейолучу цамгарех, хьераваларх, кхин йолу халачу цамгарех а».
"اللَّهُمَّ اكْفِنِي بِحَلاَلِكَ عَنْ حَرَامِكَ، وَأَغْنِنِي بِفَضْلِكَ عَمَّنْ سِوَاكَ".
«АллóхIуммакфинú би хьалáлика Iан хьарáмика, ва агIнинú би фодлика Iамман сивáка».
«Я АллахI, Айхьа хьарам диначух ларве Ахьа со - Айхьа хьанал диначуьнан гIоьнца. Хьайн къинхетамца Хьо воцучуьнга хьаште хиларх хьалха а ваккха Ахьа со».
"اَلَّلهُمَّ أَصْلِحْ لِي دِينِي الَّذِي هُوَ عِصْمَةُ أَمْرِي، وَأَصْلِحْ لِي دُنْيَايَ الَّتِي فِيهَا مَعَاشِي، وَأَصْلِحْ لِي آخِرَتِي الَّتِي فِيهَا مَعَادِي، وَاجْعَلِ الْحَيَاةَ زِيَادَةً لِي فِي كُلِّ خَيْرٍ، وَاجْعَلِ الْمَوْتَ رَاحَةً لِي مِنْ كُلِّ شَرٍّ"
«АллóхIумма аслихь лú дúни аллáзú хIува Iисмату омрú, ва аслихь лú дунйáйаллатú фúхIá маIáшú, ва аслихь лú áхиротийаллатú фúхIá маIáди, важIалил хьайáта зийáдатан лú фú кулли хойр, важIалил мовта рáхьатан лú мин кулли шарр».
«Суна сан дин тоде Ахьа - сан (массо) гIуллаккхехь со ларвеш, суна гIо лоцуш долу. ХIара дуьне а тоде Ахьа суна – оцу чохь со вехаш долу. Сан эхарт а тоде Ахьа суна – сан воьрзийла долу. Сан дахар а де Ахьа суна - массо диканаш сов дохуш. Сан Iожалла а е Ахьа суна - массо вонах хьалхаволуш садоIийла хилла».
"اللَّهُمَّ لاَإِلَهَ إِلاَّ أَنْتَ سُبْحَانَكَ إِنِّي كُنْتُ مِنَ الظَّالِمِينَ".
«АллóхIумма лá илáхIа иллá анта, субхьáнака, иннú кунту миназзóлимúн».
«Я АллахI! Кхин дела вац, Хьо цхьаъ воцург! Хастам бу Хьуна! (ЦIена ву Хьо! Сийлахь ву Хьо!). Зуламхойх хили-кха со».
"أَسْتَغْفِرُ اللهَ الْعَظِيم الَّذِي لاَإِلَهَ إِلاَّ هُوَ الْحَيُّ الْقَيُّومَ وَأَتُوبُ إِلَيْهِ".
«АстагIфируллáхIал Iазúмаллазú лá илáхIа иллá хIувал хьаййул къоййýму ва атýбу илайхIи».
«Сийлахьчу АллахIе сайна гечдар доьху аса - И воцург, кхин Дела воцучу, дийна, даима волучу. Аса Цуьнга тоба а до».
"اللَّهُمَّ صَلِّ عَلَى مُحَمَّدٍ وَعَلَى آلِ مُحَمَّدٍ، كَمَا صَلَّيْتَ عَلَى إِبْرَاهِيمَ وَعَلَى آلِ إِبْرَاهِيمَ، إِنَّكَ حَمِيدٌ مَجِيدٌ، اللَّهُمَّ بَارِكْ عَلَى مُحَمَّدٍ وَعَلَى آلِ مُحَمَّدٍ، كَمَا بَارَكْتَ عَلَى إِبْرَاهِيمَ وَعَلَى آلِ إِبْرَاهِيمَ، إِنَّكَ حَمِيدٌ مَجِيدٌ".
«АллóхIумма солли Iалá Мухьаммадин, ва Iалá áли Мухьаммадин, камá соллайта Iалá ИбрóхIúма ва Iалá áли ИбрóхIúма, иннака Хьамúдун, Мажúд. АллóхIумма бáрик Iалá Мухьаммадин, ва Iалá áли Мухьаммадин, камá бáрокта Iалá ИбрóхIúма, ва Iалá áли ИбрóхIúма иннака Хьамúдун, Мажúд».
«Я АллахI! Къинхетам бе Ахьа Мухьаммадах а, Мухьаммадан доьзалах а - Айхьа ИбрахIимах а, ИбрахIиман доьзалах а къинхетам баре терра. Хьо ву - Хастамна хьакъ верг, Сийлахь верг. Я АллахI! Мухьаммадана а, Мухьаммадан доьзална а беркат де Ахьа - ИбрахIимана а, ИбрахIиман доьзална а Айхьа беркат даре терра. Хьо ву - Хастамна хьакъ верг, Сийлахь верг».
"سُبْحَانَكَ اللَّهُمَّ وَبِحَمْدِكَ، اَشْهَدُ أَنْ لاإِلَهَ إِلاَّ أَنْتَ، اَسْتَغْفِرُكَ وَأَتُوبُ إِلَيْكَ".
«СубхьáнакаллáхIумма ва бихьамдика, ашхIаду ан лá илáхIа иллá анта, астагIфирука ва атýбу илайка».
«Я АллахI! Сийлахь ву Хьо, хастам а Хьуна бу! Аса тоьшалла до кхин дела цахиларца, Хьо цхьаъ воцург. Хьоьга гечдар доьху аса, Хьоьга тоба а до аса».
* * * * *
Жайнин цIе: «Бусалба стеган а, зудчун а вирд».
Жайна яздинарг - Iаид бин IабдуллахI ал-Къараний.
Жайна нохчийн матте гочдинарг: Турпалан кIант Фарукъ.